Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2019

Новости за 12.06.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш

Кадыровс шена хетарг довзийтина Дагестанан дозанехь дов эккхар хьокъехь, ММА латархо Халидов лаьцна Польшин прокуратуро, видеохь кхераме машен хихкина нохчо жоьпе озийна Нальчикехь.

Radiomarsho.com 

ХIора эзар вахархо схьаэцча, уггар дукха бераш дина Нохчийчохь

ХIора эзар вахархо схьаэцча, уггар дукха бераш гучудевлла 2018 шарахь Нохчийчохь а, Тывахь а, ГIалгIайчохь а. Цунах лаьцна хаам бо "Оьрсийчоь тахана" телеканало. Цо дийцарехь, уггар дукха бераш дина стохка (8 миллион гергга стаг вехачу) Москох – 132,1 эзар. ШолгIачу меттехь ю 83 эзар бер дуьненчу даьлла Москохан кIошт. КхидIа бу Краснодаран мохк (64,5 эзар), тIаккха Петарбух (64 эзар) а, Тюменан кIошт а (50 эзар). 2018-чу шарахь Оьрсийчохь дуьненчу даьлла 1,6 миллион бер. Велла – 1,8 миллион стаг.

Radiomarsho.com 

"Ас цкъа а ца эцна бехк сайна тIе, я оьцур а бац"

"Мемориал" центран Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб набахтера дIахеца сацамбина Шелан кхело Оршотдийнахь бакъоларъярхочун Титиев Оюбан дехар кхочушдеш, хенал хьалха иза набахтех мукъаваккха магийна Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан кхело. Наркотикаш лелорна шена тоьхначу деа шарах 1,5 шо текхна ваьлла Титиев карарчу ханна. ТаIзаран хан яцъярх долу гIуллакх кхушеран Зазадоккху-баттахь дуьйна Титиев чохь кхобучу Устрада-ГIаларчу набахтехь листира кхело. Беттанаш хьалха, ша бехке а веш, дов дирзича... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Вай ду Оьрсийчоьнан цхьаала ларйинарш"

Кххарийдийнахь мехкан коьртачу майдана, "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна хьалха, массех эзар стаг гулвира Нохчийчуьрчу Iедало Оьрсийчоьнан Де даздан. Малхо хIиттийначу студенташна, бюджетерчу хьукматийн белхахошна хьалха бараман дайша дийцира, мел деза ду нохчийн къоманна Оьрсийчоьнан де. "Вай ду Оьрсийчоьнан цхьаалла ларйинарш, дуьненаюкъарчу террористийн бIонех пачхьалкх цIанйинарш", - бохура цара гуламхошка.

Radiomarsho.com 

Терк цIандан дагахь ду Нохчийчуьра Iедалш

Терк цIандар Iалашонца программа кечъян дагахь ду Нохчийчуьра Iедалш. Цунах лаьцна шинарин дийнахь дIахьедар дина республикерчу Iедалан куьйгалхочо Хучиев Муслима. Цунна гIортор йина белхан визитаца Соьлж-ГIалахь хиллачу Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министро Чеботарев Сергейс. Оьрсийчоьнан 6 субъектехула, шайна юкъахь Къилбаседа ХIирийчоь а, ГIебартой-Балкхаройчоь а, Ставрополан мохк а, ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, Дагестан а  йолуш, чехкдолий Таркхойн хIорда чукхета Терк. Цуьнан йохалла ю 623 километр. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Видеохь кхераме машен хихкина нохчо жоьпе озийна Нальчикехь

Нальчикехь автоинспекторша административан жоьпе озийна урамашкахула леларан низамаш дохийна жима стаг, социалан машанашкахь яьржина видео бухе а йиллина, хаам бо РИА "Регион Онлайн" сайто. Инцидент хилла ГIебартой-Балкхаройчоьнан коьртачу гIалан Ленинан цIарахчу проспектехь. Mercedes Benz машенна хурхалла дечу жимачу стага, вуно кIоршаме маневраш йина, адамийн дахарна кхераме йолу. Некъан полицин белхахоша къастийна цу машенна хьалха хиъна хилларг Нохчийчуьра вахархо хилар. Иза бехке веш ву урамашкахула леларан маситта низамаш дохорна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ММА латархо Халидов лаьцна Польшин прокуратуро

Польшин антитерроран операцин бюрон белхахоша Варминьск-Мазурски кIоштахь лаьцна ММА-н латархо хилла Халидов Мамед. Цунах лаьцна хаам бо РБК-но, меттигерчу TVP Info телеканала тIе а тевжаш. Польшин къоман прокуратуран зорбан секретаро цу телеканале бинчу хаамца, спортхо бехке веш ву ядийначу машенашна бакъдолу кехаташ дахарна (легализаци). Польше и машенаш чуялош хилла Чехера. Халидовн гIуллакхехь хьехош ю Porsche Panamera а, Range Rover Evoque а, BMW M6 а, BMW 7 а еза машенаш. Халидов полицин... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"ЖIаьла а ма ду Дала кхоьллина..."

ПхоьалгIа шо а ду Соьлжа-ГIалахь "Дахаре догдохийла" цIе а тиллина, арахь лелачу дийнаташна гIо латтош йолчу волонтерийн цхьанакхетаралло болх бен. Нохчийчохь ша цхьаъ йолу дийнатийн хIусам ю иза.

Radiomarsho.com 

Кадыровс шена хетарг довзийтина Дагестанан дозанехь дов эккхар хьокъехь

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 8 минот йохалла йолу видеокхайкхам арахецна, Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъарчу дозанна гонах иккхинчу девнна комментари еш. Иза арахецна "Нохчийчоь тахана" агенталло. Кадыровс кхайкхина Нохчийчоьнан а, Дагестанан а бахархошка питаних ца Ӏехабаларе. Цо дагадаийтина шина республикана юкъахь, луларчу регионашна юкъар хьал карзахдаккха гIертачу наха лелочу питанашца талхалур йоцу бIешерийн истори хилар. Кадыровс иштта аьлла ша таIзар дийр хиларх лаьцна... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *