Маршо Радион тIаьххьара керланаш (18.10.2019)
Нохчийчуьра зуламаш, электронан цигаьркаш лехар, туркойн Iамеркаца хилла барт (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Нохчийчуьра зуламаш, электронан цигаьркаш лехар, туркойн Iамеркаца хилла барт (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Москварчу Третьяковн галерейхь кхозучу суьртан гонах скандал гIаьттина. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь байна болх бевзина суьрташ гулдархочунна. The Art Newspaper хьостано бина цунах лаьцна хаам. Нохчийн Захаровн цIарахчу музейра даьхьна хила тарло и сурт аьлла, шеко ю. Дуьйцург ду Головинан "Iарбо" (Араб) сурт. Ж-95 тIехIоттийна шен лоьмар а йолуш хилла и этюд яйна музейра Нохчийчохь 1994-1996-чу шерашкахь тIемаш болуш. Коллекционер волчу Подстаницкий Сергейна девзина и сурт. Третьяковкехь 2014-чу шарахь дIахIоттийна хилла и сурт... Читать дальше...
Шеман къилбаседанехь туркойн эскаршна а, курдойн тобанашна а юкъахь летарш ду дIадоьлхуш, Iамеркан вице-президентан Туркойчоьнан президентца ЭрдогIан Реджепца пхеа денна герзаш совцош барт хиллашехь. Reuters агенталлан корреспонденташа а, меттигерчу журналисташа а бечу хаамашца, туркойн дозанерчу Рас-эль-Iайн гIалахь дIадоьлхуш ду тасадаларш. Курдойн векалша бехкаш дохку туркойн тIемалошна, барт бохорна а, нах бехачу гIишлошна тIееттарна а. Цкъачунна информаци яц беллачех а, лазийначех а. Ткъа... Читать дальше...
Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело набахтехь даккха цхьа шо хан тухуш, 10 эзар сом гIуда такха тIедожийна меттигерчу вахархочунна, цо шегахь оьккхуьйтург Iалашъярна. Чоьхьарчу гIулакхийн министраллан хаамашца, шеца граната а йолуш, полисхоша дIалаьцна хилла и стаг Соьлжа-ГIалин урамехь аьлла, "Кавказский узел" агенталле дийцина министраллан векало. Бехкзуламан кодексан 222.1-чу артиклан 1-чу декъехь (бакъо йоцуш оьккхуьйтург эцар, лелор) жоьпалла дожийна цунна тIе. Оцу артикло пхеа шаре кхаччалц хан кхачайо... Читать дальше...
Шаьш дIалаца леринчу "кхерамзаллин зонера" курдой арабовлийта Шеман къилбаседанехь йолийна операци юкъахъяккха реза хилла Туркойчоь. Хонкарахь Iамеркан вице-президентца Пенс Майкца шаьш цхьанакхеттачул тIаьхьа хиллачу жамIех ишта хаамбина Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа.
Нохчийчуьрчу "Роспотребнадзоран" а, "Росздравнадзоран" а, Кхерамзаллан Кхеташонан белхахойх а вовшахтоьхначу леринчу комисси юкъахь Соьлжа-ГIаларчу Заводской олучу кIоштан администрацин векалша рейдаш дIаяьхьна махкарчу косметологин салонашкахь а, спортехь болчу нехан кхача бухкучу туьканашкахь а, электронан цигаьркаш яржочу коммерцин объекташкахь а. Тобано теллина оцу хIусамашкахь коммерци лело лицензи а, кхиндолу оьшу кехаташ а хилар. Нохчийчохь кхиазхошна электронан цигаьркаш йохкар дехка Iалашонца... Читать дальше...
Ставрополан кIоштарчу кхело еаридийнахь листина Кациев Хьасанан а, Нальгиев Исмаилан а хан дIаяхъеш апелляци. Гезгмашин-беттан чакхенехь Ессентукерчу кхело ГIуран-беттан 25-чу дийне кхаччалц Магасехь хиллачу протесташкахь дакъалаьцначу цу шиннан лаьцна вуьтуш хан тIетоьхнера. "Апелляцина жоп ца дели", - аьлла "Кавказ.Реалии" портале Кациевн а, Нальгиевн а интересаш еарийдийнахь Iалашйинчу адвокато Зубенко Виталийс. Нальгиевн адвокатан Сабинин Андрейн аьтто ца хиллера кхеле ван, цундела цуьнан метта Зубенко вара шиннан а агIонча. Читать дальше...
ТIаьххьарчу 9 баттахь Нохчийчохь 2840 зулам дина меттиг хилар билгалдаьккхина мехкан прокуратурано. Ткъа и терахь 14 процентна лахара ду, масала, 2018-чу шарца дуьстича, яздо "Кавказпост" гIирсо. Хуьлучу зуламийн 88% гучудаха аьтто хиларца охьаяьлла статистика аьлла, хета хьукматан векалшна. Прокуратуран зерашца, лакхара ду бахамца доьзна зуламаш (33,8 %), ден къоланаш (47%), хьарамлонаш а (31,2%). Оцу юкъанна лахделла нах байар а (23%), шозза охьадаьлла могушаллина зенаш даран терахь а аьлла ю Нохчийчуьрчу прокуратуран информаци.
Соьлжа-гIалахь дIаяьхьначу Эсамбаев Махьмудан цIарах Къаьмнашна юкъахь хелхаран фестивал-конкурсехь гран-при яьккхина Нохчийчуьрчу хелхаран дуэто Абкарова Фаридас а, Хасаев Ислама а, яздо ТАСС агенталло. "Соло хелхар" номинацехь тоьлла Уткин Владислав, дуэтехь толам баьккхина Къилба ХIирийчуьрчу Бязров Алана а, Санакоев Инала а. "Къоман хелхарца кхузаманан битамаш" гайтинчу Нижегородскан кIоштарчу Куликов Максимна жюрин совгIат кхаьчна. Ткъа хьовсархоша къастийна ГIалмакхойчуьра Надбитова Айса а, Босхомджиев Джангр а. Читать дальше...
Iамеркан Филадельфи гIаларчу Liacouras Center аренехь тасалур ву пIераскан буса нохчийн латархо Бетербиев Артур а, украинхо Гвоздик Александр а. ХIинцале а йирзина коьртачу шина латархочу дегIан йозалла узуш официалан процедура. Шинан а боксеран цхьатерра 78, 9 кила барам гайтина.
Шеман къилбаседанехь туркойн тIеман операци сацон бартхилла Туркойчоьнан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а. Хонкарахь Iамеркан вице-президентца Пенс Майкца ша цхьанакхеттачул тIаьхьа бина цунах хаам Туркойчоьнан президентца ЭрдогIан Реджепца. 120 сахьтана герзаш деттар сацош сацам хилла шина пачхьалкхан. Оцу юкъанна курдойн тIемалойн арабовла таро хир ю тIемаш боьлхучу кIошташкара. Цул тIаьхьа Хонкарас ерриг а операци ерзор ю. Туркойчоьнна дуьхьал керла санкцеш яха дагахь яц Вашингтон аьлла Пенса... Читать дальше...