Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2019

Новости за 05.04.2019

Radiomarsho.com 

Немцов Борисан цIарах совгIат дала хьалхатеттина Титиев Аюб

Кху шеран Немцов Борисан Фондо 4-гIа луш ду Немцовн цIарах совгIат.  Оьрсийчохь демократин мехаллаш Iалашъярехь къонахалла гайтинчарна аьлла, оппозиционеран Немцов Борисан сий дарца юкъадаьккхина ду и преми. Дахначу шерашкахь цуьнан дакъа кхечира Шлосберг Левна а, Дадин Ильдарна а, Митюшкина Надеждина а. СовгIатан коьрта Iалашо ю - маршо къуьйсуш нах Оьрсийчохь кIезиг цахилар юкъараллана дIакхайкхор. Номинанташ хьалхататтарехь дакъалаьцна Науманн Фридрихан Фондо а, "Голос", "Солидарность" боламаша а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Косовон байракх дIаяьккхина Соьлжа-ГIаларчу стадионера

Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан куьйгалло сацамбина, "Ахмат Арена" стадионера Косовон байракх дIаяккха. "Чемпионат" гIирсо яздо, стадионан пресс-атташен Умаров Рамзанан дешнашна тIе а тевжаш, "Ахмат" клубехьа ловзучу массо а векалийн пачхьалкхийн байракхаш стадионера дIаяьхна аьлла. Лоруш йоцчу Косово Республикан байракх Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан "Ахмат Арена" стадионехь кхозуш хилар къастаде аьлла, тIедожийнера Сербино Оьрсийчоьнна. Ситуацина тIе тидам бахийтинера Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

МальсаговгIара кхерам тесна Евкуровна

ГIалгIайн тейпо дIахьедар дина республикан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке, яздо меттигерчу оппозицин "ФортангаОРГ" ресурсо. "МальсаговгIара Евкуров Юнус-Беке дIахьедина, иза а, цуьнан вежарша а жоп лур ду, нагахь церан куьйгах шайн некъех волчу цхьана векална зен хилахь", - яздо хьостано. ГIалгIайчохь уггар а Iаткъамечех а, доккхачех а ду МальсаговгIеран тукхум.

Radiomarsho.com 

Вакцина ма яйта бохурш жоьпалле озо гIерта Оьрсийчохь

Оьрсийчоьнан могушаллин министран гIовса Яковлева Татьянас хаамбина, вакцина ма яйта бохуш, информаци  яржор дехка Iалашонца урхалло низамийн проектийн пакет ю кечъеш аьлла. Цо бахарехь, низам хьашнарг жоьпалле озор волуш ву. Хаамийн гIирсашкахула а, интернетехула а, динан тобанашкахула а шуьйра харц информаци ю яржош вакцинаци ярх лаьцна аьлла, билгалдаьккхина министраллан векало. "Карарчу хенахь вакцинацис зен до бохуш, кхайкхамаш беш яржочу материалаша дуьхьало йо иммунопрофилактика ярехь", - аьлла Яковлева Татьянас. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан векалалла Бакох

Азербайджано а, Нохчийчоьно а барт бина Бакох нохчийн векалалла схьаелла. Иза хилла Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам Азербайджанан президентца Алиев ИлхIамца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.

Radiomarsho.com 

Виртуалан концертан хIусамаш кхолла пхи миллион сов ахча хьажор ду Нохчийчу Кремло

Пхи миллион ах миллион ахча луш ду Нохчийчоьнна виртуалан концертан хIусамаш кхолла. 2024-гIа шо чекхдалале Оьрсийчохь вируталан концертан 500 чоь кхолла дагахь бу Iедалхой. Оцу хьашташна аьлла, 33 регионна юкъахь 200 миллион доькъуш омрана куьйгъяздина Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс. Кабинетан министрийн сайт тIехь Iорабаьккхина и хаам. Синбахамаллин центршна генахь бехачу нахана таро лур ю оцу виртуалан хIусамаша гоьбевллачу артистийн концерташка уьш йоьлхучу заманчохь хьовса.

Radiomarsho.com 

Косовон байракх "Ахмат Арена" стадионера дIаяккха аьлла Сербин Iедалша

Лоруш йоцчу Косово Республикан байракх Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан "Ахмат Арена" стадионехь кхозуш хилар къастаде аьлла, тIедожийна Сербино Оьрсийчоьнна. Сербин Оьрсийчуьрчу векало Терзич Славенкос дина и дехар аьлла, яздо "Известия" газетано. Белградехь реза боцуш инзарбевлла, Косовон символ Соьлжа-ГIаларчу стадионехь гича аьлла, дIахьедина Терзича. Ситуацина тIе тидам бахийтина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло а. Мехкан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iаьлвис, гIуллакх толлур ду шаьш аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГаланчIожехь ваха сатесна 6500 стаг ву боху Iедалхоша

ГIалгIайчоьнца доза тоьхначу ГаланчIожан-кIоштахь ворхI эвла юхаденъян сацамбина шаьш, шайн дай баьхначу ярташка берза лаам бу 1400 гергга доьзалан аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан Iедалхоша. "Кавказский узел" агенталло хаттамбинарш тешна бу, белхан меттигашца а мехкан Iедало цхьа амал бийр бу аьлла. Дахначу шеран чакхенехь дIакхайкхийра Нохчийчоьнан урхалхоша, ГаланчIожан-кIошт юхаметтахIотто Iалашо ю шайн аьлла. Цигарчу ярташкахь баха луучех информаци гуляън дуьйладелира шаьш, цхьана кIиранчохь 200 гергга доьзало дIахьедира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровс, Делимхановс, Даудовс низамаш дохийна дац аьлла Кремло

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Думан депутато Делимханов Адама а, парламентан спикеро Даудов Мохьмада а тIедогIучу рицкъах Iорабаьхначу хаамашлахь низамаш дохийна меттиг хаабелла бац Оьрсийчоьнан президентан администрацина а, пачхьалкхан Думана а, Нохчийчоьнан парламентна а. Стохка гурахь "Трансперенси интернешенл" организацино дийцира, мехкан куьйгалхочо дойучу ахчан барам тIехсов бу аьлла. 128 говр ю цуьнан долахь, хетарехь 100 миллион сом пайда беана цара цунна тIаьххьарчу 4 шерачохь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Барселонехь полисхоша дIалаьцна 25 Гуьржийчуьра вахархо.

Испанехь дIаяьхьначу леринчу операцехь дIалаьцна Гуьржийчоьнан 25 вахархо. Царна бехке диллина къоланаш дар а, зуламечу тобанашкахь дакъалоцуш хилар а, яздо "Новости-Грузия" агенталло. Дуьненаюкъарчу полисхоша юкъахь болхбаран гурашкахь "Мерлин-така" аьллачу кодаца дIаяьхьна ю и операци. 250 полисхочо, шайлахь гуьржийн ницкъахой а болуш, кхочушйина лерина орпераци. Барселонехь цхьана хенахь школа лаьттинчу гIишло чохь куп тоьхна хилла цхьана зуламхойн тобан декъашхоша. Кеп-кепарчу пачхьалкхашкара верриг а 100 сов ву дIалаьцнарг... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Лаьцна латточу гIалгIайн жигархочо мацалла кхайкхийна

Кхааридийнахь 10 дей, буьйсий чохь даккха витинчу гIалгIайн къоман цхьааллин комитетан а, меттигерчу къанойн кхеташонан а декъашхочо Барахоев Ахьмада мацалла кхайкхийна. Бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада бина цунах хаам "Кавказский узел" агенталлан агIон тIехь ша лелочу блогехь. Барахоевн адвокато Урусова Фатимас чIагIдарехь, еаридийнахь дIахьедар дина къаночо, ша мацалла кхайкхорах, ишта цуьнан камера чуьра араяьхна массо а кхачан сурсаташ. Ша кхайкхийна  акци ойла а йина, кхетамчохь волуш йолийна ша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн полисхоша шена тIехь ницкъбина аьлла, бакъонашларъярхошка орца доьху Дебишев Тимура

Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн Лермонтовн цIарахчу театран актеро Дебишев Тимура бакъонашларъярхошка латкъамбина, нохчийн полисхоша шена тIехь ницкъбарх. Талламчаш дуьхьал хилла бехкечарна дуьхьал гIуллакх доло, цул тIаьхьа махкара аравала дезна Дебишевн. 27 шо долчу жимчу стага дийцарехь, стохка аьхка тIаьхьабевлира цунна полисхой. Кхунна евзачу йоIах хеттарш динера кхуьнга. Ницкъахойн версица, наркотикаш юхкуш ю аьлла, шеконашка эцна хиллера цара и йоI, ткъа цуьнан телефон чохь кхуьнан лоьмар карийчхьана, хеттарш дан буьйлабеллера Дебишевга. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *