Кадыровс кхерамаш тийсар хорцо лору Оьрсийчуьрчу бахархоша
"ШайтIа-флешмоб" йолийна социалан машанехь Кадыровна дуьхьал.
"ШайтIа-флешмоб" йолийна социалан машанехь Кадыровна дуьхьал.
Украинин Къоман кхерамазаллин кхеташоно санкцеш кхайкхийна Шайхан Мансуран цIарахчу шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчийн тIемалойн батальонан командирана ЧIеберлойн Муслимна а, оцу тIеман тобан масех тIемалочунна а дуьхьал. Батальон тIом беш яра Оьрсийчоьнехьарчу ницкъашца - "ДНР" а, "ЛНР" а олучу тобанийн сепаратисташца.
Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Блинкен Энтонис дIахьедина, Израилна а, ХЬАМАС тобанна а юкъахь 11-тта дийнахь конфликт лаьттинчул тIаьхаьа Газа асанерчу бахархошна дуьненаюкъара гIо-накъосталла дайта дагахь ду шаьш аьлла, яздо Свобода Радионо. Блинкена аьлла цунах лаьцна шинарин дийнахь Иерусалимехь Израилан премьер-министраца Нетаньяху Беньяминца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Пачхьалкхан секретарь ву Дечкен-баттахь президентан Джо Байденан инаугураци хиллачул тIаьхьа оцу регионе... Читать дальше...
Инстаграмерчу пайдаэцархоша "ШайтIа-флешмоб" цI е а йолуш, протестан болам гIаттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал. Флешмоб дIахьош дитинчу йозанийн авторшлахь 9 стаг вара шайн аккаунташца билгалваьлла, царна кхераме ду шаьш бовза а бовзуьйтуш, боламехь дакъалаца, яздо «Кавказский узел» газето. Интернетхошна флешмоб йолийна Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 17-чохь ша инстаграмехула къамел деш, шега, "хьо адам дац, хьо шайтIа ду", аьлла, Москвана гергахь вехачу дагестанхойх волчу жимчу стага йоза дитича... Читать дальше...