Мы в Telegram
Добавить новость
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2020
7
8

Новости за 02.03.2020

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (02.03.2020)

Коронавирус яржар, ловзаргахь герз деттар, Асадан кеманаш дохор, депутато бусулба дин тIеэцар (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Карарчу беттан 5-чохь Шемара хьал дийцаредийр ду Путина а, ЭрдогIана а

Шеман къилбаседа-малхбузерчу хьолах дийца карарчу-беттан 5-чохь Путин Владимир а, ЭрдогIан Реджеп а цхьанакхеташ хилар тIечIагIдина Кремло а, туркойн президентан администрацино а. Масийтта де а ду, Оьрсийчоьно гIо латточу Шеман президентан ницкъашна дуьхьал туркойн эскарша тIемаш дIахьон. Шемарчу Идлибера тIом сацош, шаьшиннан барт хир бу аьлла, дегайовхо хиларх дIахьедина Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа. Исс шаре яхъеллачу Шеман конфликтехь Оьрсийчоь Асадна тIехIоьттина ю, ткъа Туркойчоь царна дуьхьал йолчу оппозицин тобанашкахьа ю.

Radiomarsho.com 

Уггар а кIезиг доьзалш кхуллу ГIалгIайчохь

ДIадахначу шарахь Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а кIезиг доьзалш кхоьллина ГIалгIайчохь аьлла, хаамбина "Российская газета" хьостано. Дийнна цхьана шерачохь эзар бахархошлахь къастийча, 3, 9 хIусам бен яц кхоьллинарг. Ишта оцу тептаран могIарехь нисъелла Ленинград (4,1) а, Дагестан а, Къилба-ХIирийчоь а (4, 5), Кхарачойн-Чергазийчоь а (4, 6). Алсам нускалш далийна, маре а ихина аьлла, билгалъяьккхина Санкт-Петербург а (8, 7), Севастополь а, Камчатка а.

Radiomarsho.com 

Молханаш мийлина кегийрхой лецна хилла Куьршалахь

Психотропан молханаш а мийлина, нахана юкъахь корта а бахийна, лелаш бара аьлла, лецна балийначу меттигерчу бахархошца профилактикан къамел дина Куьршала кIоштарчу полицин декъан куьйгалхочо Агуев Рустама. ХIара тайпа ледарлонаш йилийтар нохчашна юкъахь могуьйтур долуш хIума дац, "терроризм" санна зулам хиларна аьлла, шен къамелехь полисхойн хьаькамо. "Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, нохчийн куьйгалхо а схьаваьллачу кIоштахь" цу тайпа хIуманаш леладойтур дац аьлла, билгалдаьккхина полицин декъан куьйгалхочо.

Radiomarsho.com 

СаIуда Iаьрбийчоьно дихкина Мекка а, Медине а вар

Коронавирусан ун даржар бахьана долуш, Чиллан-беттан 27-чохь дуьйна Iумрате боьлхучу нахана дихкина ду Мекка а, Медине а баха. Ишта СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедало шайн махка буьтур бац, вирус яьржинчу пачхьалкхашкара туристаш: Китайра а, Японера а, Сингапурера а, Къилба-Корейра а, Малайзера а, Италера а, Казахстанера а.

Radiomarsho.com 

Филиппинехь 30 стаг йийсаре лаьцна йоккхачу туьканахь

Филлипинийн шахьарахь Манилехь йохка-эцаран туьканахь герзаца волчу стага йийсаре лаьцна латтош ву 30 гергга стаг, хаамбо Manila Times газетано. Мел лахара а, цхьана стагана чевнаш йина, цигахь голаьцна полисхойн спецназ а ю. Центран хилла хадархо Парай Арчи ву иза бохуш, хаамбо Philippine Daily Inquirer газетано. Герз ду цуьнгахь, ишта шегахь граната а ю аьлла, дIахьедина цо. Дукха хан йоццуш балхара дIаваьккхинера иза. ГIалин мэро Замора Фрэнсиса бахарехь, шегахьа довла бохуш, шеца болх беш хиллачу накъосташка баьхна хиллера Парайс... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ша шена тапча тоьхна Хабаровскерчу полицин майора

Бехкзуламан гIуллакхаш толлучу Хабаровскерчу полисхойн декъан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу хьаькамо ша шена тIе куьйг даьхьна белхан кабинет чохь, яздо "Новости" агенталло. КIиран суьранна хилла ю инцидент. "Герз латточу гIишлочуьра шен табелан тапча схьа а эцна, шен кабинет чу а вахна, ша шена тоьхна майора", - яздо  DVhab.ru хьостано. Веллачу эпсаран хьокъехь талламаш болийна аьлла, дIахьедина Хабаровскан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакхочо Щеголева Иринас.

