Маршо Радион тIаьххьара керланаш (10.03.2020)
Украинин паспорташ ца делла нохчашна, Котаман жижиг ца доуьйту Нохчийчу, Чехехь школаш дIакъевлина(Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Украинин паспорташ ца делла нохчашна, Котаман жижиг ца доуьйту Нохчийчу, Чехехь школаш дIакъевлина(Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Оьрсийн мотт - «бакъонаш цхьабосса йолчу Оьрсийчоьнан Федерацин халкъалахь пачхьалкх кхоллинчу къоман мотт бу» боху хийцам Конституцина юкъабахийта резахилла Пачхьалкхан Думера пачхьалкх кхиоран кхеташо. Иза харцо хета чергазийн юкъараллашна. «ГIебартойн къоман конгрессан» куьйгалхочунна Бешто Асланана гарехь, оьрсийн мотт конституцица базбар – иза «дешнашна тIехьа лачкъийна шовинизм» ю. «Мотт – юкъарлонан гIирс бу, цхьа мотт бен ца лелачу халкъан ламасташ а хуьлу цхьана хьесапехь. Цхьа мотт кхечарел лакхара бу... Читать дальше...
Материалан автор - "Кавказ.Реалиин" корреспондент Омарова Саида Коронавирусна тIехула иккхина IалагIожа йоллушехь Дагестанера туризман министралла хIуммаъ а дог таьIна яц. Кху деношкахь урхаллан векалша дIахьедира, Италехь вирус яржар бахьана долуш, туристаш чубахка ларбеш ду шаьш аьлла. Туризман министраллерчу туристийн рекреационан комплекс кхиочу урхаллан хьаькамна Халимбекова Муслиматна хетарехь, регионера инфраструктура Италехь санна хьоле яцахь а, "тоелла йогIу". "Марти-тревел" турфирман долахочунна Мартиросова Янина хетарехь... Читать дальше...
Хиллачунна цхьаболучара Сечин Игорь бехкево. Вукхара ягарйо дешарна, я вахар-варна хинйолу харжаш. Социалаш машанашкахь алссам го нахера сингаттам. Башлей Ольгас дуьйцу цIеххьана сом лахдалар муха туьду Оьрсийчуьрчу бахархоша.
Артикл язйинарг "Кавказ.Реалиин" автор Амирбекова ПатIимат "Оцу сохьта гIоле хилира суна. Нагахь санна, ахь хьиджама йойтий, хьуна а товр ю и. ТIаккха со санна хIора ши кIира мел дели и яйта оьхур ю хьо". ХIунда яьржина Дагестанехь хьиджама? Хьама баккхарх, бIаьрг лацарх Исламан медицинан говзанчас Мухьаммад-Хьаьжа Iабдурахьамана дийцарехь, хьиджама ечара 300-350 миллилитр цIий доккху. Иза тешна ву, хьиджамано дегIан а, синан а лазаршна дарба деш хиларх "Иммунитет хьалайоккху хьиджамас, гармонийн фон а дIанисйо. Читать дальше...