Венера цхьалха террорхо, КадыровгIеран хобби, Несарара маьждиг
Венехь нах бойъуш лелларг ша цхьаъ хилла; "Кадыровс даккхий ахчанаш лора шен доьзалхойн аккаунташ яржорна"; БатIал-Хьажин мурдийн маьждиг даьгна ГIалгIайчохь
Венехь нах бойъуш лелларг ша цхьаъ хилла; "Кадыровс даккхий ахчанаш лора шен доьзалхойн аккаунташ яржорна"; БатIал-Хьажин мурдийн маьждиг даьгна ГIалгIайчохь
Сурхо-ХитIера (Несаран кIошт) жима маьждиг даьгна цкъачунна хууш доцчу бахьаница. Нахалахь БатIал-Хьажин мурдийн маьждиг олуш дара иза. Билгал ца даьлла, тоькан система галъялла я цхьамма дагийна маьждиг, амма зуламхо вийцинчунна 1 миллион сом кхайкхийна вирдан хьалханчас Белхороев Iисас – иза тешна ву маьждигна цIетесна хиларх. Кхушара аьхка бевзашбоцчара херх хаькхна дожийра маьждигна гергахь лаьттина, вирдан устаза БатIал-Хьаьжас дийна лоруш хилла дитт. Иза шаьш сийсаздеш дина ду аьлла хийтира мурдашна. Читать дальше...
Венехь кху деношкахь дина терроран тIелатар толлуш лецначарна юкъахь бу Оьрсийчуьра схьабевлла нах. Цунах лаьцна дIахьедина Австрин коьртачу гIалан полицин куьйгалхочо Пюрстль Герхарда.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан доьзало дакъалоцура социалан машанашкара шайн аккаунташ дIасаяржош, хIора аккаунт шорйийриг 400 эзар сом лора, аьлла журналистана Дудь Юрийна интервью луш Оьрсийчуьрчу кегийрхошлахь алссам вевзачу репера Моргенштерн Алишера. Цо дийцарехь, Кадыровн доьзалхошна шайнна лиина социалан машанашкахь реперо кхайкхийначу конкурсехь дакъа а лоцуш, спонсорш хила. Конкурсо кхойкхуш хилла нах Моргенштернан агIоне язбала, ткъа цхьана аккаунтан пиаран мах хилла 400 эзар сом. Читать дальше...
Францин президентан Макрон Эммануэлан политиканна дуьхьал лаьтташ бацарна Европерчу нохчашна ша бехкбуьллу аьлла Нохчийчуьрчу пачхьалкхан "Грозный" телеканалан директора Ахмадов Чингиза. Нохчийчуьрчу Iедало нахана гIело ярх, адамаш идорах лаьцна критика еш хуьлучу блогерна Ломаев Мусана критика ен видео а хIоттош Инстаграмерчу агIоне, цо боху, Европерчу нохчийн агIо ца лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалло бен. Европерчу нохчех цхьа дакъа "Францерчу Iедалехьа ду, иза я юьхьдуьххьал, я кхечу кепара бакъ а деш", - боху Ахмадовс. Читать дальше...
Оршотан сарахь, Лахьан-беттан 2-чохь, Венехь виъ стаг а вуьйш, герз детташ лелларг ша цхьаъ хилла, дIахьедина Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нехаммер Карла, хаам бо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Нехаммера бахарехь, шинарин дийнахь Австрин полицино 18-28 шераш долу 14 стаг лаьцна, уьш терроран тохаран декъахь хилар зуьйш. Австрин паспорташ хиларал сов, цаьргахь ду Бангладешан, Къилбаседа Македонин, Туркойчоьнан, Оьрсийчоьнан паспорташ. Братиславера болчу хаамца, Венехь зенаш динарг яхначу аьхка Словакехь герз эца гIиртина хилла. Читать дальше...