Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2018

Новости за 09.02.2018

Radiomarsho.com 

Шемахь тIом бинчу нохчочунна тоьхна хан жимма лахйина Австрин кхело

ДАIИШ-ан могIаршлахь Шемарчу тIамехь дакъалацарна 10 шо хан тоьхнера 2016-чу шарахь Мухарбек цIе йолчу нохчочунна. Грацерчу кхело иза бехке винера террорхойн тобанехь тIом барна а, криминалечу тобан декъахиларна а. Цу сацамна дуьхьал лакхарчу инстанцин кхеле латкъам бинера лаьцначо, шена тоьхна хан лахъяре доьхуш. Цуьнан дехарна жоп луш Грацерчу Лакхарчу кхело цхьа шой, ах шой тIера а даьккхина, бархI шой, ах шой набахтехь яккха хан йитина цунна. Цуьнца цхьаьна чувоьллира вара боснихойн къомах волу имам Мирсад. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

МухIажирашна тховкIело ялар юхалиста дагахь ду Австрин Iедалш

Мигранташ массо а вочу хIуманна бехкебарна тIехь харжамашкахь тоьллачу политикех ву Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Кикл ХIерберт. Еари дийнахь цо дIакхайкхира, мухIажаршна тховкIелонах болу сацамаш шишша шо даьлча  юхалиста богIу, аьлла. ТховкIело йоьхучу хенахь мухIажарна даймахкахь хилла чолхе хьал цхьа хан яьлча хийцадала там бу элира цо. Масала, тIом цхьа хан яьлча дIабалахь. Цул совнаха, кхерам бахьана долуш бевддачу даймахка мухIажарш хьажа-хIотта эхар а тховкIело дIаяккха бахьана лара догIу элира Киклс. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Некъан полисхошна Оьрсийчохь дихкина малар мелла суьдхой сецор

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан омраца а догIуш, ГАИ-н инспекторийн бакъо хир яц малар мелла суьдхой машенара охьабиссо. ХIинца церан бакъо ю, нагахь ша реза воцуш хIума делахь, хиллачух лаьцна шен хьаькамашка хаийтар. Изза кеп лелар ю низам дохийначу прокуратуран белхахошца юкъаметтигаш къастош а. Цуьнца цхьаьна цу документо бакъо ло инспекторшна миччахь а машен сацо. Хьалха иза дан мегаш дацара нагахь низам ца дохийнехь. Кхин а цхьацца хийцамаш бина ГАИ-н белхахойн а, машенаш лелорхойн а юкъаметтигехь хьакхалуш болу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилба Корейхь йолаелла Iаьнан Олимпиада

Къилба Корейхь XXIII Iаьнан Олимпиада схьайоьллуш церемони ю дIайоьдуш. Спортан къийсадаларш хир ду Пхёнчханехь. Олимпан ловзарш хир 7 тайпанчу спортехула. Олимпиадан мидалш къовсур ю 92 пачхьалкхерчу спортхоша. Оьрсийчоь кхушара Олимпиадехь дакъалоцуш яц, хаьлха хиллачу Олимпиадашкахь допинг лелорна. Цунна юкъахьакхабелла боцучу спортхошна бакъо елла нейтралан байракхан кIеллахь дакъалаца. Эххаре а Оьрсийчуьра 169 атлет вахана Пхёнчханерчу Олимпиаде.

Radiomarsho.com 

Iаьнан Олимпиада схьайоьллуш церемони хилла Пхёнчханехь

23-гIа Iаьнан Олимпиада схьайоьллуш церемони хилла Кълба Корейн Пхёнчханехь. Цуьнга хьожуш вара 35 эзар стаг. Iаьнан Олимпан Ловзарш дуьххьара хуьлуш ду Къилба Корейхь. 1988-чу шарахь Сеулехь хилира аьхкенан Олимпиада. (Reuters)

Radiomarsho.com 

636 миллион сом делла Нохчийчуьрчу а, Адыгера а дарбанан хIусамашна

Соьлж-ГIалахь керла дарбанан хIусам йийр ю кху 2018-чу шарахь. Цу Iалашонна Оьрсийчуьрчу бюджетера лур ду 400 миллион сом. Ткъа Майкопехь клиникина тIе кхин цхьа дакъа дан хьажор ду 236 миллион сом. Цунах лаьцна яздо "Кавказский узело", Iедалан хьасташна тIе а тевжаш.

Radiomarsho.com 

Дагестанехь лечкъийначу кегийрхойн наношна жоп дала дош делла Iедалша

Дуьхьанан акце арабевллера тахана, Чиллан-беттан 9-чу дийнахь, ницкъаллийн структурийн белхахоша кIентий лечкъийна болу зударий. Iедалша дош делла Чиллан-беттан 14-чу дийнахь цара доьхучунна жоп лур ду шаьш аьлла. 20 зуда яра Дагестанан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш волчу Васильев Владимирца а, хьалхо республике веанчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнца Бастрыкин Александрца а цхьаьнакхета гIерташ. "Кавказ.Реалиин" корреспонденто бинцу хаамца, полисхой уьш дIабаха гIоьртира Iедалан гIишлонна хьалхарчу майданера. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Португалин кхерамазаллин сервисан белхахо чувоьллина Оьрсийчоьнехьа шпионаж ярна

Португалин информацин а, кхерамазаллан а сервисан белхахо Карвальхао Фредерико, 7 шо хан а тоьхна, набахте хьажийна, Оьрсийчоьнехьа шпионаж лелорна. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло. Карвальхао лецира Римехь 2016-чу шарахь. Талламхойн версица, иза дагахь хиллера Оьрсийчоьнан агентана хаамаш бохка, НАТО-н а, Евробертан а къайленех лаьцна. Цу хаамех Португалин кхерамазаллин сервисан белхахочо дехна хилла 10 эзар евро. Карвальхаона экстрадици йинера Португале. Цигахь йина цунна кхел.

Radiomarsho.com 

"Магас" аэропортехь дуьненаюкъара терминал йилла ахча лур ду Катара

Катарерчу инвестицийн агенталлан куьйнгалхочо шайха бен СаIуд Ал-Тани Iабдуллас ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьца Евкуров Юнус-Бекаца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь дIахьедар дина, шаьш кийча хиларх лаьцна "Магас" аэропортан дуьненаюкъара терминал еш ахчанца гIо дан. Цунах лаьцна хаам бина Евкуровн зорбанан сервисо. Ал-Танис дийцарехь, цуьнца боьзна болх дIаболо Катаран векалш ГIалгIайчу гIура бу гергарчу хенахь.

Radiomarsho.com 

Британера журналист, гIуда а тоьхна, араяьккхина ГIирмера

ГIирмера араяьккхина адамийн бакъонаш йохорах лаьцна яздеш йолу Британера журналист. Журналист-фрилансерна Роуч Маделайнана гIуда тоьхна Симферопалан суьдо. Ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцнера Роуч Чиллан-беттан 7-чу дийнахь Симферополерчу цхьана хостел олучу хьешийн хIусамехь. Цунна бехкедиллина аккредитаци а йоцуш болх бар а, медицинан гIо оьшуш меттиг хIоьттича оьшуш долу кехат ца хилар а. Роучна таIзар дина кхечу пачхьалкхан вахархо Оьрсийчу варан кеп йохорна.

Radiomarsho.com 

Дешархо кхалхарна жоп лур ду Соьлж-ГIаларчу гимназин белхахоша

Соьлж-ГIаларчу гимназин директоран когаметта а, хьехархо а суьде озийна 12 шо долу кхиазхо кхалхарна. И бохам хиллера 2017-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь физкултуран урокехь. Низамаш лардархоша бинчу талламан жамI ду теллина чекхдаьккхина долу бехктакхаман гIуллакх. 12 шо долчу кIантана тIе футболан ков дожарна жоьпаллехь лаьрра гимназин директоран когаметта а, физкултуран хьехархо а. Гергарчу хенахь Соьлж-ГIалин Заводан кIоштан суьдехь луьстур ду и дов. Бехктакхаман артиклшца а догIуш, уггаре дукха 5 шо хан йогIу бехке болучарна.

Radiomarsho.com 

Пхи стаг лазийна некъахьовзамехь Нохчийчохь

Бохам хилла Соьлж-ГIалара Шуьйта боьдучу новкъахь.  Вовшахкхетта "Лада-Приора" олу ши машен. Полисхоша бинчу хаамца, цу шинах цхьана машенна хьалха хиъна хиллачу стага гIалат далийтина шегара. И бахьана долуш хиллачу некъахьовзамехь 5 адам лазийна. Царна юкъахь ю 5 шо долу жима йоI. Лоьраша бинчу хаамца, лазийнарш дийна буьусур бу аьлла, сатуьйсийла ю.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *