Нохчийчуьрчу мухIажаршна муха гIо дора Биркин Джейна
Ше 77 шо долуш Парижехь кхелхина йишлакхархо, актириса Биркин Джейн. Нохчийчуьрчу тIамна дуьхьал хилла йу иза. Нохчийчуьрчу мухIажаршна шайх доглозург санна йевза иза.
Ше 77 шо долуш Парижехь кхелхина йишлакхархо, актириса Биркин Джейн. Нохчийчуьрчу тIамна дуьхьал хилла йу иза. Нохчийчуьрчу мухIажаршна шайх доглозург санна йевза иза.
Бусулба банкашна лерина Нохчийчохь а, Дагестанехь а экспериментан бакъонан раж йукъайалор йу – оцу кепара низаман проект тIеэцна Оьрсийчоьнан парламентехь кхоалгIачу, тIаьххьарчу йоьшийлехь. Оцу йукъанна документа тIехь исламан дин хьахийна дац – лелош термин йу "партнерийн ахчалаттор" аьлла. Низаман проектаца а догIуш, экспериментан бакъонан рожо лелош ду партнерийн ахчалатторехула долу гIуллакх. Оцу бухахь кхетош ду ахчанаш йукъалацар, займаш йалар, йохка-эцаран операцешна тIедиллина ахча далар... Читать дальше...
ЯнгулбаевгIеран вежарийн оппозиционерийн Нохчийчохь таIзар динчу ненан Мусаева Заремин могушаллин хьал эшна догIу. Цунах лаьцна дIахьедина "Iазапашна духьало латточу Командо", адвокатана Савин Александрна тIетовжуш. Кху беттан 17-чохь Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь цуьнца цхьанакхеттера иза. Мусаеван диабет йу шолгIачу кепера, хьалхо цо дийцинера шен настарш хаа ца ло шена, аьрру куьг даим лозуш ду, хIинца цу тIе кест-кеста мерах цIий эхар а доладелла аьлла. Стигалкъекъа-бутт йуккъе баьллачу хенахь дуьйна цIий оьху цуьнан мерах... Читать дальше...