Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Октябрь
2018

Новости за 01.10.2018

Radiomarsho.com 

"Кавказ" некъ а къовлуш, дуьхьалонан акци хилла ГIалгIайчохь.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдаккхарна реза боцучу наха Несарна а, Магасна а юкъарчу гонехь дIакъевлинера "Кавказ" федералан некъ. Уьш дуьхьал бу шина республикан доза керлачу меттигехула хиларна. И акци дагабевлла йина яцара цара Iедалшца. "Кавказский узело" бинчу хаамца, баккхийчара дехар дарна машенаш дIаехира. Болчу хаамца, Магасе балийна Росгвардин эскархой.  Мехкадаьттан маьIданаш долу латтанаш Нохчийчоьнна дIаделла бохург харц ду, аьлла дIахьедар дира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина

Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а официалехь яьлла цIеххьана иккхина доза къасторан проблема ерзийна. Ткъа мел тов нахана, я ца тов Кадыровссий, Евкуровссий куьг яздина сацам – иза цкъачунна хала ду ала. Маршо Радио толлуш ю агIонашна хетарг.

Radiomarsho.com 

Хьанал сурсаташ билгалдахалур ду Нохчийчуьрчу муфтиятан сайта тIехь

Нохчийчуьрчу муфтиято онлайн-сервис схьайиллина хьанал сурсатех а,  кхачанах а лаьцна. Нохчийчуьрчу динан урхаллан официалан сайта тIехь кхайкхам бина бусалба бахархошка, хьарам а, шеконе а кхача баарх ларло аьлла. Туьканара оьцу сурсаташ талла аьтто хир бу цу сайта тIехь. Системо жоп лур ду "халяль", "хьарам" я "муштабах" (шеко) аьлла.

Radiomarsho.com 

Нохчий летта Башкирин эвлахь

Нохчийчуьрчу бахархойн дов иккхина Башкирехь Баймакан кIоштарчу Темясово эвлахь кIиранан буса. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхалло бинчу хаамца, хилларг ду могIарера дар-дацар. Цуьнан бахьана дуьйцуш дац.   Цхьаболчу Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздо цу хиламах лаьцна, дов даларан бехк нохчий болуш санна. Болчу хаамца, Темясово эвларчу бахархоша багийна цу эвлахь болх беш йолчу нохчийн белхалойн бригадан бахам - хIусам а, машен а, кхин дерг а. ТIелатар динчарна юкъахь цхьа стаг чов хилла ву. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Евкуров: Нохчийчоьнна ца делла мехкадаьттан маьIданаш йолу латтанаш

Мехкадаьттан маьIданаш долу латтанаш Нохчийчоьнна дIаделла бохург харц ду, боху ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Цунах лаьцна цо дIахьедар дина шен депутаташца а, юкъараллан жигархошца а Нохчийчоьнца доза къасторна хьажийна хиллачу цхьаьнакхетарехь. Евкуровс чIагIдарехь, Даьттаха эвлан дакъа Нохчийчоьнна дIалуш тидаме эцнера ГIалгIачоьнна оьшург. Оцу меттехь ду мехкадаьтта доккхучуна сацийна 19 рагIу, сегIаз алсам хиларна пайда эца мегар доцу. Евкуровс кхеторехь, мехкдаьтта цигахь даккха гIоьртича харж алсам ер ю... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Долларца дуьстича юха а дайлуш ду сом

Долларца дуьстича юха а дайдала доладелла сом. Оршотан Iуьйранна Москох биржехь цхьана долларх лора 65,61 сом. Еврон мах бара  75,99 сом. Иза жимма дайделла.

Radiomarsho.com 

Зулам тIелацийта жима стаг хьийзийна полисхоша Нохчийчохь

Нохчийчуьра вахархо Арсанухаев Эйдазулам тIелатаца бохуш, хьийзийна меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахоша. Цунах лаьцна журналисташка дийцина цуьнан нанас Гунашева Табарака, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цо дийцарехь, 25 шо долу Арсанухаев лаьцна хилла хIара шо долалуш, шен накъосташна террорхой бакъ лоруш видео гойтуш хилла аьлла. Оццу хенахь лаьцна хилла цуьнан 8 накъост а. Гунашевас дийцарехь, царах цхьаммо юкъахьакхийна хилла цуьнан кIант. Цо чIагIдарехь, ша хьийзийча а, боцу бехк тIе а ца лаьцна дIахецнера иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно эзарнаш бахархой байина Шемахь

Оьрсийчоьно кху тIаьхьарчу кхаа шарахь Шемахь тIеман операци дIахьош вийна 18 эзар сов стаг. Царна юкъахь 8 эзар гергга маьрша вахархо ву, шайна юкъахь зударий а, бераш а долуш. Цунах лаьцна хаам бина Британехь куп тоьхначу адамийн бакъонаш талхорна тидаме бечу Шеман центро. Шайн дIахаийтар арахецна бакъонашларъярхоша Оьрсийчоь Шемарчу конфликтана  юкъагIоьртина 3 шо кхачарца доьзна. Цара билгалдаьккхина дуьненаюкъаралла гIорасиз хилар, Москохна Iаткъам бан. Бакъаонашларъярхоша кхайкхам бина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кегийрхой гуьйранна эскаре бигар долийна Оьрсийчохь

Кегийрхой гуьйранна арме бигар доладелла Оьрсийчохь. Президентан Путин Владимиран омарца а догIуш, Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх дан тIекхойкхур ву 132,5 эазар махкахо. Цхьа шо хьалха цу нехан терахь дара 136 эзар стаг. ТIеман министраллан векалша дийцарехь, арме кхойкхучу нехан терахь лахдалар доьзну ду контрактаца гIуллакх деш болчу эскархойн терахь алсамдаларца.  Цхьаболчу хаамашца, Нохчийчохь арме ваха хан йолуш ву карарчу хенахь 80 сов эзар жима стаг. Амма церах массеран а аьтто хир бац иза дан. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *