13 шарахь лоллехь вацийна волу Бурятин вахархо маьршаваьккхина Нохчийчохь – волонтераша гIо дина цунна
Бурятерчу вахархочунна 50 шо долчу Бердников Андрейн аьтто баьлла Нохчийчохь 13 шарахь ша вацош лоллехь латтош хиларх маьршавала. РегIа долахь йолчу наха алапа луш ца хилла цунна, цул сов, йетташ хилла. "Альтернатива" боламерчу волонтераша гIо дина Бердноковна маьршавала а, республикера вада а. Бурятерчу вахархочо дийцина ма-хиллара, 2000-чу шерашкахь цуьнан СССР-н паспорт лачкъийра, хIетахь дуьйна кехаташ доцуш ву иза. 2011-чу шарахь Бердников вевзачо болх хьийхира цунна Къилбаселда Кавказехь, ишта нисвелира иза нохчийн Чернокозово эвлахь. Читать дальше...