Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Сентябрь
2019

Новости за 16.09.2019

Radiomarsho.com 

Олимпиадехь лата бакъо яьккхина Евлоев Мусас

Желтой-римахойн кепехь охьатохархлатархо Евлоев Муса тоьлла Нур-Султанерчу (Казахстан) дуьненан чемпионатехь оршоьтадийнахь, 97 кийланийн категорехь. Хилла чов бахьанехь, финалехь цуьнца лата юкъа ца ваьлла Эрмалойчуьра спортхо Алексанян Артур, чемпионан цIе а, Токиорчу аьхкенан Олимпиаде ваха лицензи а елла Мусана. 1993-чу шарахь ГIалгIайчохь вина Евлоев Муса, охьатохархлатархочун некъ чIагIбина цо Калининградехь а вехаш. Стохка чемпион велира Муса Венгрерчу дуьненанюкъарчу къовсадаларшкахь. ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчо набахте хьажийна интернетехула нах терроре кхайкхарна

27 шо долчу Нохчийчоьнан вахархочо Хадисов А.-с терроризм бакъеш хилла интернетехула, яржийна экстремизман ойланаш, боху Къилбаседа Кавказан тIеман кхелан сацамо. Кхо шо хан тоьхна цунна набахтехь такха, дихкина кхаа шарна интернетехула сайт лелон а. Нохчийчуьрчу ФСБ-н пресс-гIоьнчаллера иштта хаам баржийна Regnum агенталло.

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (16.09.2019)

Манцигов Абуезед - дуьненан чемпион, Нохчийн блогеран Beshta Live уггаре дикачу каналех ду боху Google компанино, Нохчийчуьра цIабахначу Красноярскерчу полисхошна елла "ТIеман декъашхо" мидалш (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а)

Radiomarsho.com 

Байна нах лоьху 28 нохчо ваьлла Европан кхеле

Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхеле аьрзнаш чуделла Нохчийчохь 2016-гIа шо довш - 2017-чу шо долалуш лаьцна, доьза вайинчу 8 стеган гергарчара – верриг а 28 стаг ву арздинарг. "Керлачу газето" ("Новая газета") бахарехь, нохчийн полицино хIаллакбина нах бу буьйцурш. Бакъоларъяран "Мемориал" центро дийцарехь, арздинчара далхадо шайн гергарчарна гIелояр, цаьргара маршо дIаяккхар, синош дахар, шайн аьрзнаш Оьрсийчоьно тергал цадар. Аьрзнийн авторша чIагIдарехь, Нохчийчуьра ницкъхой бу церан гергарнаш лецнарш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн блогеран Beshta Live уггаре дикачу каналех ду боху Google компанино

ХIора шарахь хуьлучу YouTube NextUp конкурсан кхушарлера жамIаш кхайкхийна Google компанино. БIеннаш YouTube-каналех 12 "дика тIаьхьалоерш" схьахаьржина эксперташа. Царалахь ю Нохчийчуьрчу вахархочо лелош йолу Beshta Live канал а. Шо бен дац "Бештас" шен канал кхоьллина. Цо дуьйцу шех, шен накъостех, ша мохк гезбеш дуьхьалдетталучу дикачу адамех лаьцна, йовзуьйту Нохчийчоь. Кхушарлерчу YouTube конкурсехь дакъалоцуш бара Оьрсийчуьра, Беларусера, Казахстанера, Азербайджанера блогерш. Дерриг а къовсамехь хилла канал дара 675. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Оьрсийчохьчул а дуккха а хала ду Кавказехь заьIапхойн бакъонаш Iалашъян"

ГIалгIайн жигархочо Евлоева Лизас дуьйцу шен къарцаяларх а, гIудалкхчуьрчу шен дахарх а. ГIалгIайчохь дика евза 29 шо долу Евлоева Лиза. Чолхе инфекци хьакхаеллачул а тIаьхьа, ша кога ирахIоьттина ю иза, ткъа хIинца гIо деш ю Лиза шен дегIан дола ца далучу, цомгашчу нахана. Кегийрхойн "Машук" форумехь хIора шарахь толам боккху цо, ткъа цигахь лучу грантех ша вовшахтоьхна Центр шаре кхиайо цо. –​ Лиза, дийцахьа хьайн Центрх лаций. - Массо а агIонаш лелош, кеп-кепара функцеш кхочушъеш центр ю хIара тхан. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра цIабахначу Красноярскерчу полисхошна елла "ТIеман декъашхо" мидалш

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн Красноярскерчу урхаллин цIарх Нохчийчохь эха шарахь ханехь а лаьттина, цIабаьхкинчу полисхойн цIерпоштанна дуьхьалбахара церан хьаькамаш. Некъара биссинчу полисхошка вистхиллачу Красноярск мехкан полицин буьйранчийн гIовсо Стефанков Олега а, меттигерчу парламентан спикеро Свиридов Дмитрийс а дика болх барна хастийра махка юхабирзинарш, "ТIеман декъашхо" мидалш елира "лаккхара хало ловш декхар кхочушдинчу" шина полисхочунна. 2009-чу шарахь официалехь йирзина "контртерроран операци" Нохчийчохь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЧIаьнтийн гуламехь

Мукъаденошкахь чIантийн тайпан гулам хилла Итум-Кхаьллан кIоштарчу Тазбичохь. СагIа а доккхуш, къоман цхьааллах ойла а еш, дай баьхначу шайн лома гулбеллачу чIаьнташца цхьаьна бара оцу тайпанца гергарлонаш долу гIалгIай а, хIирий а, Дагестанерчу къаьмнийн векалш а. Барам кечбеш а, хьеший тIеоьцуш а жигара хьаьвзира чIаьнташлара Iеламча Ибишев Хьамид, философин доктор Гадаев Ваха, киносценарист Коканаев Руслан, кхиболу а жигархой.

Radiomarsho.com 

Деа дийнахь бен бийр бац болх?

Пачхьалкхехь белхан эвсаралла лакхаяккхархьама хIоттийначу программица а догIуш, шаьш къастийначу меттигашкахь белхан кIира деа дийне охьадакха кечлуш ю Оьрсийчохь къинхьегаман министралла, РИА Новости агенталло бечу хаамца. Оццу хьокъехь дийцина "Известия" газето, экономика кхиоран министран гIовсанна Засельский Петрна тIе а тевжаш. Эксперимент дIахьор ю юьртабахамашна а, сурсатех кхачоечу а, Iилманан а, техника кхуллучу а, гIишлошъечу а хьукматашкахь, цуьнан жамIашка хьажжина хир ду пачхьалкхехь белхан кIира деа дийне даккхарца дерг... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Пал тосу зударий" къарбеш ю Нохчийчоь

Массех де хьалха Ибрагимова Секент лаьцна, шена "хIума хаьа" бохуш, пал туьйсуш, наханна "хилла бIаьрг бостуш", "безарш тIеберзош", кхиболу бозбуанчаллаш лелош хьийзарна. ЧГТРК телекаланан камерашна хьалха Iеламчаша цуьнан юьхьйохуш гайтира Нохчийчоьнна. "Терроризмал а кхераме ду палтасар", - бохура царех цхьана Iеламчас.

Radiomarsho.com 

Манцигов Абуезед - дуьненан чемпион

Нохчийн охьатохархлатархо (желтой-римахойн кеп) Манцигов Абуезед дуьненан чемпион ваьлла Кахастанан шахьарахь Нур-Султанехь йоьдучу чемпионатехь. 72 кийлан категорехь леташ волчу Манциговс финалан латарехь 9:0 жамIца эшийна Узбекистанера Варданян Арам. 26 шо ду Манцигов Абуезедан. Кхушеран Европерчу чемпионатехь а туьйлира иза. Токиохь 2020-чу шарахь хуьлучу Аьхкенан Олимпиаде ваха некъ баьккхина шена нохчийн спортхочо. Манцигов воцург кхин а массех нохчо ву Нур-Султанерчу дуьненаюкъарчу чемпионатехь меттигаш къовсуш.

Radiomarsho.com 

Ши Приора вовшахкхетта, 6 стаг велла Нохчийчохь

Соьлж-ГIала боьдучу новкъахь, Iалхан-ГIалина гергахь, кIиранан сарахь, 9 сахьт долуш, вовшахкхетта ши "Приора" машен. Ялх стаг велла, шайлахь ши бер а долуш. РЕН ТВ хьасто бечу оцу хаамца а догIуш, ши стаг лазийна, дарбанцIийне кхачийна.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *