Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2018

Новости за 06.05.2018

Radiomarsho.com 

Жимачу кIантана ВИЧ-ун даларца доьзна бехктакхаман гIуллакх юхатоллур ду Нохчийчохь

Жимачу берана Соьлж-ГIаларчу дарбанан хIусамехь ВИЧ-ун далар юхатоллуш ду Нохчийчохь. Цу хьокъехь долийна хилла бехктакхаман гIуллакх талламхоша сацийнера, билггал бехкениг къасто аьтто бац аьлла. БархI шо хьалха Соьлж-ГIаларчу цхьана дарбанан хIусаме, пехаш шелделла хила мега аьлла шеко йолуш, валийна хиллера цхьа шо долу жима кIант. Талламхоша дийцарехь, дарба дан иза охьавиллина хилла ВИЧ-ун кхетта йолчу йоIаца. Кхин а 6 шо даьлча гучудаьлла и ун цунна а даьлла хилар. Талламахошна ца карийна бехкениг... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Украинин депутатах летта воьалгIа нохчи лаьцна Бакохахь

Азербайджанан  полицино Бакохахь лаьцна Украинин махкахо 29 шо долу нохчо Саитов Мохьмад-Эми. Иза лехаме веллера Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Цу стага тIелатар динера Оханан-беттан 30-чу дийнахь Киевехь Украинин депутатана Найем Мустафана аьлла, шеко йолуш бу Украинин талламхой. Цунах лаьцна хаам бина Украинин зорбанан гIирсаша, чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Аваков Арсенна тIе а тевжаш, хаам бо Кавказ.Реалиино. Болчу хаамца, хьалхо Найемана вевзина хилла шех летта волу Саитов Мохьмад-Эми. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Германина совгIатана Маркс Карлан статуя елла Китайн Iедалша

Германехь, коммунизман идеологи кхоьллинечерах цхьаъ волу Маркс Карл винчу гIалахь, Трирехь йоьза статуя схьайиллина цуьнан 200 шо кхачарна хьажийна. 2 тонн еза йолу иза совгIат ду Китайн Халкъан Республико Марксан юбилей хиларна Германина дина долу. 5 метр лекха йолу статуя дIахIоттийна Порта Нигра цIе йолчу Риман Империн хенара кевнаш лаьттачу майданахь. Цуьнан автор ву Китайра сурташдахкархо Вэйшан У. Полицино бинчу хаамца, Марксан статуя схьайоьллуш дакъалоцуш вара 3 эзар гергга вахархо а, 200 гергга лараме хьаша а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iамерко а, Евробарто а емалдина Оьрсийчохь маьрша акцийн декъашхой дIалецар

Цхьаьнатоьхначу Штаташа емалдина Оьрсийчохь дуьхьалонан акцийн бIеннаш декъашхой дIалецар. Iамерко дехар дина Оьрсийчоьне, хьем а ца беш, и нах дIахеца аьлла. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретаро Нойерт ХIизера твиттерехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь. Шаьш бакъонца хаьржина хиларх шеко йоцучу лидерша ца луьйцу маьршачу дуьхьалонан акце арабевлла шайн дуьхьалончаш, аьлла ду цу дIахьедарехь. Евробарто а емалдина демонстранташ дIалецар а, ницкъах пайда эцар а. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *