Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2018

Новости за 02.10.2018

Radiomarsho.com 

Бехкатакхаман ши гIуллакх долийна нохчийн дов даьллачу Башкирехь

Полицино бехктакхаман ши гIуллакх долийна Башкирехь, Баймакан кIоштарчу Темясово эвлахь меттигера бахархой а, нохчий а латаран хьелаш къастон таллам дIахьош. Дов иккхинера Гезгмашин-беттан 30-чу буса. Цу латарехь дакъалоцуш хилла иттех нохчий а, 40 гергга башкир. Царах цхьанна уьрсан чов йина. Конфликт хиллачул тIаьхьа Башкирера кегийрхой меттахбевллера шайн эвла балха баьхкинчу Нохчийчуьрчу бахархойн лелар ца тов шайна аьлла. Карарчу хенахь цу эвлахьболх беш бу кIоштара хьажийна полицин белхахой. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кавказера туризм – "дIаса а ма вала, ца волуш а ма Iе"

Михальченко Лидия Лестаррий-те тIех дукха ханаш лаьттачу Кавказе, цуьнан жил-Iаламах марзо эца, махкара боцу хьеший? Кавказо сатуьйсу шен лаьмнашка таппашкахь туристаш хьалхаре. Къаьсттина Iамеркан а, Европан а валюта лундерш. Амма дуккха а собар а, шортта хан а, Iедалхошца лебан ира мотт болу талмач а хила веза шеца кхуза ван леринчун. Туристна ша лоьху аьхна жил-Iалам, яхначу заманех бисина битамаш карабо лаьмнашкахь. Амма оццу лаьмнашкахь лаьтта шераш хьалха йоггIарх, гуьржашца доза ларден эскарийн таппаш а ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЦIавирзина Кадыровна "тешнабехк бина" ши депутат

Нохчийчохь вайна парламентан ши депутат Гаибов Идрис а, Магомаев Шамил а цIавирзина. Цунах лаьцна хаам бинчу "Росбалто" яздарехь, и шиъ "дIоггара дикачу хьолехь вац, амма церан гергарнаш хазахетта бу и шиъ дийна висарна". Зорбанан гIирсо билгалдаккхарехь, Гаибовн а, Магомаевн а цIерш дIаехира Нохчийчоьнан парламентхойн могIарара. Мангал-бутт чекхболуш парламентан сайта тIехь ши сацам гучубелира. ​ Цу документа тIехь аьлла дара Гаибовн а, Магомаевн а депутатийн бакъонаш совцийна цу шиммо кехата тIехь динчу дехарца аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра шена кхерам хиларх тешаш ца хилла Скрипаль

Британерчу Солсберехь дIовш даьлла волу Оьрсийчоьнан ТIеман министраллан коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан (ГРУ) эпсар хилла Скрипаль Сергей еххачу хенахь тешаш ца хилла, Оьрсийчуьрчу лерринчу сервисийн белхахоша шена тIелатар дина бохучух. Цунах лаьцна яздо The Guardian газето, Би-би-си журналистан Урбан Маркан арайолучу "Материалы Скрипаля" (The Skripal Files)  книгана тIе а тевжаш.   Британин талламан сервисо Солсберехь эцначу хIусамехь вехаш Скрипаль даиман а Оьрсийчоьнан "Первый" телеканале хьоьжуш хилла, яздо авторо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мохк къуьйсу вежарий сийлахь хиррий-те?

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша бертахь шайн мехкийн дозанаш къастийнехь а, ца юьжу иккхинчу къовсамо айина гIара. Къаьсттина алсам къамелаш даьржа дозанийн хьокъехь гIалгIайн жигархошкара. Лаьттанийн хьокъехь гIалгIашна хетарг зен Магасе вахара Маршо Радион корреспондент.

Radiomarsho.com 

Набахтехь хан текхна хьехархо балхара дIаваьккхина Нохчийчохь

ТIехьа-Мартанан кIоштарчу школехь технологин хьехархо болх беш хилла Казбек цIе йолу жима стаг. Школе балха хIоьттина хилла иза, шена набахтехь яккха тоьхна хан текхна ваьллачул тIаьхьа. Иза низам дохор лаьрра ТIехьа-МартантIехь куп тоьхначу кIоштийн юкъарчу прокуратуро, хаам бо "Сhechnya today" сайто. Казбек балхара дIаваьккхина, цо динарг санна зулам динчу нахана хьехархочуьнан даржехь болх бар дихкина хиларна. Белхан низам дохийна аьлла, прокуратуро административан гIуллакх долийна жима... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ПроУфу: Шен йоIанна кхерамаш тесна, боху Темясоворчу яхархочо

Башкирерчу Темясово эвлахь шаурма йохкархочуьнан нанас чIагIдо, шен йоIанна ницкъ бийр бу аьлла кхерамаш тесна бохуш. Цунах лаьцна яздо цу республикерчу «ПроУфу» интернетан портало. Кхерамаш теснарш муьлш бу дуьйцуш дац. Гезгмашин-беттан 30-чу буса Темясовохь дов даьлла леттера меттигера бахархой а, цу эвлахь болх беш болу нохчий а. Цхьана версица дов доладелла хилла шаурма юхкучу кхачанан хIусамехь. Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша, вовшашна тIе а тевжаш, яздо цу чу хIума кхалла бахана хилла нохчий... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Полисхой байа гIоьртина 4 стаг чувоьллина Нохчийчохь

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело бехктакхаман гIуллакх листина меттигарчу 4 вахархочунна дуьхьал долийна долу. Буьйцурш бу Аюб М., Iийса Р., Самир Д., Сулейман Х. цIарашца буьйцу нах. Уьш бехке бина ницкъаллин структурийн белхахошна тIелетарш дарна. Суьдо бинчу сацамца, 2017-чу шарахь Товбеца-баттахь цара Ножай-Юьртан кIоштахь, телефонех пайда а оьцуш, куьйга йина бомбанаш лелхийтина, полицин белхахой а, эскархой а байа дагахь. Цу кепара, ши эккхийтар а дина, тIемалоша чевнаш йина Омскан кIоштара Нохчийчу балха хьажийна волу полицин 2 белхахо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Муцольговн цӀийнах хьаьжна полици

ГIалгIайчуьрчу юкъараллан жигархочуьнан Муцольгов Русланан цIийнах хьаьжна полицин белхахой. Ницкъаллин структурийн белхахоша шайца дIаяьхьна цуьнан ноутбук а, мобилан телефона а. Цунах лаьцна "Кавказский узеле" хаам бина ша Муцольговс. Цо чIагIдарехь, талламаш дIабаьхьна низамаш лардон органийн белхахоша кхин а 13 республикерчу юкъараллан жигархочуьнан хIусамашкахь. Гезгмашин-беттан 29-чохь, лаьцне кхеле а вигина, гIуда туьйхира Муцольговна, Нохчийчоьнца доза къасторна дуьхьал хьажийна бакъо елла йоцу митинг вовшахтоьхна аьлла.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *