Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2019

Новости за 26.12.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (26.12.2019)

4000 гIуда тоьхна Нохчийчохь гIашлошна, 2020 шарахь язлур ю газ, ток а, хи а (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

"Цуьнан аьшпаша къаьсттина дакъаздаьккхира лецначаьргара хьал»

Скворцов Глеб Бесланера школа закъалте эцна Iен тIемалой дарбора Песковн аьшпашца, цо талхийра берашкара а, церан дай-наношкара а, хьехархошкара а хьал, аьлла ду, Iедале рогIехь бехкбоккхуш, «Бесланан наной» комитето даржийна дIахьедар. Дукха хан йоццуш Песковс, массо а кепара медицинан а, психологин а аьттонаш латтабо бесланхошна, аьлла къамел дарца доьзна ду юкъаралло яздинарг. Бесланехь школа закъалте лаьцна латточу хенахь Песков вара хьолах йолчу информацех жоп луш. Тешаша чIагIдарехь, ХIирийчоьнан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Уггар дика йохкало смартфон ю iPhone XR

Counterpoint глобалан аналитикан компанино арахецна уггар дика йохкалучу смартфонийн рейтинг. Хьалхарчу меттехь нисйелла iPhone XR. Маситта кварталехь кхечу моделел а алсам оьцуш хилла иза. ШолгIа меттиг дIалаьцна Samsung Galaxy A10 смартфоно. КхолагIчу меттехь лаьтташ ю Samsung Galaxy A50. 4-гIа а, 5-гIа меттигаш дIалаьцнарш ю Oppo A9 а, iPhone 11 а.   Рейтингал лахахь ю Oppo A5s а, Galaxy A20 а, Oppo A5 а. Уггар дика йохалуш йолчу 10 смартфонана юкъахь тIаьххьара меттиг дIалаьцна Xiaomi Redmi 7A а, Huawei P30 а хаам бо Ферра сайто.

Radiomarsho.com 

Бусалбанийн агIо лоцуш

Волкова Алиса Ткъе цхьаалгIа бIешо доладелчхьана схьа бусалба динца доьзна Европан кхело теллинчу девнех уггаре гIарадаьлларг дара Австрерчу Садабич-Вольф Элизабетин дов. 2011-чу шарахь оцу зудчо, Мохьаммад Пайхамар педофил хилла, аьлла, маьттаза къамел динера, цунна 480 евро гIуда туьйхира Венерчу криминалан кхело. Цул тIаьхьа 7 шо даьлча, стохка, Садабич-Вольфан арз листира Страсбурго. Амма ца елира кхел атеистан агIор – бехкейира иза бусалбанашна вас ярна. «Сабидич-Вольф, цуьнан биографино гайтарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

2019-чу шарахь 1 500 000 соьмана гIуданаш тоьхна гIашлошна Нохчийчохь

2019-чу шарахь 4 000 сов гIуда тоьхна некъаца дIасалела низамаш дохийначу гIашлошна. "Нохчийчоь тахана" агенталло дийцарехь, дерриг а суьдан пурстоьпаша схьагулдинчу гIуданийн барам бу 1 500 эзар гергга сом.   Некъаца дIасалела низамаш дохораш бу коьртачу декъана, сихбелла боьлхуш бакъо йоцчу меттехь некъ хадон а, светофоран цIе чиркх летча иза тергал ца беш лела а нах.

Radiomarsho.com 

Саратова: "Британерчу вовшахтохаралло Нохчийчоь демократи ларда тIе яккха 20 000 000 доллар къастийна"

Британерчу Iедалшца йоьзна йоцчу цхьана вовшахтохаралло Нохчийчоь  демократин ларда тӀе яккха 20 000 000 доллар къастийна республикана, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас, Кадыров Рамзанан пресс-конференци дIайоьдуш. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино.   Юкъараллин жигархочо дийцарехь, цу вовшахтохаллица ша дӀасакхехьийтина кехаташ цо дIаделла республикехь къоман политикехула министр волчу Умаров Джамболате. Саратовас иштта билгалдаьккхина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Керла эцначу машенна кехаташ даха бакъо хир ю Оьрсийчохь цхьайолчу автосалонашкахь

2020-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь керлачу машенашна регистраци ян аьтто хир бу автосалонехь, ГИБДД а ца воьдуш. Цу хьокъехь болчу сацамна тIе куьг таIийна премьер-министро Медведев Дмитрийс. Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсант" газето, цу сацамна тIе а тевжаш.     Амма, дийцарехь, иза дан бакъо хир ю леррина машенна таллам бан Iамийна белхахо волчу полицин реестр юкъатоьхначу туьканахь.

Radiomarsho.com 

Коммуналан хьаштийн мехаш 2020 шарахь уггар алсам тIекхетар бу Нохчийчохь

2020-чу шарахь Товбеца беттан 1-чу дийнахь дуьйна коммуналан хьашташна мехаш тIетухур бу Оьрсийчохь. Уггар лекха хир бу уьш Нохчийчохь, хаам бо "Известия" газето Федералан антимонополин сервисна (ФАС) тIе а тевжаш.   Иштта, тIедогIучу шеран аьхка дуьйна коммуналан хьаштийн мехаш 6,5 процентана лекхара хир бу хIинца болучарел а. Ерриг Оьрсийчохь юккъерчу барамехь уьш алсамбевр бу 4%.

Radiomarsho.com 

Норильскера прокурор Гутаев чувоьллина 2 баттана

Кхаъ эцнарна шеко йолуш лаьцна Норсильск гIалан прокуроран декхарш кхочушдархо Гутаев Хаваж-Бауди чувоьллина 2-на баттана. Цунах лаьцна хаам бо Красноярскан мехкан кхелан зорбан сервисо. Норильскан гIалан суьдо талламан изоляторе хьажийна Гутаев 2020-чу шеран Чиллан-беттан 23-чу дийне кхаччалц. Цунна даьхьал  кхаъ эцарна талла долийна бехктакхаман гIуллакх. ГIуран-беттан 25-чу Iуьйранна иза лецира ФСБ-н белхахоша.   ТАСС агенталло бинчу хаамца, прокурорах шеко йолуш бу цо маситтоза кхаъ эцна хиларна. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *