Францера депортаци йина Гадаев Мохьмад карош вац гергарчарна
Оьрсийчу Францера дIахьажийначул тIаьхьа ницкъаша Нохчийчу дIавигина Гадаев Мохьмад вайна. Кавказ.Реалиига цуьнан цIийннанас хаийтина иза гергарчарна Охан-беттан 22-чохь дуьйна гина вац аьлла. Оцу дийнахь иза нанна гайтина, цуьнга вистхилийтина. Цул тIаьхьа дIавигина, кхечу изоляторе вуьгу аьлла. Нохчийчуьра полици реза ца хилла журналистийн хеттаршна жоьпаш дала, шаьш иза дезаденош дIадевлча дийр ду аьлла. Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига... Читать дальше...