Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Сентябрь
2019

Новости за 13.09.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (13.09.2019)

Хангошвили Зелимхин гергара нах арабаха дагахь ю Швеци, "Оьрсийчоьнан дозалла" хилла нохчо, ГIебартойн-Балкхаройчохь къона хастамбархо ваьлла Кадыровна. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а)

Radiomarsho.com 

Хангошвили верах лаьцна керла хаам бина немцойн лерринчу сервисаша

Немцойн лерринчу сервисаша дийцарехь, нохчийн мухIажар Хангошвили Зелимха вийначул тIаьхьа лаьцна стаг цул хьалха, юьхьарлаьцна Iалашо а йолуш, лелла Европехула, "билггал инструкцеш елла волуш санна", хаам бо InoPressa сайто, Германерчу Süddeutsche Zeitung-на тIе а тевжаш, яздо "Собеседнико". Süddeutsche Zeitung гIирсо дийцарехь, Иркутскехь 1970-чу шарахь виначу Соколов Вадим Андреевичан цIарца паспорт шегахь долу зуламхо, Парижерчу аэропорте а веана, цхьана ханна Варшаве вахана хилла, Марсхьокху-беттан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Швецера араваккха мегаш ву Хангошвилин вешин ши кIант

Берлинехь вийначу Хангошвили Зелимхин гергара нах шайн махкара арабаха дагахь ю Швеци. Вуьйцург ву Зелимхин вешин Хангошвили Зурабан 18, 21 шераш долу ши кIант.   Меттигерчу нохчийн диаспоран жигархоша бинчу хаамца, вежарий мичча хенахь Швецера дIахьажо мегаш бу шаьш схьабевллачу Гуьржийчу. Болчу хаамца, иза хила дезаш дара оршотан дийнахь, амма ца девзачу бахаьаница тIаьхьатеттина. Нохчийн диаспоран векалша дийцарехь, карарчу хенахь Хангошвилин гергарнаш юкъараллин тидам тIебахийта гIерташ бу шайца хIоьттинчу хьолана.

Radiomarsho.com 

Шен гIайгIанца - цхьаъ ша

Ши шо ду Хасу-Юьртара Якубова Циля шен воI лоьхуш хьийза – Нохчийчу дIавигина иза Лурчах гурахь 43 шо кхаьчна волу Дагестанера Кардашов Алексей вадийра Хасу-Юьртарчу цхьана урамера. Телефон тоьхна, чуьра аравехна иза, ткъа араваьлча, тIекхетта, шен доларчу Lada Vesta машена чу а тоьхна, дIавигина. Талламчаша бахарехь, Нохчийчу вигина иза. Кхин цунах хууш дац хIумма а. Лачкъийначун нана Дагестанерчу, Нохчийчуьрчу массо а урхаллех чекхъяьлла орца доьхуш. Президенте Путине а, Кадыров Рамзане а,... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Оьрсийчоьнан дозалла" къовсамехь толам баьккхина къона нохчочо

Нохчийчуьрчу ТIехьа-МартантIера Ильясов Хьусайнах хилла "Оьрсийчоьнан дозалла" къовсаман толамхо, хаам бо "Регион online" сайто. Жима стаг шен белхан накъосташца Веданан кIошта садаIа вахана хилла Къоьзан-Iоман йисте. Хина кема хохкуш маьхьарца гIо доьхуш дIасауьдуш адамаш а гина, хьем а ца беш цу метте тIехакавелла иза. Цигахь хи чувоьжна хилла 8 а, 7 а шераш долу ши кIант. Цу шиннах цхьаъ хи буха вахана хилла, ткъа важа хьала вала гIерташ тIамарш етташ хилла. Сихонца тIекхиинчу жимачу стага хьалаваькхкина и шиъ. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

КъорIан Iамош ю Dolce&Gabbana-н нохчийн седа

Нохчийчуьра къона модель а, духар кечдон говзанча а Бисултанова Илона евзира дерриг а дуьненна, "Dolce&Gabbana" (Долче а, Габбана а) ​ модан цIийнан хьиджабашна реклама йинчул тIаьхьа. Модан индустрехь тоьлла дизайнер лоручу Габбано Стефанос шен Instagram-хь леррина пост а язйина билгалъяьккхина нохчийн модел, яздо "КП" сайто. Газето билгалдаккхарехь, жима йолуш дуьйна дас гIо дора шен йоIанна Сьолж-ГIалахь дизайнер цунах хуьлуш. 17 шо долуш цунах хилира Къилбаседа Кавказера уггар Iаткъаме модельер. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Кхана сан мотт лийр белахь, кийча ву со тахана вала"

Маршо Радио,                                                                                                        "Idel.Реалии"  Еарийдийнахь Ижевскехь къаьсташ бара бахархой кху беттан 10-чу дийнахь ша-шех цIе а тесна, ваьгначу удмуртийн Iилманчица Разин Албертаца. Декъа, деса дара тезетахь хьакамийн къамелаш, ткъа иза вевзинчу жигархоша, шайн "синойн дакъош" дIадаьхьина Разина шеца, бохура. Ижевскерчу Удмуртин пачхьалкхан театрехь гулбелира къоман "Удмурт кенеш" боламан декъашхой а, мехкан жигархой а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIебартойн-Балкхаройчохь къона хастамбархо ваьлла Кадыровна

Мухьаммад цIе йолчу ГIебартойн-Балкхаройчуьрча жимачу дешархочо Кадыров Рамзанна хьажийна ша язйина байт, яздо "Комсомольская правда" газето. Къона лирико "джигит" а "маж йолу бусалба" а, "тхан онда турс" а олу Нохчийчоьнан куьйгалхочух. Цул тIаьхьа диферамбаш (диферамб – ширачу Грецехь Дионис олу цIу хестош олу сийлахь илли) дIайирзинчул тIаьхьа Мухьаммада Везавоккхучуьнга ларвар доьху "ваша Рамзан вочу адамех, шалхончех, шатIанех".   Цунна дала хьакъ доллу совгIат санна доьху дешархочо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Путин: "Кавказера кIентий тIеман дешаран меттигашка дIа ма эца аьлла цхьа а омра делла дац"

Кавказера схьабевлла кегийрхой тIеман дешаран меттигашка (училище) дIаэцар доьхкуш цхьана а кепара къайлаха омра дина дац. Цунах лаьцна де хьалха дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, БотIлихехь Дагестанерчу "ополченцашца" шен хиллачу цхьаьнакхетарехь, хаам бо РИА Новости агенталло. Агенталло бигладаккхарехь, буьйцурш бу Дагестанера а, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а кегийра нах.  "Мелхо а, вайна оьшуш бу Кавказера кIентий армехь, тIеман ницкъашкахь", - билгалдаьккхира мехкан куьйгалхочо. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *