Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Май
2018

Новости за 13.05.2018

Radiomarsho.com 

Зарратан полигон дIаяккха лаам хиларна Пхеньянна баркалла аьлла Трампа

Iамеркан президенто Трамп Доналда баркалла аьлла Къилбаседа Корейна, оьгӀазло къинхетаме ерзор Iалашонан гIулч яккха лууш хиларна. Хьалхо Пхеньянан векалша элира Трампан а, Ким Чен Ын-ан а цхьаьнакхетар хилале шайн зарратан полигон дIаяккха дохка шаьш аьлла. "Баркалла, вуно хьекъале а, оьгӀазло къинхетаме ерзоран тамехь а ишар ю", - яздина Iамеркан президенто Твиттерехь Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь. Къилбаседа Корейн пачхьалкхан хаамийн агенталло бинчу хаамца, Пхеньяно шен зарратан герз... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн йоI йийна зуламхо лоьхуш ю Венин полици

Венерчу нохчийн доьзалера 7 шо кхаьчна йоI ерна бехке хила мега аьлла, цкъачунна лаьцна цхьа а стаг вац. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион корреспонденто. Цо дийцарехь, социалан машанашкахь цхьацца видеош яьржина цу зуламана гонаха. Иштта, дийцарехь, меттигерчу вахархочунна пIераскана сарахь 9 сахь долуш, бохам хиллачу меттехь, нехаш дIакхуьссучу бакана уллехь 40 шо хир долу стаг гина, цхьа тамашийна лелар долуш. Иза, гарехь, цигахь гена воцуш вехаш волчух тера ду. Цкъачунна и стаг мила ву а, зуламца уьйр йолуш ву-вац а хууш дац. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Венехь а, Парижехь а хиллачу бохамаша синтем байина Малхбузерчу нохчийн

ПIераскана сарахь яйна хилла нохчийн доьзалера 7 шо долу йоI йийна карийна. Пластикан тоьрмигана чохь цуьнан дакъа карийра полисхошна шоьтан Iуьйранна коммуналан белхахоша нехаш дIахьош цхьана контейнерна чохь. Хадижат цIе йолу йоI яйнера пIерскана дийнахь делкъалтIаьхьа. Сарахь 4 долуш иза ловзуш гинера Шпиттелау кIоштахь ша ехачу хIусамана гена доццуш йолчу паркехь. ТIаьхьо йоI цIа ца еача орца даьккхинера гергарчара. Социалан машанашкахь а даржийра йоьIан сурт а, иза лоьхуш хиларх лаьцна хаам а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Парижехь, цхьа стаг а вуьш, нахана тIелатар динарг Нохчийчохь вина хилла

Шоьтан сарахь Паржехь гIалана юккъехь Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийнарг Нохчийчохь вина хилла 1997-чу шарахь. Цунах лаьцна хаам бина кIиранан дийнахь Рейтер агенталло, меттигерчу кхеларчу хьастана тIе а тевжаш (муьлхачу къомах ву хьахош дац). Урс тоьхна стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо, хаам бо меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле и жима стаг ларийна цхьа стаг ве а, 4 лазо а. Рейтер агенталло бинчу хаамца, цуьнан да-нана лаьцна Францин полицино. И шиъ ледеш ду. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Карахь диг долчу стага тIелатар дина Парижехь Операна гергахь

BFM TV телеканало бинчу хаамца, цхьа стаг вийна 8 лазийна ву. ТIелетар динарг вийна полисхоша герз тоьхна, хаам бо Дуьненаюкъарчу францхойн радионо. AFP (Франспресс агенталла) агенталло дийцарехь, цхьа стаг урс тоьхна вийна зуламхочо, масийтта чевнаш йина ву. Цу стага диначуьнан бахьанаш хууш дац. Цхьаболчу хаамашца, иза ву Нохчийчуьра схьаваьлла 20 шо долу жима стаг.

Radiomarsho.com 

Тбилисерчу дуьхьалонан акцехь жоп доьху Iедалшка

Тбилисехь парламентана хьалха дуьхьалонан акцехь дакъалоцучу масийтта эзар стага емалдина полицино буьйсанна болх бечу клубашкахь лелийнарг. Наротикаш йохкарца къийсам латтош ду шаьш бохучу Iедашка хоьтту цара, хиллачуьнан бахьана дуьйцуш жоп ло шайна бохуш. Леррина операци дIаяьхьира гуьржийн полисхоша шоьтан буса буьйсанна болх бечу Тбилисерчу шина клубехь.   Полисхой чулилхинарш яра  Bassiani а, Gallery а цIе йолу Тбилиси гIалин юккъера ши клуб. ТIаьхьо чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дира... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *