Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2019

Новости за 17.12.2019

Radiomarsho.com 

"Маьттаза" йиш лекхна ши студент Соьлжа-гIаларчу колледжера дIадаьккхина

Нохчийн пачхьалкхан Татаевн цIарахчу културан а, исбаьхьаллин а колледжан ши студент, цара яьккхина видеоролик бахьана долуш доьшучуьра дIадаьккхина. "Карфаген" Телеграм-канало бина цунах хаам. Колледжан директоро куьйгяздинчу документ тIехь билгалдаьккхина ду, дешархоша Б.Мохьмада а, Т.Хьалимата а "нормативан а, бакъонан а акташ дохийна" аьлла. Хиллачух хатта "Кавказ.Реалии" портало телефонаш еттарх жоп луш стаг а вацара колледжехь. "ВКонтактерчу" "Карфагенан" паблико зорбане яьккхинера хьалхо студенташа локхуш, дIаязйина йиш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (17.12.2019)

ДаIишхойн "агIонча", Волгоградехь лаьцна нохчо, бераш цIадерзор (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь вайначух цуьнан нанна компенсаци ялар тIедожийна Европан кхело

Соьлжа-гIалахь Бадургов Хьусайн варна Iедалхой бехкехила тарло аьлла, цуьнан гергарчара чукхачийначу арзан хьокъехь кхачо йоллуш таллам ца бина аьлла, сацамбина Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ). Бадурговн нанна Дышнеева Маднятана 26 эзар евро ахча далар тIедожийна Оьрсийчоьнна. Иштта бу кхелан сайте баьккхина хаам. 25 шо долу Бадургов Хьусайн вайра Соьлжа-гIалахь 2012-чу шеран аьхка къастазчу бахьанашца. 2016-чу шарахь Страсбурган кхеле кхачийра цуьнан гергарчара бина латкъам. Стохка оцу хьокъехь хеттарш дира Оьрсийчоьне кхелахоша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Санкцеш кхайкхийна тоьпаш тохарна

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто санкцеш кхайкхийна Соьлж-ГIаларчу полицин коьртерчу Ирасханов Асланна дуьхьал, «йина кхел а йоцуш, 27 стаг верна». Иштта боху департаментан сайто.

Radiomarsho.com 

Бехк боцуш шен ваша лаьцна латтош ву Волгоградехь аьлла, Кадыровга латкъамбина Джабраиловс

Кхаьънаш оьцуш хилла аьлла, Волгоградан кIоштахь лаьцначу Нохчийчуьрчу вахархочун вашас  Джабраилов Турпал-Iелис орца доьху мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Джабраиловс бахарехь, кхо шо сов ду цуьнан ваша СИЗО-хь латтош волу. "2016-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу дийнахь Волгоградан кIоштахь лецначу нохчашлахь вара сан ваша Джабраилов Расул а. ВорхI беран да ву иза. Верриг а полисхоша дIалаьцнарг 10 вара, царлахь 6-7 нохчо хиллера", - дIахьедо Турпал-Iелас. Шен вешина прокуроро 17 шо хан ехна боху цо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

106 мигрант махкахь ваьккхина нохчийн пурстоьпаша

Карарчу шарахь Нохчийчуьрчу кхелан пурстоьпаша бакъо йоцуш махкахь хан йоккхуш хилла 106 кхечу пачхьалкхашкара вахархо араваьккхина, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Дийцарехь, доккхачу декъанна, Узбекистанера а, Таджикистанера а схьабевлла нах бу уьш. Оьрсийчоьнан дозан тIехь цара низамаш дохийна хиларна бехке а бина, оьшу кехаташ а кечдина, кеманца дIахьовсийна мигранташ. Оьрсийчоьнан низамашца, гергарчу пхеа шарахь пачхьалкха бахка бакъо яц церан.

Radiomarsho.com 

Европан кхеле бевлла гIалгIайн жигархой

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле гIалгIайн веа жигархочун цIарах латкъамбина бакъонашларъяран "Мемориал" центро. Беков Мурата а, Барахоев Илеза а, ДзейтовгIара Вахас а, Руслана а арздина нийсонца дов хаттаран а, дешан маьршонан а шайн бакъонаш ларъеш яц аьлла. Бакъонашларъяран центро бечу хаамца, Беков а, ДзейтовгIар а, Барахоев а ГIалгIайчоьнан Магасан майданахь хилла ву Заздоккху-беттан 27-чохь.  Амма Iедалхоша митинг дIаяхъян пурба ца деллийла хиъначул тIаьхьа, уьш майданара дIабахна хиллера, яздо "Мемориало". Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Эльджаркиев верца доьзна шеконашка эцна 40 стаг

ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехIим а, цуьнан ваша а вер толлучу юкъанна, талламчаша шеконашца 40 стаг билгалваьккхина, хаамбо ТАСС агенталло шайн хьосташна тIе а тевжаш. "Москварчу Басманан кхело дIалаьцна 9 стаг воцург а, лаца кхайкхийна кхин а 30. Талламчаша зуьйш ду церан бехк хилар", - аьлла, дийцина агенталле церан хьостано. Ишта ТАСС хьостано хаамбарехь, оршотан буса 11-гIа толлучу гIуллакхан фигурант лаьцна. "Оздоев Алихан ву лаьцнарг... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ФСБ-ехь белхаш бинчарна Путина дихкина кхечу пачхьалкхашка лестар

ФСБ-н хиллачу белхахошна пхеа шарахь кхечу пачхьалкхашка бахар доьхкуш омрна куьйгяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, яздо "Коммерсанто". Белхахо мукъаваьккхинчу дийнахь дуьйна лардан дезаш хила тарло низам. Карладоккху, низаман проект чуеллера "Единая Россия" партин цIарах болчу депутаташа Пискарев Ваилийс а, Валеев Эрнеста а, Хинштейн Александра а, Шхагошев Адальбис а. Кхечу пачхьалкхашкахь къайлахчу сервисашкахь белхаш беш хилларш леца а лоьцуш, царна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахарца доьзна тIеэцна ду куьйгяздина низам.

Radiomarsho.com 

Данехь дIадаьхна шайн бераш юхаделча даймахка бирзина доьзал

Данерчу берашна тIехь терго латточу хьукматаша хIусамера пхи бер дIадаьккхина хиллачу доьзалан аьтто баьлла, шайн бераш юха а дерзийна, даймахка бахка. ТАСС агенталле бина цунах лаьцна хаам оршотдийнахь доьзалан Полшерчу адвокато Ханзадян Бабкена. "И гIуллакх дIадирзи. Полшин Iедалхоша пурба дели доьзална цхьанакхета. ДомбаевгIар Москва дIахьажийна, цигара Соьлжа-гIала кхочур бу уьш", - аьлла адвокато. Дуккха а зама яра ДомбаевгIар Данехь беха, мухIажирийн статус а еллера царна. Залинин а, Артуран а пхи бер дара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ДаIишхойн могIарш дузуш хилла аьлла, бехкевина Нохчийчуьра вахархо

Шена бевзачу кегийчу нахе Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета деза шу бохуш, кхайкхамаш беш хилла Шелковск кIоштара 36 шо долу вахархо аьлла, хаамбина "Кавказский узел" агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахочо. "Шемарчу даIишхочуьнца зIенехь хилла Пайзуллаев, ишта цуьнан тIедилларца церан могIарш дузуш хилла", - аьлла полисхочо. Бехкзуламан 205.1 -чу Кодексан 1-чу артиклехь бехк кховдийначу Шелковскерчу вахархочунна пхеа шарера 15 шаре кхаччалц хан йогIу набахтехь яккха.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *