Сочи гIалин коьрта архитектор лаьцна 20 миллион сом кхаъ оьцуш
Коррупци лелорах йолчу шеконца лаьцна Сочи гIаларчу архитектурин а, гIалахIотторан а департаментан директор. Краснодар-мехкан Талламан комитетан урхалло бечу хаамца, гIалин Адлеран кIоштахь хьешан цIа дар сихдойтург 75 миллион сом доьхуш хилла цо. Ахчан дакъа – 4 миллион сом гергга – Сочин коьртачу архитектора схьаэцна ах шо хьалха. Охан-беттан 30-чу дийнан сарахь дIаделла цуьнга кхин а 20 миллион. Оцу муьрехь иза лаьцна, сов боккхачу барамехь кхаъ эцарх болу бехк тIе а хьош. Оцу бехканна низамо набахтехь такха кхачадо 15 шо. Читать дальше...