Маршо Радион тIаьххьара керланаш (12.03.2020)
Кадыровна лийна блогер карош вац, Европе кеманаш лелар сацийна Трампа, Италехь дIакъевлина туьканаш (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Кадыровна лийна блогер карош вац, Европе кеманаш лелар сацийна Трампа, Италехь дIакъевлина туьканаш (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Нохчийн Республикан герб хийцина нохчийн парламенто. Цунах лаьцна хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло, меттигерчу парламентан спикерна Даудов Мохьмадна тIе а тевжаш. Карарчу Нохчийн Республикан керлачу гербехь хир ю хIара символш: нохчийн къоман бустаман хIоз, исс са болу седа, кенаш, беттаса, тIеман бIов, мехкадаьтта доккху бIов, ламанан баххьаш.
Абулаева Зайнаб Краснодар-махкарчу Щербински кIоштан кхело ницкъаша психиатриян клинике хьажош ву меттигера вахархо Соколов Максим. Иза бехкевина Iедалан белхахочух лаьцна доцург а дийцина, иза сийсазварна. Ша 2013-чу шарахь волавелла Iедалера юьйлу харцонаш Iораяха, оцу бахьаница вохуьйтуш ву корта телхина нах чохь кхобучу дарбан хIусаме, аьлла хета Соколовна. Шена дуьхьал бехктакхаман дов айдар дозу ша прокуратуре а, Талламан комитете а яздинчу аьрзнашца, боху цо. Дуьххьара 2018-чу шарахь... Читать дальше...
Сом юха а дайделла еарин дийнахь. Москвахь валютан биржехь махбеш 5 процентана дайделла иза. Долларан курс хьалаяьллера 75 соьмал а. 2016-чу шарахь дуьйна дуьххьара хилла иза.
Материал язйинарг "Настоящее Время" проектан автор Татьяна Ярмощук Къилбаседа Кавказехь гергарчара "сий лардо" бохуш, зударий бойуш лаьттачу хьолан терго латтайо бакъонашларъярхоша. Садукъдой, я дигца, я урсаца, я герзаца, я дIавш маладой хIаллакбо цигахь зударий. Билггал хууш дац, маса зуда йийна, хIунда аьлча, дуккхаъчу меттигашкахь аьтто болу зулам къайладахьа. "Вешан цIийнан юьхь ларъян еза вай. ЦIе бехъян атта ду. Вайна гуттар а дагахь ма ду и. Массо а тайпанех лаьцна хууш ду, муьлха цIена, я боьха ду хаьа. Читать дальше...
Абдулаева Зайнаб Харцо ю Дагестанехь керста динерчу «иеговистех» волу виъ вахархо лаьцна латтор, аьлла сацам бина деношкахь Пятигорскерчу кассацин кхело (Оьрсийчохь 2017-чу шарахь дихкира «Иегован Тешашна» («Свидетели Иеговы») шаьш кхеточу кепехь динан ламасташ лело). Делахь а, ца хета адвокаташна Дагестанерчу Фемидас кассацин кхеле ладугIур ду аьлла. Бехкебечийн адвоката Первунин Максима довзийтира "Кавказ.Реалиина" хьал. Дагестанан Лакхарчу кхело, ХIинжа-ГIаларчу Советски кIоштан кхелан сацам бакъ а беш... Читать дальше...
Бесланерчу кхело 18 шо колонехь даккха хан тоьхна ХIирийчуьра Хумалаг эвларчу вахархочунна Кудзиев Тимурана. Иза бехке вина 19 шо долу Москвара студент Гутоев Герман верна. Зулам динера стохка аьхка. Маларх кхетта волу Кудзиев а, цуьнан накъостий а маьттаза багалееш хиллера нах бехачу цIеношна хьалха. Гутоевс бехк баьккхича цунах леттера иза. Орцаллан министраллан училищехь доьшуш волу Москварчу "Ахмат" клубан латархочо Гутоевс эшийнера иза а, цуьнан накъостий а, амма Кудзиевс шозза урс тоьхна вийнера студент. Читать дальше...