Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2019

Новости за 25.04.2019

Radiomarsho.com 

Шри-Ланка: лаьцна шина Iожалхочун да миллиардер ИбраьхIим Мохьмад

Шри-Ланкан Iедалша лаьцна кху беттан 21-хь лелхийтарш динчу шина Iожалхочун да меттигера миллиардер ИбраьхIим Мохьмад. Цунах лаьцна хаам бина CNN телеканало, полицина векална тIе а тевжаш. Бизнесхочун бехке дуьллуш ду террорхошна гIо дина хила мега бохург. Полицин векло дийцарехь, ИбраьхIиман доьзал а лаьцна хила мегаш бу. Дуккха адамаш а дойуш, керста наха Пасха даздечу католикийн кхаа килсехь а, пачхьалкхан Коломбо олучу шахьарерчу хьешан хIусамашкахь а, гIалина чувуллучохь а бомбанаш лелхийтира террорхоша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь толлуш ду актерана полицехь еттар

Соьлж-ГIаларчу Лермонтовн цIарах йолчу театран актеро Дебишев Тимура полицехь шена ницкъ бина хиларх лаьцна бина латкъам толлуш бу Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхалло. Цуьнан векалша бакъонашларъярхошка бинчу хаамца, хилларг талла долийна къаьсттина ладаме долу гIуллакхаш толлучу тобано карахь болу Оханан-бутт болалуш. Кхушеран Дечкен-баттахь хиинера Талламан комитет талла лууш ца хилар полисхоша Дебишевна ницкъ бар. И бахьана долуш бакъонашларъярхоша гIо дехнера актеро.  27 шо долчу жимчу стага дийцарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Украинахой мотт лелорах низам тIеэцна Лаккхарчу Радо

Украинин Лаккхарчу Радо шолгIачу ешарехь тIеэцна "Украинахойн мотт пачхьалкхан санна леларх" лаьцначу низаман проект. Цу проектехьа кхаж тесна 278 депутато, оьшуш 226 кхаж а болуш. Украинин президенто Порошенко Петрос хьалхо дIахьедар динера, цу низаман проектана тIе куьг таIор ду ша аьлла. Керлчу низамца а догIуш, украинахойн мотт цхьаъ бен хир бац махкахь пачхьалкхан мотт, ткъа цунна дуьхьал болу нах жоьпе озо догIуш ду. Украинин Конституцица украинахойн мотт пачхьалкхан бу. Цуьнца цхьаьна Iедал ларбан жоьпаллехь ду оьрсийн а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Погоровн цӀийнах хьожуш бу ФСБ-н белхахой

ГIалгIайчохь ФСБ-н белхахой цӀийнах хьожуш бу Нохчийчоьнца доза къастор нийса дац бохучу нехан боламан хьалханчех цхьаъ волчу Погоров Ахметан. Цунах лаьцна яздо, "МБХ медиа" сайто, меттигерчу юкъараллан жигархочун Муцольгов Русланна тIе а тевжаш.   Цо дийцарехь, и болх болийна ницкъаллин структурин белхахоша Карабулак гIалахь, Погоровн а, цуьнан шина вешин а хIусамашкахь. Погоров цIахь ву-вац Муцольговна ца хаьа.  Кхаарин дийнахь федералан кхерамазаллин сервисан ГIалгIайчуьрчу урхаллан белхахой баьхкина хиллера Погоров волчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кху шарахь тIемало ву аьлла 1 стаг вийна Нохчийчохь

2019-чу шеран 3 баттахь цхьа стаг вийна Нохчийчохь, тIемало хилла аьлла шеко йолуш, хаам бо "Кавказский узело", чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан векална тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, стохка республикехь тIемало ву аьлла вийнарг 6 стаг вара. Изза бехк а биллина, 2018-чу шарахь лаьцнарг а вара 6 стаг. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан белхан жамIаш деш коллегин кхеташо хилла Оханан-беттан 23-чу дийнахь.

Radiomarsho.com 

Дерриг а фронтна! Дерриг а толаман дуьхьа!

Регионан урхалхочо дIахьедина меттигерчу хаамийн гIирсийн болх катоьхна дикаллица жигарабаккха беза аьлла. Медиан болх хийцар тIедиллина Кадыровс шен хьалхо хиллачу гIоьнчана Дудаев Ахьмадна.

Radiomarsho.com 

Колонехь ламаз ца дайтар низамехь доцуш лерина Нохчийчуьрчу кхело

Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштарчу кхело низамехь доцуш лерина Красноярскерчу номер 17 йолчу колонехь (ИК-17) тутмакхе Битаев Сулиме гIуданан изоляторехь цкъа 5, юха 7 де даккхийтар а, ткъа иштта цхьаннан камери чохь 6 бутт баккхийтар а. Битаевн дехарца суьдан сацам байтинарг ю "Общественный вердикт" фонд. Тутмакхо латкъам бинера ИК-17 колонехь шеца харцо лелийна аьлла. Соьлж-ГIаларчу кхело бинчу сацамца, хьалхара таIзар Битаевна дина хилла Iуьйранна дегI меттахдаккху хан цо ламаз деш яьккхина хиларна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Нохчийчоь денъярна" Путинна баркалла аьлла Даудовс

Нохчийчуьрчу парламентан гIантдас Даудов Мохьмада Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна хьалха къамел дина низамаш дохучу органийн куьйгалхойн Петарбухехь хиллачу кхеташонехь. Цо баркалла аьлла мехкан куьйгалхочун "республика денъярна". "Ахь динарг а, Владимир Владимирович, Нохчийн Республикан хьалхарчу президенто Кадыров Ахьмад-хьаьжас динарг а бахьана долуш тхан республика уггаре хаза а, кхерамза а регион а хилла дIахIоьттина", - аьлла Даудовс. Нохчийн бIешарашкахь дуьйна Iедал ду шайна дина дика диц ца деш а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан куьйгалхо даим Путин хила веза - Кадыров

Оьрсийчоьнан кхане кхерамзан хилийта а, дуккха а къаьмнаш а, динаш а долчу пачхьалкхера халкъаш машаре а, бертахь а дахийта оьшу Путин Владимира мехкана куьйгалла дар. Иштта ойла йолуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. "Владимир Владимирович даима а хила веза Оьрсийчоьнан куьйгалхо а, вайн къоман лидер а, нагахь вайн кханенан вайн гIайгIа белахь!", - яздина цо шен «ВКонтакте» агIонехь. Цунах лаьцна хаам бинчу "Регнум" агенталло дагадоьуьйту, Путин даима а президент хила везаш хиларх лаьцна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бер доьхкина зуда лаьцна Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахошна бер доьхкина меттиг гучуяьлла республикехь. Болчу хаамца, зулам дина кхушара Дечкен-бутт чекхболуш. 50 шаре яьллачу ГIалгIайчуьрчу яхархочо 400 эзар соьмах хIинцца дина бер доьхкина хилла ТIехьа-Мартанан кIоштарчу яхархочун. Зуламхо лаьцна чуйоьллина талламан изоляторехь. Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна хилларг бахьана долуш.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *