Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2018

Новости за 28.02.2018

Radiomarsho.com 

Нохчийн кхиазхо вайна Францехь

15 шо долу Iабдул-Малик цIе йолу нохчийн кхиазхо лоьхуш бу Францера цуьнан гергара нах. Цуьнан ненан цIарах социалан машанашкахь баржочу кхайкхамца, Чиллан-беттан 23-чохь сарахь араваьлла кхин чу ванза ву. Иза волу меттиг хIетахь дуьйна цхьанна а хууш яц.  ПIераскан сарахь Орлеанан а, Тулузан а, Парижан, Марселан  а агIор йоьдучу цIерпошта чу хууш гина и кIант аьлла, яздина ду хаамехь. И кIант гинарг я иза волу меттиг хууш верг шеца зIене валахьара аьлла шен телефон а йитина хаамехь цуьнан нанас. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Жириновсийс эфирехь маьттаза бага йиттина Собчаке

"Россия 1" телеканалан эфирехь харжамех дискусси йоьдучу хенахь ЛДПР-н партин цIарах харжамашкахь дакъалоцучу Жириновский Владимира боьха мотт лебина Собчак Ксенига, яздо Новости агенталло. Цунна дуьхьало еш, хи тоьхна Жириновскийна Собчака, политикан багахь товш доцу дешнаш цо зудчуьнга бохуш хилар билгал а доккхуш программа дIахьочуьнга. КарабогIучу беттан 18-чу дийнахь хир бу Оьрсийчоьнан президентан харжамаш.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнна луьйчу артистийн тептар зорбане даьккхина

Оьрсийн "Керланаш" агенталло зорбане даьккхина шайн пачхьалкхна а, цуьнан бахархошна а критика ечу актерийн тептар.  Цу юккъе бахна Оьрсийчохь йохучу киношкахь дакъа а лоцуш, ахча оьцурш.  2012-чу шарахь дуьйнна Канадехь шен доьзалца  веха Серебряков Алексей а, Дюжев Дмитрий а, Донбассехь украинхошца тIом бен Пашинин Анатолий а ву тептаре язвина. Иштта агенталло билгалваьккхина "Сатирикон" театран исбаьхьаллин куьйгалхо, "даим а пачхьалкхна луьйш волу" Райкин Константин а. Тептар вовшахтоха... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Германехь маьждиг дагийна

Германерчу Тюринген лаьттарчу Мюлхаузен гIалахь цабевзачара цIе тесна маьждигах. И бахьана долуш 14 стагана, шайна юккъехь бераш а долуш, эвакуаци ян дезна. 7 стаг чевнаш йина а, ягаран газех дIавш даьлла а лоьрийн цIийне кхачийна. Маршо Радион корреспонденте Мюлхаузен гIалахь вехачу Нохчийчуьра орамаш долчу тешо дийцарехь, маьждиган гIишло ерриге а яьгна дIаьялла, иза чукхета там боллуш ю. Маьждигал сов кхин цхьа могIа фирманийн офисаш йохь йолу йоккха гIишло ерриге а хIаллакйина цIаро. Тюрингерчу полицин дIахьедарца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

WhatsApp тергоне эца дагахь ду Австрин Iедал

Австрера урхалла керла низам юккъедаккха гIерта, къайлахчу сервисашна бахархоша WhatsApp а,  Skype а программашца деш долчу къамелийн чулацам талла бакъо луш долу. Цул совнаха, цу махкахь Iедалхойн наха телефонашкахула дечу къамелашка ладогIа а, нахана тIехь видеоталламаш бен бакъо шоръян Iалашо а ю австрихойн керлачу урхаллан. Оцу хьокъехь дIахьедарехь билгалдаьккхина ду, Iедало даккхийчех зуламаш дарна шеконе лаьцначу нехан телефонаш бен ладогIаме хIиттор яц, аьлла. Ишттачу зуламех лору, масала, пхи шо сов хан тоха йиш йолу зуламаш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Некъан бохам иккхина Нажин-Юьртахь, байина нах а бу

"Кавказ" федералан некъа тIехь ши машен вовшахкхетта меттигера ши вахархо велла, шайлахь 84 шо долу къано а волуш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам. "Ши машен ВАЗ-2117030 а, ВАЗ-2140 "Нива" а тIетта а кхетта хилла бу и некъан бохам Нажин-Юьртахь. Оццу кIоштара бу машенийн долахой, 27 шо долу жима стаггий, 84 шаре ваьлла къано а. Ший а велла йина чевнаш бахьанехь", - яздо хаамехь. Хьенан бехках хилла бохам толлуш бу полисхой. Оршотдийнахь ши машен вовшахкхетаран бахаьанашца виъ стаг а леш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iамеркехь Нохчийчуьра бахархой лецна контрабанда лелорца

Александриехь (Вирджиния штат) Нохчийчуьра cхьаваьлла ши вахархо Сыдыков Тенгиз а, Резванов Эльдар а  лаьцна, хаамбо Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралан сайтехь. Полисхоша бахарехь, Александриин шина вахархочо 100 герз эцна хилла, Нохчийчу дIакхачорхьама. "Бехкебечара эцна хилла кеп-кепара 100 герз. Лицензи а йоцуш Нохчийчу дехьадаккха Iалашо хилла цушиннан. Герз вовшах а даьккхина, цIен тIехь оьшу йийбар санна хьулдина, къайладаккха лаам хилла церан", - яздо хаамехь. Сыдыковна а... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *