Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2019

Новости за 11.04.2019

Radiomarsho.com 

Суданехь Iедал шайн караэцна эскархоша, президент ал-Башир лаьцна

Суданехь Iедал шайн караэцна армино. 30 шарахь цу мехкан куьйгалхо хилла президент ал-Башир Омар лаьцна. Суданна урхалла дийр ду тIеман кхеташоно. Цунах лаьцна къоман телевизионехула хаам бина тIеман министро Авад Мохаммед Ахмед ибн Ауфа. Махкахь кхаа баттана кхайкхийна чолхе хьал. Цхьана ханна болх бечура сацийна мехкан Конституци, 24 сохьтана дIакъевлина Суданан тIехула кеманаш лелар. ДIачIаьгIна дозанера талламан-чекхволуьйту меттигаш. Iедал хийцаран хан дIайирзинчул тIаьхьа махкахь харжамаш бан сацам бина эскаран векалша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровна дуьхьал гIаттам

ГIалгIайчуьра протесташ Кадыров Рамзанна дуьхьал гIаттам бу аьлла, хьесап дина политолога Белковский Станиславс. Йоллу Къилбаседа Кавказна тIехь Кадыров доладан гIертар бахьана долуш иккхина конфликт ю иза, тешна ву эксперт. ГIалгIайчуьра протесташ шех хьакхалуш йоцуш санна, кеп хIоттийна Iа Москва.

Radiomarsho.com 

Суданан президенто ал-Башар Омара дитина шен дарж

Суданан президенто ал-Башир Омара дитина шен дарж. Карарчу хенахь дагадовларш дIадоьлхуш ду цу махкахь керла Iедал кхолларх лаьцна, хаам бо Reuters агенталло. Ал-Башира президентан дарж дитарх лаьцна официалан хаам хилла бац. Хьалха хаам бинера Суданехь эскаран дакъоша гоне лаьцна Хартумера президентна цIа аьлла. Цу мехкан тIеман буьйранчалло хаам бина, шаьш телевизионехула а, радиохула а дIахьедар дийр ду кестта аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Bloomberg агентало. Маситта бутт бу Суданехь 30 шарахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Газах декхар дитарх лаьцна сацам юхабаьккхина Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхело

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело еарин дийнахь юхабаьккхина Соьлж-ГIалан заводан кIоштан кхело республикерчу бахархошна газах декхар дитар хьокъехь бина сацам. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. "Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело бина сацам юхабаккха, керла сацам тIеэца. Прокуроран когаметто тIедожор кхочуш де цхьана декъанна", -- аьлла дIакхайкхийна кхелан гIантас. "Газпром межрегионгаз Грозный" компанино бина латкъам листира кхаа суьдхочо. Прокуратуран иск бух болуш лерина цу компанино инвентаризаци ярехула. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь жима йоI лазийна IуьнцIалг боккхучу хелхархочо

Ловзаргахь хелхар деш воллучу стага жима йоI лазош яьккхина видео яьржина кху деношкахь YouTube-хь. Цу тIехь гуш ду цхьа жима стаг хелхаволуш хилар, юкъахьийзаш жима йоI а йолуш. Цхьана маьIаргонна иза тIехьа нисло бохь богIа волавеллачу хелхархочун. ЦIеххьана Iуьнцалг баккха дагадеана иза кхоссалой ларамаза тIевужу жимачу йоIанна. Хилларг къасто таллам болийна Нохчийчуьрчу прокуратуро, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Нагахь низам дохийна меттиг хилар гучудалахь, бехкенаш жоьпе озор бу шаьш, боху прокуратуро.

Radiomarsho.com 

Суданехь президентан цIа гоне лаьцна эскарша

Суданехь эскаран дакъоша гоне лаьцна Хартумера президентна цIа. Цу мехкан тIеман буьйранчалло хаам бина, шаьш телевизионехула а, радиохула а дIахьедар дийр ду кестта аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Bloomberg агентало. Маситта бутт бу Суданехь 30 шарахь куьйгаллехь волчу ал-Башир Омаран Iедална дуьхьал акцеш дIайоьлху. ДIадаханчу шотдийнахь Хартумехь президентан цIенна хьалха хан тоьхна йоцу демонстраци йолаелла, президенте дарж дита бохуш. The Guardian газето яздарехь, оршотан дийнахь армино лерринчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу митингийн декъашхочунна гIуда тоьхна

ГIалгIайчохь суьдо 20 эзар сом гIуда тоьхна Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасерчу митингехь дакъалаьцначу Барахоев Илезана. Иза бехке вина дуккха а адамаш дакъалоцу мероприяти дIаяхьаран кеп йохорна. Барахоевн да, 65 шо долу дуьхьалонан акцийн хьалханча Барахоев Ахьмад, 10 де хан а тоьхна, чувоьллина ву. Цунна бехке диллина, Iедалшка а ца хоуьйтуш, дуккха а адамаша дакъалоцу мероприяти вовшахтохар. Хьалхо ГIалгIайчохь лаьцна меттигера жигархо Дугиев ИбраьхIим. Иза бехке веш ву дуьхьалонан акци... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Газах декхар дитарехула рогIера кхеташо хир ю Нохчийчоьнан лаккхарчу кхелан

Нохчийчоьнан лаккхарчу кхело рогIера 5-гIа кхеташо дIахьур ю «Газпром межрегионгаз Грозный» компанино бина латкъам луьстуш. Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело бинчу сацамца, иза декхарелахь йина республикерчу бахархошна юхадогIур доцу декхар дита. Цу декхарх лаьцна дуьйцуш, цхьанне а аьтто бац ша ягийна йоцчу газах ахча дала аьлла, дIахьедар дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ТIехула тIе, цхьа а доцург ду Нохчийчьурчу бахархошна дитина бохуш 9 миллиардах лаьцна дуьйцург а, Заводан... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *