Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2018

Новости за 22.02.2018

Radiomarsho.com 

Махкахдохор: Дакъалуш доцу бIаьрхиш...

Атта дац Нохчийчохь къам махках дохош гина, 1944 шеран къизалла лайна нах каро. Амма карийча, ца могу дагна хIетахьлерачу берийн, тахана - къанойн, дагалецамашка парггIат ладегIа. Депортаци чекхъяьлча а ца хилла, цкъа а ца хилла оцу нехан ирс. Дац Чиллан-беттан 23-гIа де дицдойла...

Radiomarsho.com 

Дрезденехь полицино лаьцна 28 шо долу нохчийн зуда

Немцойн Дрезден гIалахь лаьцна нохчийн зуда. СаидовгIеран доьзалан нана 28 шо долуш ю. Деа беран нана ю иза, 2 шарера 8 шаре кхаччалц хенаш йолчу. Масех де ду цу зудчунна орцахдовларе дехар деш болу кхайкхам социалан машанашкахула лелаш болу. Цу тIехь чIагIдо, и зуда йолу меттиг хоуьйтуш а яц, цунна тIе адвокат кхочуьйтуш а вац, ткъа цуьнан диъ бер нанна сагатдеш ду бохуш. Маршо Радион информацица, и зуда даханчу шарахь цхьамогIа зуламаш лелорна Дрезденехь лаьцначу нохчийн къомахчу талорхойх цхьанан хIусамнана ю. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь декхарелахь ю Газпромана 14,4 миллиард сом

"Газпромана" хьалха долчу Нохчийчуьрчу бахархойн декхаран терахь ду 14,4 миллиард сом. Цунах лаьцна дуьйцуш ду республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, "Газпроман" директорийн кхеташонан куьйгалхо Зубков Виктор а цхьаьнакхеттачул тIаьхьа цу компанино бинчу хаамехь, яздо Кавказ.Реалиино. Кхеташонехь сацам бина шина агIоно декхар дIадоккхуш бийр болчу балхах лаьцна.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь ягийна жима йоI дIакхачийна Лахара Новгородерчу клинике

Бохам хилла еарин буса. Соьлж-ГIаларчу Республикан клиникан дарбанан хIусаме ялийна хилла вуно чIогIа ягийна 6 бутт болу йоI, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Вовшашца дагабевллачу лоьраша сацам бина иза Лахара Новгородерчу багийна нах тIеоьцучу центре кхачо. Иза дина Орцаллан министраллан лоьрийн оьшуш болу гIирс тIехь болчу лерринчу кеманца.

Radiomarsho.com 

Amnesty International: Адамийн бакъонаш талхош ю Къилбаседа Кавказехь

2017-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъош кIоршаме талхийна хиларх лаьцна дуьйцуш ду Amnesty International адамийн бакъонашкахула йолчу вовшахтохаралло динчу дIахаийтаарехь. Цо дийцарехь, цу регионехь сецна дац адамаш лечкъор а, царна тIехь къизаллаш лелор а, кхел а ца еш, адамашна таIзарш дар а, иштта дIа кхин а. Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, федералан талламан органаша дукха меллаша тIеэцара цу хьокъехь болу хаамаш, ткъа бехктакхаман гIуллакхаш долош меттиг нисбелча а, цара сихонца дерзадора уьш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь юьртдена урс тоьхна цуьнан когаметто

ГIалгIайчохь Плиево эвларчу юьртдена урс тоьхна цуьнан когаметто, дов а даьла. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо". Карарчу хенахь чов хилла юьртда клинехь ву. Дар-дацар стенна тIехула хилла хууш дац. Полисхой бу хилларг къастош.

Radiomarsho.com 

Вежарша КадыровгIара жоп делла шайх лата луучу Казахстанерчу кIантана

Кадыров Ахьмада а, Адама а жоп делла шайх лата луучу Казахстанерчу 10 шо долчу кIантана Тажибай Абайна, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. "Тхуна ца хаьа, хьо хIун латархо ву, амма хьан менеджер дика волчух тера ду. Абай, хьо баккъалла а къонах ву. Иштта дIахьо айхьа юьхьарлаьцнарг. Нагахь кхоллам хилахь гур ду вай цIелигана уллехь, ткъа дахарехь вежарий хир ду вай. ХьошалгIа вола республике. Тхо хазахеташ ду хьаша тIеоьцуш", -- аьлла Кадров Рамзанан воккхах волчу кIанта Ахьмада.   Алматарчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ша-тайпана телефонаш луш ю Оьрсийчохь лаккхарчу даржашкарчу эпсаршна

Оьрсийчоьнан тIеман министралло телефонаш яла йолийна къайлаха документашца болх бечу лаккхарчу даржашкахь болчу эпсаршна. Лаккхара дуьхьало йолу уьш йина ю Оьрсийчохь. Цунах лаьцна яздо "Известия" газето, тIеман министраллан векалшна тIе а тевжаш. Оьрсийчохь йинчу "Атлас" мобилан телефонан мах бу 115 эзар сом. Иза болх беш ю Оьрсийчохь шифран зIе йолчу "Мегафонан" могIарерчу GSM sim-карташца.

Radiomarsho.com 

Нохчийчу депортаци йинчу доьзалан кехаташ дисина Австрехь

Масех кIира хьалха Австрин Iедалхоша Оьрсийчу депортаци йинчу ТикаевгIеран доьзалан массо а документ меттигерчу полицехь дисина. Шина кIирнахь Iедало хадеш а долуш, махкара арабаха кечбинчийн лагерехь латтийна болу доьзал, цхьа а кехат а доцуш, Москох аэропортехь дIахецна хилла австрихойн хьукматхоша. И бахьана долуш Нохчийчохь я бераш ишколе дIахийта а, я шаьш Iен-баха Iалашо йолчу адресца регистраци ян а бакъо йоцуш бисина ТикаевгIеран доьзал. Царна Австрехь гIо деш хиллачу юкъараллин жигархочо Ландау Даниэлас бинчу хаамца... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *