Маршо Радион тIаьххьара керланаш (11.03.2020)
Кхело суьлий бехке лерина, ФСБ-н дехарца нохчо лаьцна Германехь, Эрдогана кхерам тесна (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Кхело суьлий бехке лерина, ФСБ-н дехарца нохчо лаьцна Германехь, Эрдогана кхерам тесна (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Дубай хуьлуш лаьтта Соьлжа-гIаланах. Дашон варкъ диллина, проспектерчу туьканашчуьра хӀуманаш гойту кораш, пафосе ресторанаш, модан хIусамаш, Эйфелан бIов, Путинан проспектера Уолл-стритца стунан миниатюра, Москвахь, Арбатехь санна къагийна урамаш, даккхий маьждигаш, хьалаеш йолу Европехь а уггар йоккха бIов. Кадыровн резиденцина дуьххьал Къаабан жима копи ю момсаршца лаьтташ. Гуш ерг Дубай яцахь а, хIуммаъ а цул оьшуш яц. Нохчийчохь чIогIа дукхаеза туркойн сериалаш. Пачхьалкхан Думан депутатан... Читать дальше...
12 шо долчу шен йоIана оьрсийн меттан репетитор а лаьцна, шен доьзалхочо чIегIардиго санна буьйцучу оьрсийн маттах дозалла деш ю суна евза цхьа нохчийн нана. Ас хоьтту: "Ткъа нохчийн маттаца гергарло муха ду цуьнан?". "ДIаялахьа дIа а, оьшуш бацара цунна нохчийн мотт-м, коьртаниг – гIазкхиниг кIорггера хаар ду", -элира соьга къоначу нанас. Бакъдерг аьлча, ца тайра суна цуьнан дешнаш. Уггар а хьалха шен мотт а, шен ламасташ а дезаш хила веза милла а бохуш, ойла хиллачу суна йоккха ледарло яьлла хийтира цу ненера. Читать дальше...
Нохчийн мотт шера ца хуучара къамелехь я йозанехь шаьш цIердешнаш дукхаллин терахье дохуш а, дожаршкахь хуьйцуш а кест-кеста до гIалаташ. Оцу гIалатех ду хIара масалш.
Ахмадов Рамазан «Хеда Адамовна» ю ша боху интернетехь яьржинчу видео чохь элийн дахар хьоьгу доьзал гойтучу йоIа. Иза шахьарахь еха «маьлхан а, беттан а султанша» ю, цо дийцарехь. Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу, Кадыров Рамзанан кхоалгIа куьг ларалучу Делимханов Адаман йоI ю Хеда. Цуьнга хьаьвсинчу нахах дукхахберш кхаьрда цунах, хIинцале оцу бахьаница дIаяьккхина видео дуккхахйолчу сайташна тIера. Туркойн «Исбаьхьа оьмар» («Великолепный век») сериалерчу Хюремах тарйо ша Хедас. Читать дальше...