Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2018

Новости за 31.05.2018

Radiomarsho.com 

Нахана юкъахь никъаб а, бурку а лелор дихкина Данехь

Данин парламенто нахана юкъахь юьхь лачкъо духар лелор дихкина. Юьйцург ю никъаб а, бурку а. Хьакхалуш дац иза гIемаш лелочу мотоциклистех. Ши бутт баьлча лелар долуш ду юкъадаьккхина низам. Иза цкъа дохийначунна 1 эзар Данин кронашкахь (160 гергга доллар) гIуда тухур ду. ШозлагIа а ца лардахь, 10 эзаре хьалабоккхур бу гIудан барам. Данин бахархоша лардина ца Iаш, тIеоьху туристаш а декхаре хир бу и низам лара. The Local Данин гIирсо яздарехь, полисхоша нуьцкъаша йохур яц юьхь лачкъийначеран коьртара хIуманаш, цаьрга шайн цIа гIо эр ду. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Iазап"-Центр

Бзаров Аслан Кхеле веъначу тешо дийцира ГIалгIайчуьрчу Экстремизмна духьалоечу центро муха латтадо нахана тIехь Iазап РогIера ладегIарш хилла Нальчикехь гIалгIайн ницкъхошна тIехь ечу кхелехь. Нах байарна а, хьийзорна а бехкебечарна дуьхьал тоьшалла деш ву 10 стаг – уьш шаьш а бу цаьргара Iазап лайна. Къайла а воккхий, хьийзаво Иштта элира Муцольгов Зеламхас, тешо. Цунна пхеа дийнахь-буса йиттина полисхочунна тIелеттарг ша ву алийта гIерташ. Кхелехь цо сурт хIоттийра нахана етта кечйинчу чоьнан. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Титиев Аюбан чохь йоккху хан дIаяхйина кхелахоша

Соьлжа-ГIаларчу кхело тIе ца дити меттигерчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокаташа чуделла дехар. Старопромыслан кIоштан суьдо дIаяьхьначу кхеташонехь адвокаташа дийхира, Титиев маьршаваккхар, иза лаьцна латтор бух боцуш ду аьлла. Титиевна ехна хан низаме, бух болуш ю аьлла, кхин а цхьана баттана а, исс денна а дIаяхйи кхелахоша иза чохь сацо тоьхна хан, яздо "Мемориало" шайн сайтехь. Дечкен -баттахь дуьйнна, марихуна яьккхина цуьнгара аьлла, полисхоша лаьцна латтош ву Титиев Аюб. Ша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iарбойн Эмираташкахь 10 шо кхайкхийна бакъонашларъярхочунна

Итт шо хан кхайкхийна Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташа бакъонашларъярхочунна Мовсар Ахьмадна. Социалан машанашкахь критика йора цо Iедалхошна. Меттигерчу зорбанашна тIе а тевжина хаамбо цунах Associated Press агенталло. Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн, Iедалхойн статус а, престиж а аьшнашъяр ду цунна бехкедиллинарг. Иштта 272 эзар доллар гIуда а хьарчийна цунах. Гергарчу Малхбалехула а, Къилба Африкехула а, Персийн аймехула а йолчу Human Rights Watch организацин декъашхо а ву Мовсар Ахьмад. Лакхарчу даржхойн сийдайина аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мадридан "Реал" юьтуш ю Зидана

2016-чу шарера схьа Мадридан "Реал" тобан коьрта тренер лаьттинчу Зидан Зинедина дуьтуш ду шен дарж. Еаридийнахь пресс-конференцехь бина цо и хаам. Хийцамаш беза шена, белхан керлачу методикех хьаьгна а ву ша аьлла цо, бахьанаш дуьйцуш. Зидан тренер волчу юкъанна "Реал" тобано кхозза Чемпионийн Лигехь толамаш бехира, иштта Испанин Чемпионатехь а цхьана. Дахначу шеран гурахь ФИФА-н The Best совгIат даьккхира цо "Шеран тоьлла тренер" номинацехь. Шен йоллу карьерехь дуьненчохь а дуьххьара тоьлла футболан ловзархо а, тренер а хилла Зидан.

Radiomarsho.com 

Iамерко керла санкцеш тоьхна гIажарошна

ГIажарийчоьнан 3 организацина а, 6 вахархочунна а дуьхьал Iамеркан финансийн министралло керла санкцеш яьхна аьлла, хаамбина урхалло шен сайтан агIон тIехь. Оцу юкъаралхоша а, бахархоша а адамийн бакъонаш талхийна. Санкцийн тептарехь ю "Ансар-э Хезболла" а, ТехIеранера "Эвин" набахте а, мобилан программаш юкъайоху, Iедало латто Hanista Programming Group компани а. "Ансар-э Хезболлы" кхо хьалханча а язвина тептаре, Iедалан коьртера кхо хьаькам а, гIажаройн пачхьалкхан IRIB телевизионан директор а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

БуьритIе: 14 доьзал ирчачу хьелашкахь беха школехь

Нохчийчуьра а, Гуьржийчуьра а мухIажирш, меттигера бахархой дIатарбелла БуьритIерачу Тарское юьртахь тесна лаьттачу школе. 14 доьзало хан токху я хи а, я газ а йоцчу чоьнаш чохь. Ур-атталла, документаш а дац дуккхахболучийн.

