Доьзал кхуллуш ВИЧ-уьнан тестах чекхваккхар йукъадаккха хьийза ГIалгIайчохь
Керла доьзал кхуллучу хенахь цIийца имунно-дефициатан ун (ВИЧ) а, наркотикашца йоьзна хIума а йац аьлла, анализ йайтина лоьрашкара кехат доцуш там-мах бар дехка дагахь бу динан дайшца йукъахь гIалгIайн Iедалхой. Цунах лаьцна хаамбина "Интерфаксо" Малгобекан кIоштан администрацина тIетевжина. Оцу гIуллакхан инициатор ву къоман политикан министр Беков Ваха. Цо жоп делла, лоьраша делла кехат бакъ дуй хьожуш, Iедалхоша леррина толлур долуш ду аьлла. Динан дайша а, ГIалгIайчоьнан кхечу мехкашкара бахархоша а инициатива къобалйинчул тIаьхьа... Читать дальше...