Нохчийчоьнан вице-премьер хIоттийна Кадыровн нуц
Нохчийчуьра министрийн кабинетан вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийна Мацуев Висхан – мехкан урхалхочун йоккхаха йолу йоI йахнарг. Хьалхо бахаман, латтанан йукъаметтигийн министр вара иза. Кадыров Iайшат культурин министран даржехь йу. Шен нуц керлачу дарже хIотторах хаамбина Кадыровс телеграм-каналехь. Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу кхеташонехь иза хIоттор доьхуш вистхилира Хучиев Муслим, ткъа республикин куьйгалхо цунна тIетайра. Мацуев Висхана хуьйцур ву оцу даржера Кадыровн йишин кIант Закриев ИбрахIим (Якъуб) ... Читать дальше...