Radiomarsho.com 

Соьлжа - ГIалахь 47 цIа дийр ду аьлла шахьаран мэро

Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, Сбербанкан векалш а, инвесторш а юкъа а балош, Соьлжа-ГIалахь юхаденбан Iалашо ю Шериповн цIарах урам. Хинйолчу гIишлошъяран майданахь 47 дукхазза тIекIелдина цIенош хьалахIитто дагахь бу. Соьлжа-ГIалин мэро хаамбарехь, цхьа бутт байча белхаш дIаболор бу гIишлошъярхоша.

Radiomarsho.com 

Шена бойкот кхайкхийначаьрца марха даьстира Евкуровс

Ша динан жамаIатера дIавоккхуш кхайкхамбинчу муфтияте мархийн безачу баттахь бертахь хилар а доьхуш, шен хIусаме марха даста къаной а, Iеламчаш а кхайкхина кхаридийнахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Маршо Радионо яздира, ГIалгIайчуьрчу Iеламнехан а, ярташкарчу къанойн а кхеташонехь мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек шайн динан юкъараллах дIакъастош сацам тIеэцарх. Оцу сацамо доьхкура бусулбачарна Евкуровх хьакхалучу диканехь-вонехь а дакъалаца, хуьлда иза зудаялийна я стаг велла меттиг. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iилма Iехийна доктор

Къилбаседа Кавказера институташ, университеташ кхехкаш ю кисинарчу кехаташа бинчу "Iилманчех" Харц-диссертацеш, лечкъийна Iилман белхаш Iорабохучу "Диссернет" тобано. Цо гайтинчу плагиатийн могIарахь дуккха бу Къилбаседа Кавказера къуй-интеллектуалаш. Гучубаьхна юкъаралхоша шайгахь ю боху корматалла шайца йоцу "Iилманчаш" а, иштта, цхьацца Iилманчийн-докторийн кехаташ эцна политикаш а. Кавказехь дуккха бу дипломаш эцна нах "Доьшийлийн диссеропеди " и "Журналийн диссеропеди" цIе йолчу, дипломаш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Белгехь дина тIелатар даIишхоша шайна тIелаьцна

Белгин Льеж гIалахь шинаридийнахь дина тIелатар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. Исламхойн инернетера жигаралла шен тергонехь латточу SITE гIирсо бина и хаам. Льеж гIалахь шинаридийнахь герзаца тIелатар динчо кхо стаг вийра. Царех шиъ полисхо ву. Кхин а шина эпсарна чевнаш йира. ТIелатар динарг вийра полисхоша. Ша тIелатар дале кхиина иза 30 шо долу кхин цхьа стаг вен а. 36 шо долу Эрман Бенжамэн хиллера и зуламхо. Хьалхо кега-мерса зулам дина набахтехь хан яьккхина а хилла иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Уьрсаца тIелатар дина Германехь, шинна чевнаш йина

Германерчу Фленсбург гIалахь цIерпшот тIехь уьрсаца тIелетта мила ву ца хуу стаг. Шинна чевнаш йина цо, царех цхьаъ чолхечу хьолехь ву, хаамбо немцойн Bild газетано. ТIелатар динарг полисхоша герз тоьхна, вийна. ЦIерпошт кхаьчначу вокзалехь аьчган некъаш ханна къевлина. Цкъачунна хууш дац, мича бахьанашца дина тIелатар, талламаш дIахьош бу. Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хоуьйтуш дац, хиллий и зуламхо террорхойн тобанца воьзна.

Radiomarsho.com 

Герз лелорна ши шо хан тоьхна Гуьмсерчу вахарчочунна

Бакъо йоцуш герз а, цунан патармаш а лелорна бехкевинчу Гуьмса кIоштарчу вахархочунна набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийна. Талламчийн версица, ши бутт хьалха тапча а эцна, шеца лелош хилла цо. Бутт хьалха полисхоша рейдаш дIахьочу хенахь каравеана и стаг, дийцина "Кавказан узел" агенталле мехкан прокуратурехь. Кхааридийнахь Гуьмсерчу кхело ши шо дIакхайкхи цунна. Бинчу сацамна реза вацахь, гергарчу иттех дийнахь арз дан бакъо ю цуьнан.

Radiomarsho.com 

Террорхойн могIарш дузучарна дуьхьал къийсам боло дагахь ву Евкуров

Террорхойн тобанашна пропаганда ечарна а, вербовка лелочарна а дуьхьал къийсам латторхьама интернет - бIонаш кхолла Iалашо ю ГIалгIайчуьрчу Iедалхойн. Мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека бина и хаам. Цо бахарехь, терроран зуламашна дуьхьал профилактика ярхьама кечъеш ю цу кепара дружинаш. "Къаьсттина кегийрхой гуллучу социалан машанашкахь бан безаш бу цара и болх", - аьлла Евкуровс. Цунна хетарехь, динан Iилма довза кхианза кегийрхошна тIеIаткъам бо вербовка ечу наха, яздо "Керланаш" агенталло.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь 25 теракт юкъахдаьккхина полисхоша

Дахначу шарахь 25 терракт юкъахдаккха аьтто хилла полисхойн аьлла, дIахьедина Къоман антитерроран комиететехь (НАК). "Цхьана 2017-чу шарахь кечдечу муьрехь сацийна терроран кепера 68 зулам, иштта 25 теаркат а", - даладо ТАСС агенталло НАК-ан куьйгалхочун гIовсан Ковалев Алексейн дешнаш. Цо даредарца, 50 къайлах террорхойн тоба Iора а яьккхина цара, тIемалоша Iаткъам бинчу оцу групперчу 80 жимчу стеган пачхьалкхера арабовла аьтто а бохийна.

Radiomarsho.com 

Муха лецира Бабченко вен гIиртинарг

Журналист Бабченко Андрей вен гIортарна бехкехетарг дIалоцуш видео яржийра Украинан кхерамзаллин урхалло. СБУ-н куьйгалхочо Грицак Василийс дийцарехь, оьрсийчоьнан кхерамзаллин хьукматаш ю стаг вен гIортарна бехке. (СБУ-н видео)

Radiomarsho.com 

Набахтехь даккха 22 шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу вахархочунна

Къоман гвардин эскархо верна бехкевина меттигера вахархо Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Цо динчу тIелатарехь вийна ши бIаьхо.  2016-чу шарахь Къоман гвардин гIуллакхдархо а вийна, стохка герзаца динчу тIелатарехь ши эскархо вийна аьлла бехк хьарчийначу жимчу стеган гIуллакх кху Iай кхеле кхачийнера. Ницкъаллийн структурийн белхахочунна вен Iалашонца тIе куьйг дахьарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, лачкъорна а бехкевина набахтехь даккха 22 шо хан а кхайкхош, 300 эзар сом гIуда хьарчийна цунах аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу организацийн векалша емалдина Украинан Iедалш

Оьрсийчоьнан журналист Бабченко Аркадий вийна аьлла сурт хIотторна а, цуьнан кхолламах харц хаамаш баржорна а дуьненаюкъарчу организацеша емалдина Украинан Iедал. Украинан Iедалхоша журналистах харц хабарш дIасадаржорна новкъадеана ОБСЕ-н маршонан хеттаршкахула волчу векална Дезир Арлемна. "Пачхьалкхан декхар ду бакъ информаци дIакхачор юкъаралле", - яздина цо шен твиттерехь. Иза дийна вуй хиича, са даьккхира ша аьлла, тIе а тухуш. "Доза доцу репортераш" организацин инарла секретара Делуар Кристофа... Читать дальше...


Захарова: Россия осудила покушение на премьера Словакии Фицо

Программа наставничества приглашает наставников

Более 60 тысяч домов в Подмосковье газифицируют в этом году

Более 1,9 тыс территорий в Подмосковье проверили на чистоту



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Московский военный округ возглавил Сергей Кузовлев

Бердымухамедов в Казани пригласил Гергиева на гастроли в Туркменистан

Захарова пожелала скорейшего выздоровления Фицо и назвала его другом России

Собянин объявил о начале фестиваля «Московская A Cappella»

Музыкальные новости

Звезды спорта. Кто они такие и почему их так называют?

Таунхаусы в Подмосковье за год подорожали в среднем на 6% — до $258,9 тыс

Полезные приложения для поклонников спортивной ходьбы

Мультфильм «Пушистый вояж» выйдет в прокат при поддержке Детского радио

Новости России

Собянин объявил о начале фестиваля «Московская A Cappella»

Врио командующего войсками ЮВО назначен генерал-полковник Геннадий Анашкин

Московский военный округ возглавил Сергей Кузовлев

Приближение срока завершения действия программы льготной ипотеки с господдержкой до двух раз увеличила на нее спрос

Экология в России и мире

Большинство российских туристов к 2030 году пересядут на этот вид транспорта

Не чувствую руку: Доктор Кутушов рассказал к чему приводит частое онемение конечностей

Работники сервисного локомотивного депо (СЛД) «Чернышевск» филиала «Забайкальский» ООО «ЛокоТех-Сервис» заняли призовые места в соревнованиях Роспрофжел «Мы вместе»

Армяне России поддерживают движение «Тавуш во имя Родины»

Спорт в России и мире

Ангеліна Калініна поступилася восьмій ракетці світу Саккарі на турнірі WTA 1000 у Римі: результат

Медведев рассказал, как ударился головой перед матчем с Уиллисом на Уимблдоне в 2016 году

Теннисист Медведев может потерять свое место в рейтинге ATP

Свёнтек высказалась об акции протеста экоактивистов, выбежавших на корты Рима

Moscow.media

Сервер российского вендора DатаРу прошел сертификацию и показал рекордную производительность при работе с SAP HANA

Голосовой робот самостоятельно консультирует более 60% всех обращений граждан в ЕКЦ Минздрава Мурманской области

Патриотическую акцию «Синий платочек» провели в Нижнем Новгороде в день прибытия «Поезда Победы»

Краски севера IV







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *