Журналист Милашина Елена дарбан хIусамера шен цIайирзина, Нохчийчохь тIелатар диначул тIаьхьа
Нохчийчохь къиза тIелатар диначул тIаьхьа "Новая газетин" журналист Милашина Елена Москохарчу дарбан хIусамера шен цIайирзина, цунах лаьцна дийцина "Эхо Москвы" зорбанан хиллачу коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс. Цо бахарехь, журналист лоьрийн Iуналлехь хир йу кхин дIа а. Лоьраша билгалдаьккхина, 14 меттигехь куьйгийн тIехкаш кегйина хилар, коьртан хье чоьхьара лазийна хилар, кIедачу дилхана чевнаш йина хилар а. Хьалхо дарбан хIусамера цIаверзийра адвокат Немов Александр. Уьрсаца йина чов йара цуьнан... Читать дальше...