Radiomarsho.com 

"Ницкъбар халонга доккхуш тутмакхашка дагна Ӏаьткъарг дуьйцу набахтхоша церан динах а, къомах а лаьцна"

ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Муртазалиева Зараъ   Мордовехь №5 УФСИН колонехь тутмакхийн тобано шен блокехь бунт айира Чиллан-беттан 14-чу буса. Адвоката Ашимов Марата дийцарехь, цу колонин хьаькамо Трофимов Валерийс шен кхерамазаллехула волчу гIовсаца цхьаьна буьйсан юккъехь шен кабинета чувигира тутмакхехь цхьаъ – Баканиев ИбраьхIим. Бунтан юкъахь дакъалаьцна, бохуш етташ а, сийсаз веш а маситта сохьтехь хьийзийра иза цу шиммо.   Колонин хьаькамо а, цуьнан гIовсо а кхерамаш тийсина Баканиевна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIалахь - «Honk Fest»

Соьлжа-ГIаларчу коьрта майданахь рогIера «Honk Fest» фестивал дIаяьхьира дахначу шоьтадийнахь. Хьонкаца кечбинчу тайп-тайпанчу кхачанийн чам баккхийтира Нохчийчуьрчу ялх кIоштано а, гоьяьллачу 7 ресторано а. Хьонкан чам баьккхира Маршо Радион корреспонденто а.

Radiomarsho.com 

Идлибехь Асадан ши кема дохийна Туркойчоьно

Шеман пачхьалкхан ши кема дохийна кIирандийнахь къилбаседа-малхбузерчу Идлиб провинцехь туркойн эскарша. Президентан Асад Башаран эскаршна а, Туркойчоьно гIо латточу оппозицина а юкъахь тIемаш бу цигахь дIабоьлхуш. Туркойчоьнан тIеман министралло бина и хаам. Асадан ницкъийн Су-24 олу ши кема ду дохийнарг, дийцарехь.   "Туркойн кеманаш дохо гIертачу заманчохь" чудаийтина Шеман ши кема аьлла ю информаци. SANA агенталло хаамбо, шина а кеманаш чуьра пилоташ парашюташца чукхийсабелла, кIелхьарбевлла аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь нускал далош герз кхийсар толлуш ду

ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан пресс-гIуллакххоша бинчу хаамца, нускал далочу хенахь машенийн коврана юкъахь герз кхийсар талла долийна, яздо "Кавказский узел" агенталло. "Къастош ду оцу инцидентех лаьцна, тешаш а, бехкенаш а схьалохуш. Талламо деллачу жамIашка хьаьжжина сацамбийр бу", - аьлла яздина ду, министраллан инстаграмерчу аккаунтехь еллачу информацехь. Билгал ца даьккхина, маца, стенгахь хилла . юьйцу инцидент. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2012-чу шарахь дуьйна дихкина ду Нохчийчохь зуда ялош а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ХIун хила мега ГIалгIайчуьрчу инвестпроектех?

ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Саламова Елена "Дагестан кхиоран корпорацино" пошме зийначо цхьана а хIуманна ца Iамийна ГIалгIайчуьра накъостий   ГIалгIайчохь дукха хан йоццуш хаам бинера керла инвестицийн ши проект кхочуш ян ларам бу шайн аьлла. Царах цхьаъ ю Оьрсийчоьнан Къилбехь дуьххьарлера берийн подгузникаш йон завод. Цуьнан мах бу 750 миллион сом. ШолгIа проект ю Китайхь а, Нидерландашкахь а йохка нехча а, кхин долу шурин сурсаташ кечдон завод (иза ян мел ахча оьшур ду цкъачунна хьахийна дац). Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Уфарчу депутато Романчева Юлияс бусулба дин тIеэцна (+видео)

Уфа гIалин депутато, бизнесхочо, "Диет-групп 2009" дуьххьара юкъаяьллачу аутсоринган компанин директоро Романчева Юлияс бусулба дин тIеэцна, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Нохчийчуьрчу Динан урхаллехь, муфтий Межив Салахь юкъахь а волуш, вовшахкхеттачу тобана хьалха шахIадат а далийна, Амалия цIе къобалйина Романчевас. "Исламан динан хазаллех а, цIоналлех а дуьйцуш хезна дац Юлия Николаевнина, иза кест-кеста кхочу Нохчийчу. Дукхаезаш а, лоруш а стаг ю иза кхузахь, цо ден мехала гIуллакхаш бахьана долуш"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Коронавирусан ун даьлла 3 эзар сов стагна

Дуьненчохь коронавирусах ун даьлла 88232 стагна, хаамбо South China Morning Post газетано. 3044 ву цунах велларг. Китайн пачхьалкхан могушалла Iалашъяран комитетан зерашца, яхначу буса цу махкахь 42 вахархо велла, 202 стагах лазар кхетта. Карладоккху, дахначу шеран ГIуран-баттахь дуьххьара хааелира коронавирусан керла тип гучуяларх. Кху деношкахь коронавирусах ун дIасадаьржина Эрмалойчохь а, Люксембургехь а, Ирландехь а, Эквадорехь а, Доминиканехь а. 60 пачхьалкхехь яьржина керла вирус. Дуьненаюкъарчу... Читать дальше...


Кирби: США не видят угрозы в визите российских кораблей на Кубу

Что тебе спица. Как гениальный врач Илизаров изменил костную хирургию

Красноярский музыкальный театр представил проект театральной экосистемы будущего

Смертельная ревность. Что известно об «убийце с автоматом»



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Москве автозак с людьми перевернулся на дороге

Главным тренером ВК «Заречье-Одинцово» стал Константин Ушаков

Что тебе спица. Как гениальный врач Илизаров изменил костную хирургию

Два человека пострадали в ДТП с автозаком в Москве

Музыкальные новости

Пушинка из Космоса спасёт либо снесёт США? Научные важные данные. Проект «Святой Ленин».

Агент Орещук допустил, что Смолов перейдет в ЦСКА

Дети-артисты соберутся в финальных играх в Бурятии на Алтан Баг - Театр, Новости и Культура, Дети, Россия

Карьера пошла в горы: почему Путин отправил Турчака в Республику Алтай

Новости России

7 июня: какой сегодня праздник, что было в этот день

Сбер поможет в развитии промышленного потенциала Подмосковья

Разложившиеся останки человека нашли в водоеме в Новой Москве

Жители Балашихи приняли участие в конкурсе «Лучший подъезд Подмосковья»

Экология в России и мире

Это вовсе не только Питер: названы 15 городов России, куда можно поехать на белые ночи

Джомба, суттуг шай, кучу и другими видами чая в регионах России могут насладиться российские туристы

Бурятский Театр кукол Ульгэр в Улан-Улан-Удэ показал в Этнографическом музее народов Забайкалья перед детьми и родителями в семейный праздник сказку Колобок - Новости и Культура, Дети и Россия

Как избежать больших проблем при одиночном путешествии: туристкам дали важные советы по безопасности

Спорт в России и мире

«Он никогда не снимается с турниров». Циципас прокомментировал травму Джоковича

Елена Рыбакина добилась впечатляющего достижения

Джокович — о травме: На данный момент, вроде все нормально, но я не знаю, что будет утром

Джокович снялся с Открытого чемпионата Франции по теннису

Moscow.media

Делу время – ремонту срок. Эксперты обсудили, как ускорить ремонт после ДТП

BIA Technologies стала лидером рынка цифровых решений в сфере логистики

За один день работники Уссурийского ЛРЗ и их дети выполнили сменно-суточное задание по ремонту 129 паровозиков

На Орловщине 8-летний мальчик опрокинулся на электросамокате







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *