Нохчийчохь чувоьллинчуьнга ца лоцуьйту адвокат – иза шайггара ло ницкъхоша
Францера депорт йинчу Гадаев Мохьмада тIе ца эцна адвокат шозлагIа а.
Францера депорт йинчу Гадаев Мохьмада тIе ца эцна адвокат шозлагIа а.
Кадыров Рамзана журналисташ бехкебина ша Путинна дуьхьал волуш санна гайта уьш гIертарна. И къамел цо дина, коронавирусна дуьхьал вакацинаци яйта лууш боцчу наханна дарбан хIусамашкахь лоьралла массарел а тIаьхьа дан деза ша алар прессо дийца даьккхича. Вакцина тохийтарх лаьцна ша аьлларг журанлисташа лачдаьккхина, чIагIдо Кадыровс. "Кхечу хьелашкахь ас тидаме а оьцур яцара оьзда боцчу наха сайна ен аьшнаш, амма кхузахь билггал гуш ду со Лакхарчу тIеман буьйранчин антагонист ву, Оьрсийчоьнан цхьааллина тIекховда гIерта бахар"... Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус гучуяьллачу нахах кхелхина 28 пациент. Лазар хьакхаделла кхин а 275 вахархочух. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь коронавирусах 11 стаг велла, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь – 3, Къилбаседа ХIирийчохь, Дагестанехь, Адыгейхь – шишша, ГIалмакхойчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Нохчийчохь – цхьацца. Верриг а пандемин муьрехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхинарг ву 10 206 вахархо. Массанхьачул дукха бу ун хьакхаделла нах Краснодар-махкахь... Читать дальше...
Охан-беттахь Нохчийчуьрчу нийкъхоша вадийначу 26 шо долчу Татаев Акраманан гергарчара орца дехна бакъоларъечу "Мемориал" центре (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина"Мемориал" , амма иза реза яц и цIе лело – редакцин билгалдаккхар). Оцу бахьаница уьш хIаллакбийр бу шаьш, бохуш, кхерамаш туьйсу ницкъхоша. Кхерамаш тийса гергара къаной бигина хилла Устрада-ГIаларчу полице. "Аьрзнаш а, претензеш а юхаэца", ца эцахь "хIаллакбийр бум ассо а гергарнаш, Акраманна нах байъар тедожор ду", баьхна цигахь. Читать дальше...
Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а бакъоларъярхой саготта бу низам а талхош Охан-баттахь Францера депорт йинчу Гадаев Мохьмада адвокатан гIо тIе ца эцна, аьлла, Нохчийчуьра кхаьчначу хаамна. Цара Оьрсийчоьнан Iедале кхайкхамбина Гадаевна адвокат лаца а, дуьненаюкъарчу стандарташца шена тIехь нийса кхел яйта а йолу бакъонаш хилийта аьлла, хаам бина бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца эцна шена и статус – Редакцин билгалдаккхар). Читать дальше...
Москварчу Тагански кхело Twitter, TikTok и Google компанешна 20 миллион сом сов гIуданаш тоьхна цара Оьрсийчоьнан Iедало магош йоцу контент цара дIа ца яккхарна. Оцу хьокъехь хаам бина "Интерфаксо". Twitter бехкейина санкцеш елла йоцчу гуламашка нах кхойкхуш дина йозанаш дIа ца дахарна –6 административан протокол хIоттийна хилла Iедалхоша цунна дуьхьал. Социалан машина тоьхна гIуда ду 19 миллион сом. TikTok компани а йина бехке оццу бахьаница – санкцеш йоцчу акцешка нах кхойкху йозанаш дIа цалакъорна. Читать дальше...