Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2019

Новости за 21.10.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (21.10.2019)

Веа депутатера мандаташ дIадаьхна Нохчийчохь, ГIирмехь журналистана буй тоьхна нохчийн байкеро, ГIалгIайн Iедалш къастош ду Нохчийчохь студенташ латар.

Radiomarsho.com 

Шеман къилбаседехьа тIеман операци юхадIайоло кийча ю Туркойчоь

Курдаш арабовла буьйлабелла Шеман къилбаседехьа йолчу кхерамазаллин зонера. Цунах лаьцна дIахьедар дина Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта.   Министро дагадаийтина туркойн армино а, курдийн тIеман тобанаша а герзаш деттар сацош динчу маслаIатан хан чекхйолуш хилар 35 сахьт даьлча. И хан дIаяьллачул тIаьхьа тIеман операци юхадIайоло кийча ю Туркойчоь.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 8 дагестанхо вер Европан кхеле даьккхина

Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело тIеэцна Нохчийчохь вийначу Дагестанера 8 жимачу стеган гергарчеран цIарах "Правовая инициатива" проекто а, "Агора" бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло а чубелла латкъам. Цунах лаьцна яздо "Кавказ.Реалиино". Страсбургерчу кхеле хьажийначу кехаташкахь дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Iедалша Европан адамийн бакъонашкахула конвенцин цхьамогIа артиклаш йохийна хиларх лаьцна.   2016-чу шеран ГIадужу-баттахь айдина Дагестанера 8 вахархо лачкъорах долу гIуллакх. Гиначара тоьшалла дарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Урамашна - мостагIийн цIерш

Кху баттахь Соьлж-ГIалахь схьайиллина хIусамийн ши куп. Уьш вовшах а тоьхна, кхоьллинчу юьртанна цIе тиллина "Орцин Мохк". Оьрсашкахьа тIемаш бина нохчо, инарла-майор Чермоев Орца вазвеш аьлла ишта.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан ФСБ-н агентийн маша гучубаьккхина Чехехь

Оьрсийчоьнан къайлахачу сервисашна болх бечу агентийн маша гучубаьккхина Чехехь. Цунах лаьцна мехкан парламентан лахарчу чоьнан депутаташна хьалха вистхуьлуш хаам бина Чехин кхерамазаллин а, информацин а сервисан директоро Коуделка Михаила. Коуделкас дийцарехь, агентийн маша кхоьллина хилла Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо (ФСБ). Цунна ахча латтош хилла Мосохара а, Оьрсийчоьнан Чехерчу векалаллера а.   КIиранах цкъа арадолучу Respekt газето яздарехь, цу агентийн машано хIакерийн тIелетарш деш хилла Чехехь йолчу компанешна а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу "интернет-троллийн пхьалгIахь"

Бзаров Аслан "Грозный" телекомпанин директора Дудаев Ахьмада хаийтина, муха жигарбаккха беза Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсийн болх. Карлайохуш ю структураш. Iалашо ю пропаганда шоръяр, махкахойн кхетам Iедална тIеберзор, критикашна духьалояр.   Прессехь болхбечаьрца хиллачу цхьаьнакхетарехь "Грозный" компанин директора (мехкан куьйгалхочун хьехамча а ву иза) дагадаийтира Кадыров Рамзан а, ерриг Нохчийчоь а кхечу мехкийн прессо цахеддаш тидамехь латтош хилар. Дудаевс бахарехь, регионан мостагIаша диллина "бакъдоцург дуьйцу интернетехула... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIирмехь журналистана буй тоьхна нохчийн байкеро

ГIирмерчу Симферополехь меттигерчу «Крым 24» телеканалан журналистана Уваров Николайна бетах буй тоьхна тIалам боцуш мотоцикл хьахкина аьлла шегара бехк баьккхинчу жимачу стага, хаам бо lenta.ru сайто. Шен агIор «Подъем» Telegram-канало, полицин хьастана тIе а тевжаш, дийцарехь, журналистана тоьхнарг ву Нохчийчоьнан вахархо. Болчу хаамца, инцидент хилла Симферополь гIалин юккъехь Маркс урамехь. Журналисто Уваровс бехк баьккхина хилла нохчочуьнгара, воккхачу стагана тIе мотоцикл тоххаза ваьлла хьо аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Зудчунна тIе машен а тоьхна, ведда ГIалгIайчуьра вахархо

61 шо долу зуда а лазош, некъан хьовзам хилла Малгобекехь. Некъ хадош йоллучу цунна тIе тоьхна «ВАЗ-21099» машен. Машенлелорхо ведда бохам хиллачу меттера.   Ларамаза цигахь нисбеллачу наха сихха, лоьрийн машен а кхайкхина, дарбанан хIусаме дIакхчийна лазийна зуда, хаам бо «Регион online» сайто «Ангушт» Телеграмм-каналан тIе а тевжаш. Болчу хаамца, цкъачунна карийна вац некъахьовзам хиллачу меттера къайлаваьлла куьгбехкениг. Иза лоьхуш бу полицин белхахой.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн Iедалш къастош ду Нохчийчохь студенташ латар

Нохчийчохь студенташ латар хьокъехь спекуляци лелорах ларбаларе кхайкхийна шайн бахархошка ГIалгIайчоьнан Iедалан векалша. Нохчийн а, гIалгIайн студенташ вовшахтлетта хилла юьртабахаман техникумехь Серноводскехь. Иза тIечIагIдина ГIалгIайчоьнан арахьарчу уьйрашкахула а, къаьмнийн юкъаметтигашкахула а, зорбан а, информацин а министраллехь, хаам бо "Регнум" агенталло.   Цу министраллан Instagram-чу официалан агIона тIехь динчу дIахаийтарехь аьлла ду, дов даьлла хиларх лаьцна дахаран хьелашца доьзначу бахьанца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Тхан махкахь дукха меттигашна техкина зуламхойн цIераш"

Романова Софья Кху баттахь Соьлж-ГIалахь схьайиллина хIусамийн ши куп. Уьш вовшах а тоьхна, кхоьллинчу юьртанна цIе тиллина "Орцин Мохк". Оьрсашкахьа тIемаш бина нохчо, инарла-майор Чермоев Орца вазвеш аьлла ишта. Оьрсийн-туркойн а, Кавказан а тIемийн дакъашхо ву Чермоев. Оьрсийчоьнан империгахьа а лаьтташ, Нохчийчуьра 1877-чу шеран гIаттам хьошуш хьийзина иза. "Грозный" телекомпанин цхьана сюжето бахарехь, Соьлж-ГIалин дума ю керлачу меттигна оьрсийн инарлин цIе елларг. Амма кхечу сюжетехь хуьйцу телеканало ша хьалха бина хаам... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Веа депутатера мандаташ дIадаьхна Нохчийчохь

Нохчийчохь Соьлжан-кIоштахь хенал хьалха мандаташ охьадахка дезна Серноводски эвларчу 4 депутатан. Цуьнах лаьцна хаам бина республикерчу прокуратуран зорбан сервисо. Депутаташ болчура уьш дIабахаран бахьана ду шайна хилла пайда къайлабаккха гIортар.   Гучудаьлларг ду цу парламентареш низам дохийна хилар муниципалан гIуллакх дарх а, коррупци лелорна дуьхьало ярх а лаьцна долу. Вуьшта аьлча, Серводскерчу депутаташа шен хеннахь хаам бина ца хилла шайна а, шайн хIусамнанна а, берашна а 2018-чу шарахь хиллачу пайданах лаьцна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 2 адам дийна некъан бохамехь

Некъаца бохам хилла Куршлойн кIоштахь де хьалха. Ойсхарара Мескер-Юьрта боьдучу некъа тIехь тӀеттӀакхета Лада олу ши жима машен. Хиллачу некъан хьовзамехь йийна 58 шо долу Ахмат-Юьртара яхархо а, 5 бутт кхаьчна жима йоI а.   Тайп-тайпана чевнаш хилла Гуьмсерчу кIоштан дарбан цIийне кхачийна ши а машенлелорхо а, шина машена чохь хилла 4 стаг а. Царах шиъ ву 16-тта а, 18-тта а шераш долу кхиазхо.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *