Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2019

Новости за 14.12.2019

Radiomarsho.com 

ХIирийн а, гIалгIайн а берашна дихкина Iедало школехь доьшучу муьрехь телефонош лело

Оьрсийчохь 10 000 сов школо дихкина берашна цара доьшучу сахьташкахь телефонаш лело, аьлла дешаран министра Васильева Ольгас, хаамбо ТАСС агенталло. Министро дийцарехь, Къилбаседа ХIирийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу, Белгород-мехкан массо а школашкахь бина и тайпа сацам. Оьрсийчоьнан кхин а цхьайолчу регионашкахь доьхку школашкахь гаджеташ лелор. «Шайга хеттарш динчу нахах кхаа декъо боху, берашна а санна, педагогашна а дехка деза белхан муьрехь телефонашна чухьежа – суна а хета иза иштта», - боху Васильевас.

Radiomarsho.com 

Ши шо набахтехь доккхур ду Суданехь президент Iийначу Iумар ал-Башира

Суданехь президентан даржера вохийначу Iумар ал-Баширна коррупци лелорна нахабтехь такха ши шо къастийна пачхьалкхан коьртачу шахьарахь Хартумехь йирзинчу кхело, хаамбина "Ал-Джазирас". 75 шо долу къано бехкевина низамехь а доцуш, арахьарчу пачхьалкхашкара схьа а оьцуш, валюта цIахь латторна а, хьарам бахам шена гулбарна а. Шерашна воккха хиларна иза хьажош ву «коррекцин центре».  Яхначу бIаьста протесте бевллачу суданхойн агIор лаьттачу эскарша даржах вохийра Iумар ал-Башир. ХIетахь къоьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

5,4 млрд сом охьадилла боху кхелаша тоьках ахча дIа ца далалуш бисинчу кавказхошка

46 эзар сов стаг ву «Къилбаседа Кавказерчу Россети» (серло латточу хьукматна) ягочу тоьках декхаревахана. Цуьнан юристаша кхеле белла и нах, цара 8,6 миллиард сом тIехьарчорна. Кхелаш бакъян лараелла цкъачунна 27 зар абоненташка йолу претензеш. Кху ханна церан сацамашца бахархоша охьадилла деза серло латточу организацешна 5,4 млрд сом. Ягочу энергех ахча дIа ца луш бисина Къилбаседа Кавказехь вуно дукха хIусамийн-коммуналан бахамаш. Деккъа цара тоьках тIехьарчийнарг ду 11,5 миллиард сом. Республикашлахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

«Iазапна дуьхьалояран комитето» филм яьккхина ша Нохчийчуьра эккхор гойтуш

Соьлжа-ГIалара «Iазапна дуьхьалояран комитетан» офис ягийна 5 шо кхачарца доьзна, бакъоларъярхойн юкъаралла Нохчийчуьра эккхор довзуьйту Чиликов Евгенис яьккхинчу "Эвакуация" филмо. "ХIусам ягорна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх ду айдина, иза дIахьош бу Къилбаседа Кавказерчу Талламан комитетан урхаллерчу хьалхарчу декъан ( I отдел ГСУ СК РФ по СКФО) талламчаш. Оццул хан яьллехь а, дина дац хIумма а. «Эвакуация» филмо гойту, мел баккхий баланаш лов Iедал «кочадахначу» бахархоша а, уьш къелхьарбаха арабовлучу бакъоларъярхоша а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гуьмсан а, Нажи-Юртан а кIошташкахь хийцина полицин хьаькамаш

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн дакъошкарчу буьйранчашца дIаяьхьначу кхеташонехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бовзийтина Гуьмсан а, Нажи-Юртан а кIоштийн полицина коьрте хIиттийна керла нах, яздо "Чечня сегодня" портало. Гуьмсан кIоштан полицин коьрте хIоттийна Чалаев Исхьакъ – иза Нажи-Юьртан кIоштахь оццу даржехь вара. Ткъа Нажи-Юртан кIоштан полицин хьаькам ву хIинца оццу декъехь болхбеш хилла эпсар Чалаев Мурад. «Исхьакъа а, Мурада а доккха зеделларг IаIийна полицехь. Нажи-Юртан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Думин депутат Делимханов Адам муха веха гайтина блогеро Абдурахманов Тумсос

Гуьмсан кIоштарчу Жалкхехь Оьрсийчоьнан парламентан депутат  Делимханов Адам а, цуьнан гергарнаш а беха куп гойтуш видео яржийна шен блогехула оппозиционеро Абдурахманов Тумсос. Дронца яьккхинчу видео чохь гуш ю гIопашца къевлина исбаьхьа хIусамаш, яккхий бошмаш. Блогеро дуьйцу Пачхьалкхан Думехь кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьалояран а комитетан декъашхо а, цуьнан вежарий а, нана а, шичой-маьхчой а муха беха. Тумсос дийцарехь, «дукха нахана а санна, шена Кадыров Рамзанан цавезачу цуьнан гонерчу... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *