Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Сентябрь
2019

Новости за 27.09.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (27.09.2019)

Ахъядов бехкевар, девешин юьхьъяккхар, блогерца юкъаметтиг къастон вахна Лорд. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Туристашна визанаш ялар долор ду СаIуда Iаьрбийчоьно

Дуьххьара туристийн визанаш яла йолор ю СаIуда Iаьрбийчоьно. 40 пачхьалкхан бахархойн таро хир ю онлайнехь уьш схьаэца, 80 доллар мах а луш. Цкъачунна мехкийн цIераш зорбане яханза ю. Reuters агенталло бина цунах хаам. Меккерчу а, Мединерчу езачу меттигашка кхача таро хир яц туристийн. Оцу Iалашонца даим а санна зияртхочун виза яккха еза цара. Корта бахон маларш мийла а могуьйтур дац кхечу пачхьалкхашкара чубаьхкинчу нахана. Амма йиш хир ю туристийн-зударийн паччахьалле хьовса баха улло ваьлла борша стаг а воцуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Степанов? "Берлинехь стаг вийнарг" хила тарлучун кхин а цхьа сурт

Добрынин Сергей,                                                                                                  Кротов Марк,                                                                                                                    Маршо Радио, оьрсийн сервис Маршо Радионо Iорадоккху Оьрсийчуьрчу киллеран, милицехь болх бинчу стеган – Степанов Владимиран – сурт. Iамеркарчу  The New York Times газетана хетарехь, иза хила тарло Хангошвили Зеламха вийнарг. 2005-чу шарахь 24 шо хан а тоьхна, набахте хьажийна Степанов. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Муцураевн илли зорбане даьккхинчу студентах гIуда хьарчийна

Экстремистийн материалаш яржорна бехкевина Къилба ХIирийчуьра студент. Социалан машанерчу цуьнан агIон тIехь нохчийн бардан Муцураев Тимуран 2014-чу шарахь Оьрсийчохь дихкинчех "Сады нас ждут" илли хааделла хилла полисхошна. Оьрсийн зуламан кодексан 20.20 артикл йохийна аьлла, тIечIагIдинчу кхело тидаме эцна оцу кIентан цу деношкхаь бен 18 шо кхаьчна цахилар. Оцу бахьанашца 1000 эзар сом гIуда а текхна, валийтина иза аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале Къилба-ХIирийчоьнан Лакхарчу кхелан пресс-гIуллакххоша.

Radiomarsho.com 

Борз а, цхьогал а, нIаьна а

Барзо а, цхьогало а, нIаьно а цхьаьнакхетта сацам бина лаьмнашкахь цхьа ца вехачу хьуьнхахь шахьар йилла. - Муха йилла еза и шахьар? Уггар хьалха хIун дан деза вай? - хаьттина барзо цхьогале. - Ахь хьуьнхара дечиг дохьур ду, ас стигала кIур оьхуьйтур бу, ткъа нIаьно Iуьйранна, кхайкхина, массо а самавоккхур ву. ТIаккха нахана юкъахь даьржар ду вай шахьар йиллина аьлла, - жоп делла цхьогало. ШолгIачу дийнахь борз хьуьнха яхана дечиг даккха, ткъа цхьогал, шена ижонна нIаьна схьалаца дагахь, цунна тIаьхьадаьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шен махкахо вийначунна чохь яккха хан тоьхна Нохчийчохь

Нохчийчуьра И. Асланбек бехкала воьллина, меттигера вахархо а вийна, зулам динчу меттигера къайлаваларна. Кхелахоша 9, 9 шо хан кхайкхийна цунна набахтехь даккха, хаамбина REGNUM агенталле регионерчу прокуратурехь. Машен чохь хиина Iачу шина накъостан дов даьлла хилла вовшашка хиллачу цабезамна. Шена вас йинарг вен Iалашо лаьцна Асланбека. Садукъийна иза вен а вийна, цуьнан дакъа лаьттах доьллина, ведда хилла иза. Полисхоша дIабаьхьначу оперативан барамашкахь дакъа карийначул тIаьхьа, ша динчуна  къаро йина Асланбека.

Radiomarsho.com 

Хьенан бакъо ю Австрехь кхаж таса?

Австрерчу SOS Mitmensch цIе йолчу юкъаралло акци дIаяхьна, цу махкахь бехаш болчу кхечу пачхьалкхийн паспорташ долчу нахана кхаж тасийта бакъо яла езаш хиларна тIе тидам бахийтархьама. Pass Egal Wahl цIе йолчу цу акцехь дакъалоцуш дуккхаъ нохчий а бара. Цу барамех лаьцна дуьйцучу хенахь цхьаболу Австрехь беха нохчий нийса ца кхеттера.

Radiomarsho.com 

Некъан хьовзамехь кхиазхочун карах 7 шо долу бер делла

Нохчийчуьрчу кхиазхочо урхалла ден машен тIекхетта велла 7 шо долу кIант. Республикан прокуратурано талламаш дIахьо оцу инцидентна гонах. Маршо Радионо яздира, дахначу кхааридийнахь Комсомольское олучу эвлахь 18 шо а кхачазчу кхиазхочо Форд Фокусан урхалла дечу заманчохь некъатIехула дехьаволучу 7 шо долчу кIантана тIе машен тоьхна аьлла. Чолхечу чевнашца Соьлжа-гIаларчу лоьмар 2 йолчу дарбан цIийне валийна хиллера жима кIант. Керлачу хаамашца, дарбан цIийнехь кхелхина и бер йинчу чевнех. Прокуратурано... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхечу мехкашкара дагестанхой баьхкинера даймохк ган

Дагестанера схьабевллачу нехан кхоалгIа гулам хилла ХIинжа-ГIалахь. Бараме веанера 21 пачхьалкхера 300 дагестанхо. Хьалхара гулам 1991-чу шарахь хIоьттира, шолгIаниг – лурчах. Йиллинчу хенал тIаьхьа йолийра форум. Мехкан куьйгалхо Васильев Владимир цкъачунна спортхой декъалбеш ву, бохура бIаьргашца неIарш тергалъеш Iачу хьешашка а, журналисташка а. Цхьа хан яьлча веара Васильев. Цуьнца цхьаьна гуламхошна тIебаьхкира деношкахь Казахстанехь дуьненан чемпионаш бевлла охьатохархлатархой а. Чохь яьржинчу гIовгIанах кхийтира хьеший... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн блогерца юкъаметтигаш къастон ваханера нохчийн спикер

Блогерца юкъаметтиг къасто Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозане веана хилла нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад. Масех паблико видео яржийна, мила ву ца хуу цхьа блогер схьаваре ша хьоьжу ши сахьт хан ю бохуш, спикеро дIаязйина. Социалан машанехь ша сийзазвен комментареш язйина, блогеро шена дуьхьалвола аьллера  шега боху Даудовс. "Муха ю хьан цIе? Басер ву хьо йа мила ву? Хьо кхузарчу дозане тIевогIур ву ма аьллера ахь соьца цхьаъ листа. Ши сахьт ма ду ас хьо ларвен. Шайн республикан доза гой хьуна? Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маре йоьду вешин йоI декъалйинчу девашас шена къинтIера довлар доьху

Шен маре йоьду вешин йоI декъалйинчу Нохчийчуьрчу девашас а гечдар дехна. Цо бахарехь, дайн Iадаташ дохон декхаре вацара иза. "Социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь нускална уллохь лаьттарг со ву, цуьнан деваша. Вайн Iадаташца а догIуш, да а, ваша а лачкъа везаш ву чуьра йоI маре йоьдучу дийнахь. Соьгара ледарло яьлла. Цундела шуьга кхайкхамбо ас, цу тайпаниг шайгара ма далийта аьлла", - дIахьедо видео тIехь деваша ву ша бохучо. Чуьра зудабер нехан цIартIе доьдучу дийнахь "ледарло" яьллера шайгара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Химин герз лелорна Димашкъна бехкбиллина Iамерко

Стигалкъекъа-баттахь Идлиб провинцехь химин герзца тIелатар дарх жоьпалла Шеман президентан Асад Башаран режимна тIехь ду. Нью-Йоркехь йоьдучу пресс-конференцехь дIахьедар дина цунах пачхьалкхан секретаро Помпео Майка, яздо Рейтерс агенталло. Хлорах пайда а оьцуш, хетарехь, динчу тIелатарх зераш зийна Iамеркан иччархойн урхалло, билгалдаьккхина Помпеос. Шайн дIовше молха хилла а дац, йа шаьш дуьйцучу тIелатаршна гунахь дац бохуш, даим а дIахьедо Шеман Iедалхоша. Стигалкъекъа-баттахь хилла тарлун... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийн бахархошна дихкина балкон тIехь цигаьрка оза

КарабогIучу беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь доьхкуш ду балкон тIехь цигаьрка оза. Цу кепара хийцамаш бина цIе ца йолуьйтучу режиман низамашкахь хаамбо "Интерфакс" а, ТАСС а агенталлаша, орцан министраллан дIахьедарца. Хаамийн гIирсаш тIетевжинчу документ тIехь яздо, йиллина цIе лелор дихкина балконаш тIехь а, петарийн лоджешкахь а, юкъарчу хIусамийн чоьнашкахь а, хьешан цIеношкахь а. Ишта могуьйтур дац бахархошна шашлыкаш ятта а, чIурамаш дагон а. Низамаш дохийначунна гIуда тухур ду 3 эзар соьме кхаччалц. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно Шема ягорг кхехьарна санкцеш тоьхна Iамерко

Шемахь куп тоьхначу оьрсийн эскаршна авиацин мехкадаьтта латторна Цхьанатоьхначу Iамеркан Штаташа шаьш Оьрсийчоьнна тоьхна санкцехь кхи тIе а шорйина. Maritime Assistance компани а, Оьрсийчоьнан кхо вахархо а, пхи оьрсийн хIордкема а ду тептарна юкъадахнарг. Iамеркан финансийн министраллан официалан сайтехь бина цунах хаам. Maritime Assistance фирма хьалхо Iамерко санкцеш тоьхначу "Совфрахт" компаница йоьзна лору министралло. Стохка аьхка цуьнан векалш – пхи Оьрсийчоьнан вахархо а, шемахо а бехкевира... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *