Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2019

Новости за 03.05.2019

Radiomarsho.com 

Шоьтадийнахь лата кийча ву Бетербиев Артур

Дуьненаюкъарчу боксан федерацин (IBF) версица, дуьненан чемпионан Бетербиев Артуран рогIера латар хир ду Боснера схьаваьллачу Каладжич Радивойеца. Шен оппонентан таронех а олуш, нохчийн латархочо дийцина, ша кийча хиларх. "Со кийча ву оцу латарна. ТIехдика кечамаш а, спаррингаш а хилла сан. Каладжич Iаламат дика боксер ву, цу тIе сол а жимма лекха а ву дегIана. Муьлххачу латархочуьнца диканиг а, вуониг а хуьлуш ду. Иза леташ видеошка а хьоьвсина, дика кечамбина сан тобано. Латарал хьалха дукха дуьйцуш Iедал дац сан. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу регионашлахь уггар а ирсениг Соьлжа-ГIала ю аьлла

Шайн дахарх баккхийбечу гIаланийн тептарехь нисъелла Соьлжа-ГIала. Цу кепара рейтинг хIоттийна Оьрсийчоьнан Финансийн университетан эксперташа. Къаьсттина шайн дахар токхе хетарш беха Владивостокехь (87%), Томскехь (86%), Липецкехь, Оренбургехь (85 %), Череповецехь, Соьлжа-ГIалахь, Читахь а (84%). Дахаран хьелаш ледарчу хьолехь ду аьллачу гIаланийн рейтингехь ю БуритIе (63%), Хабаровск (69%), Воронеж, Петрозаводск, Ярославль (70%). Оьрсийчоьнан 250 эзар сов бахархой бехачу 78 гIаланашкахь дIаяьхьначу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Новозеландерчу маьждигехь лазийначех кхи цхьаъ а велла

Кху шеран Зазадоккху-беттан 15-чохь Новозеландерчу Крайстчерчан маьждигехь динчу тIелатарехь байинчийн терахь совдаьлла. Туркойчуьра вахархо Туран Зекерия велла цу терактехь йинчу чевнех аьлла, хаамбина Anadolu агенталло. Когах а, букъах а чевнаш йинера Туранна. Веллачун вашас дийцина агенталле, операци ечу заманчохь дIаиха доладелла цIий сацо аьтто ца хилла лоьрийн аьлла. "Цунна гIоле ю бохуш, самукъадаьллера тхан. 50 дийнахь къийсам латтий цо шен могушаллица. Оха а, лоьраша тхайн ницкъ берриг дира", - аьлла вашас. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маьрша Радио: дуккхаъчу мехкийн Iедалхой юкъагIерта журналистийн белхашна

Журналистийн балхана юкъа а гIерташ, церан кхерамзалла ца ларйо дуьненчуьрчу дуккхаъчу Iедалхоша аьлла, маьршачу зорбан денна леринчу шен дIахьедарехь Радио Свобода медиакорпорацин президентан декхарш кхочушдечу Синделар Дейзис. "Свобода Радионо иттанашкахь шерашкахь Iорадоккху кхерамаш лаьттачу мехкашкара хьал, атта хIума дац иза. Iедал адамца дера хьийзаро, журналисташна дуьхьал буьйлу зуламхой а таIзаре ца хIотторо йолчу тIе а йохайо журналистан бакъдерг дийца таронаш", - аьлла ду Синделаран дIахьедарехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ша зуда ядийна яц, "бусулба динехь маре йигина" аьлла гIалгIайн депутато

Ша зуда ядийна яц, "исламан динехь" маре йигина аьлла, дIахьедина ГIалгIайчуьрчу депутато, "Единая Россия" фракцин декъашхочо Дарсигов Мохьмада "Интерфакс" агенталле. "Тхайн динан ламасташца там-мах бина, ЗАЗС-ехь регистраци ца йойтуш", - аьлла парламентхочо. Маршо Радионо еаридийнахь яздира, "Интерфаксан" информацина тIе а тевжаш, ГIалгIайчоьнан депутато меттигера яхархо ядийна аьлла. Болчу хаамашца, ядийнарг хьалхо Малгобекан кIоштан дарбан цIийнан коьрта лор лаьттина ю, тIедогIучу кIирандийнахь цушинна ловзар хир долуш ду"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Карахь, "Хинкал – сан безам" плакат а долуш, гIур ву со кхеле

Филиппович Екатерина Гулам болабойла ца хилла дагестанхойн – ида дезна тIаьхьаяьллачу полицех "Хьалхарчу Майн демонстрацеш" дага а лоцуш, политиках хьакхалуш  йоцу лозунгаш а карахь , самукъанечу духаршца, "Монстраци" олу барамаш дIабаьхьира Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь кегийрхоша Стигалкъекъа-беттан" 1-чу дийнахь. Оцу боламах дIакхета гIоьртира Дагестанера жигархой а. Амма аьтто ца белира. 8 декъашхо лаьцна ХIинжа-ГIаларчу Монстрацехь. Царех ялханна кхело бехкедина бакъойоцчу гуламехь дакъалацар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Берийн бешахь жима кIант аьшнашвинарг бехказа йоху дайша а, наноша а

Краснодарерчу лоьмар 7 йолчу берийн беша лелачу цхьана беран дас "Говорит Москва" радиостанцига хаамбина, ша а, кхидолчу берийн дайша, наноша а кечъеш петици ю, кIант гора а хIоттийна, цуьнга лаьттах убанаш яха баьхначу куьйгалхочунна Мильнер Эммина тIехIуттуш аьлла.  Скандале яьлла зуда шен "балхана чу са диллина ю, берашна тIе аз айдинчу белхахошца дов а латтош" аьлла цо. Цунна хетарехь, оцу тобана юкъара кIант берийн кочаоьхуш хиларна, цо шен леларца оьгIазъяхийтина хилла иза. "Дукха проблемаш ю и кIант бахьана долуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кху беттан 6-чохь мархийн хьалхара де хила тарло аьлла муфтиято

Мехкан кIошташкарчу къедашца а, маьждигийн имамашца а, дешаран хьукматийн белхахошца а дIаяьхьначу кхеташонехь Нохчийчуьрчу Динан урхалло дIакхайкхийна мархийн хьалхара де кху беттан 6-чохь долалуш ду аьлла. Нагахь цхьана кепара хийцамаш хаалахь, хьалххе бахархошка дIахоуьйтур ду шаьш аьлла, тIе а тухуш. Иштта муфтийс Межиев Салахьа тIедиллина шен гIовсна, имамаша бечу балхана тIехь а, маьждигашкахь санитарин хьолана а тIехь терго латтор. Мархийн баттахь, хууш ма хиллара, яарца а, маларца а, леларца а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

23 шо даьллачул тIаьхьа Шелахь юха а дIахIоттийна танк

Толаман де гергакхочучу муьрехь Нохчийчуьрчу Шелахь дIахIоттийна Т-72 танк аьлла. хаамбина еаридийнахь шен официалан Telegram-каналехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Тахана схьайилли оха Т-72 танк Шелахь. Ведана а, Куьршала а, Соьлжа-ГIала а, Керла-АтагIа а, МахкатIе а воьдучу некъийн голатухучохь дIахIоттийна иза. Генара дуьйна бIаьрга лоцу и тIеман машен", - яздина Кадвровс. Цо билгалдаккхарехь, тIаьххьарчу шерашкахь кхиош яра Шела, социалан объекташ хьалаеш, карарчу хенахь индустрин блок и цигахь кхио юьхьарерзийна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Last.fm сервсисан сайтехь Муцураевн илли хиларна дIакъевлина агIо

Музыкалан Last.fm сервсисан сайтна доза тоьхна Роскомнадзоро. "Антизапрет.инфо" мониторинган порталан хаамца, байначу беттан 17-чохь дуьйна къевлина ю церан нохчийн бардан Муцураев Тимуран "Рай под тенью сабель" илли тIехь долу агIо. 2015-чу шарахь дуьйна кхело экстремистийн лерина ду билгалдаьккхина илли. Нохчийн гоьваьлла бард ву Муцураев Тимур. Цуьнан дукхахдолу иллеш динах а, Нохчийчохь хиллачу тIамех лаьцна а ду. Экстремистийн материалаш леринчу реестрехь ду цуьнан "Держись, Россия, мы идем"... Читать дальше...


Сколько пар поженились на фестивале «Дикая Мята» под Тулой

"Не доверяйте Китаю!": Правду о том, как запугивали людей в пандемию, раскрыли через 3 года

«Мирра Андреева ведет себя на корте не по годам взросло»

Российские спортсмены выиграли 38 золотых медалей в третий день игр БРИКС



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

"Не доверяйте Китаю!": Правду о том, как запугивали людей в пандемию, раскрыли через 3 года

Российские спортсмены выиграли 38 золотых медалей в третий день игр БРИКС

МОК не допустил до Олимпиады сильнейших борцов и тхэквондистов из России

Стало известно, как сейчас живут герои мема «Пацаны вообще ребята»

Музыкальные новости

Курорт «Горячинск» поддерживает «Балет на Байкале. Бурятия»

В Москве пройдет Форум социального предпринимательства

Совместное заявление участников круглого стола, приуроченного ко «Дню защиты прав безвинно осужденных»

В Пулково задерживаются шесть рейсов

Новости России

"Не доверяйте Китаю!": Правду о том, как запугивали людей в пандемию, раскрыли через 3 года

МОК не допустил до Олимпиады сильнейших борцов и тхэквондистов из России

травят изгоя писателя на районе даже менты тоже

В Москве произошло массовое отравление салатами из доставки

Экология в России и мире

Совместное заявление участников круглого стола, приуроченного ко «Дню защиты прав безвинно осужденных»

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

Сэкономить и оторваться с Angsana Velavaru

Назван российский город, откуда в Турцию срочно увеличивают число рейсов, впервые поставив широкофюзеляжный самолет Airbus 330

Спорт в России и мире

Самсонова вышла в четвертьфинал турнира WTA в Хертогенбосе

Кирилл Скачков из Новокузнецка стал победителем Игр стран БРИКС-2024

Рафаэль Надаль пропустит Уимблдон ради подготовки к Олимпиаде

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Moscow.media

«ЯРКО» провела развлекательную программу на фестивале «Крутая песочница»

Летний Петербург. Старо - Калинкин мост

Закат на Катуни

Утро нового лета....







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *