Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2019

Новости за 31.12.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (31.12.2019)

25 шо ду «Керлачу Шеран тIом» хилла, Тайпанийн дов луьстуш ю ГIалгIайчоь, «Мемориална» гIуда тоьхна юха а, Мехкаршна юьхьах дIовш диттинарг (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь, Соьлж-ГIала, Тахане

Керлачу Шарна кечйинчу Соьлж-ГIала нохчийн ярташкара, гIаланашкара нах лелла ца Iа – хаало цигахь луларчу мехкашкара баьхкина хьеший а. Шахьарара таханлера сурт гойту Маршо Радион корреспондента.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь наха вовшашна герзаш деттар талла долийна

Хьалха Орджоникидзевски олуш хиллачу ГIалгайчуьрчу Соьлжа юьртахь, стаг а вуьйш, наха вовшашна герзаш деттар зуьйш бу кIоштара талламан комитетан белхахой, хаамбина оцу хьукматан пресс-гIоьнчалло. «Стаг вер», «низам а талхош, герз лелор», «цхьаъ я цул сов адам ден гIортар» олу бехктакхамаш бу талла безаш. Цкъачунна лаьцначийн яьхначу цIерашлахь ву Несар-Коьртера 36 шо долу вахархо. Иза куьг-бехке лору 43 шо долу соьлжахо Евлоев Асламбек верна. Оршоьтан буса Соьлжехь цхьанакхетта хилла шина тайпан нах – хамхой а, полонкой а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЙоьIан юьхь ягийначу студентна кхел йина Буденновскехь

Медицинан колледжерчу студентана, дIаьвше аьргалла тIе а ластийна, шеца доьшучу йоьIан юьхь ягорна 5 шо хан тоьхна. Ишта хаам баржийна и сацам бинчу Буденновскерчу кхелан пресс-гIоьнчалло. Кхузза дира лурчах аьхка и тайпа зулам Буденновскехь. Вилспетахь йоьдучу йоIанна юьхь тIе химин аьргалла туьйхира. Иза дарбан цIийне йиллира. Цул тIаьхьа кхо де даьлча 15 а, 16 а шераш долчу гIалин шина яхархочунна дуьхьал а дира изза зулам. Уьш а кхачийра лоьрашна тIе. Шо сов хан яьлча бен ца карийра зуламхо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ажигова Iайша ша тергалйийр ю аьлла ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо

Ехха лоьрийн Iуналлехь а латтийна, лазийна куьг дIа а даьккхина, Москвара даймахка юхаялийна 7 долу Ажигова Iайша ган вахана оршоьтадийнахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела. Беран ненаца а, социалан белхахошца а къамел деш мехкан куьйгалхочо дош делла йоьIан кхоллам шен тергонехь кхаба а, цунна дахарх йола аьтто бан а. «Оха дерриг а дийр ду йоI Iалашъеш, вай, даккхийнаш, декхаре эгна цунна хьалха», - аьлла Калиматовс, ша Iайшина даьхьина совгIат дIа а луш. ЙоьIан адвоката Мисалова Еленас дийцарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

«Мемориална» кхело гIуда тоьхна юха а

Адамийн бакъоларъечу дуьненаюкъарчу «Мемориал» центрна 400 эзар сом гIуда тоьхна Москварчу Тверан кхело, цо шен сайте хIоттийна «Советан пачхьалкхо тIехь террор латтийначу нехан» тептар «арахьара агент» олу билгало а йоцуш зорбане даккхарна. Оцу хьокъехь хаам бина «Мемориалан» юриста Иманова Тамилас. «Арахьара агент» олу статус Центро тIецаэцарна а, кхин а цхьацца бахьанашца а массех таIзар дина цунна кхушара кхелаша. Шен таро яцарна, юкъаралло бахархошка дехна шена тIеэгийна ахчанаш дIадала гIодар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоь Соьлж-ГIалина тIелетира 25 шо хьалха

1994 шеран ГIуран-беттан 31-чу буса тIеман кIуьрла ерзийра оьрсийн эскарша Соьлжа-ГIала. Оццу муьрехь, вела а къежаш, пачхьалкхерчу бахархошка, ирс а, машар а хуьлда шуна, бохура президента Ельцина. ТIедогIучу шарахь Нохчийчохь "меттахIуттур ду маьрша дахар", аьлла хетара цунна. Амма дацара цунна хууш, шен эскарш а эшош, толам боккхур буйла жимачу Нохчийчоьно.

Radiomarsho.com 

Юха а баркалла Путинна Кадыровгара

Оьрсийчоьнан президентан дарж карахь кхобу 20 шо кхачарца Путин Владимир Нохчийчоьнан бахархойн цIарх декъалвина мекан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Нохчийчохь дера хьийзара дуьненаюкъара терроризм, пачхьалкх йохор, хIаллакъяр яра цуьнан Iалашо. Оьрсийчоьнан кхоллам шен караэца доьналла кхечира Путин Владимиран. Иза вуно дика ларавелира оцу Iалашонца. Нохчийн Республикан хьалхарчу президентаца, Оьрсийчоьнан Турпалхочуьнца Кадыров Ахьмад-Хьаьжица цхьаьна Путин Владимира хIаллакйира терроризм, Iалашйира Оьрсийчоьнан цхьаалла. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *