Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2019

Новости за 18.12.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (18.12.2019)

Бохийна студенташ а, дипломаташ а, Гуцериевн офисехь хьийза ФСБ а (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Мича доьду нохчийн мехкадаьтта?

Нохчийчоьнан хьелашна юкъахь а хьал лоруш ду Советан заманахь республикехь индустри кхион аьтто бина мехкадаьтта. Амма иза даккхаран тIегIа лахделла тахана 21,2 миллион тонн тIера (1971 шарахь) 74 эзар тонна тIекхаччалц (2019-чу шарахь)

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь цIе а яьлла, кхо стаг велла

Соьлжа-гIаларчу Октябрскан кIоштарчу хIусамехь яьллачу цIергахь велла кхо стаг. ТАСС агенталло даржийна цунах, регионерчу орцан министраллан информацина тIе а тевжаш. "Тхоьга хаам кхечира Октябрьскан кIоштарчу цхьана цIийнах цIе яьлла аьлла. Амма цу чохь нах бу я бац, хууш дацара билггал. ЦIе маса яйа аьтто белира, делахь а, кхо стаг велла цу чохь, бераш дац царлахь", - аьлла министраллан пресс-гIуллакххоша. Карарчу заманчохь цIе кхарстаран бахьанаш толлуш ду.

Radiomarsho.com 

Шен офисе ФСБ яр бакъ ца до Гуцериев Михаила

Гуцериев Михаилан офисех хьовсуш бу аьлла, баржийна хаам бакъ ца бина иза долахо волчу "Сафмар" группан пресс-гIуллакхоша. Хьалхо Baza Телеграм-канало яздира, ФСБ-н а, талламан комитетан а белхахоша бизнесхочун Гуцериев Михаилан офисехь талламаш беш бу аьлла. "Хаам бинчу хьосташа бахарехь, къайлахчу сервисийн белхахой баьхкина хиллера Новослободскан урамерчу бизнес-центрах хьовса шайн карахь бакъо а йолуш. Цигахь ю "Форте Инвест" компани. Гуцериев Михаилан фирма ю иза, цуьнан кIанта СаьIида куьйгалла ден", - хаамбо Телеграм-канало. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Узбекистанан латархо Нохчийчохь валарх дийцина АСА-н президенто

Соьлжа- гIалахь дIаяьхьначу ACA 100 турнирехь леттачул тIаьхьа  веллачу Узбекистанерчу латархочун Нурматов Бекзода кхалхаран бахьанех вистхилла Absolute Championship Akhmat-ан(ACA) президент Яценко Алексей. "Тасадаларш дирзинчул тIаьхьа цхьана а хIумано сагатдеш вацара иза. Цхьа хан яьлча цуьнан секундхо тIевеара, вон ду латархочунна аьлла. Лоьраш тIекхаьчча а кхетамехь вара иза. Таллам бира, тIаьхь-тIаьхьа гIора оьшуш дара цуьнан, цIийн таIам а совбаьлла гойтура. Маса дарбан хIусаме кхачийра иза, цигахь къаьстира инсульт хилла хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хангошвили вийначул тIаьхьа Германино цIа хьажийначу оьрсийн дипломатан цIе евзина

Хангошвили Зеламха вийначул тIаьхьа Германера бохийначу оьрсийн дипломатех цхьаъ ву тIеман коьртачу атташен гIовс, ГРУ-н эпсар Суцкий Евгений. Немцойн Bild таблоидо а, дуьненаюкъарчу Bellingcat тобано а юкъахь бинчу талламийн жамIехь яздина цунах лаьцна. ШолгIачу оьрсийн дипломатан цIе йоккхуш яц цкъачунна. Бакъду, ший а ГРУ-на болх беш  хиларх хьалхо яздира Suddeutsche Zeitung а,  Der Spiegel а хьосташа. Карара шо доладелчхьана Германин къайлахчу сервисаша шайн тергонехь латтош вара Суцкий. Талламбинчул тIаьхьа рапорт арахецначара яздарца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Эрмалойн геноцидах тIеэцначу резолюцина тIе ца тов Трампан администраци

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессерчу Халкъан Векалийн Кхеташоно (The United States House of Representatives) Османийн имперехь 1915-чу шарахь эрмалой хIаллакбар геноцид ю аьлла, тIеэцначу резолюцина тIе ца тайна Iамеркан президентан Трамп Дональдан администраци. Пачхьалкхан департаментехь дIахьедина, оцу заманан хиламаш "къизаллаш" яра аьлла ю шайн дог-ойла аьлла. "Администрацин позици хьалхалерра ю, - пачхьалкхан департаментан официалан векалан Ортагус Морганан дешнаш далийна "Голос Америки" зорбан портало. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шеман инфраструктура меттахIоттош $700 миллион луш ду Оьрсийчоьно

Оьрсийчоьнан тIеман а, индустрин а хеттаршкахула волчу вице-премьеро Борисов Юрийс дийцина, Шемара лаьттан туьха доккху завод юхаметта а хIоттийна, регионерчу йохка-эцархойн могIаре яккха дагахь ю Москва аьлла. ТАСС агенталлана еллачу интервьюхь цо дийцинчух яздо "Настоящее время" хьостано. "Хомсера химин комбинат меттахIоттош долийначу инвестицин контракташ кхочушдаран гурашкахь 200 миллилн долларшкахь ахча юкъадахийта лерина Кремло. Дахар а, экономика а меттахIотторехь шемахошна Iаламат мехала ю хIара гIулчаш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бесланехь лазийначарна кхечу пачхьалкхашкахь дарба деш гIо дийр ду Iедало

2004-чу шарахь Бесланехь хиллачу терактехь лазийначу нахана гIо дан Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIелаьцначул тIаьхьа "Единая Россия" партин цIарахчу хIирийн депутато Макиев Зураба пачхьалкхан думе низаман проект кховдийна. Чулацамехь ду,  школана динчу тIелатарехь лазийначарна федералан бюджетерчу ахчанах кхечу пачхьалкхехь дарбан дан бакъо ялар магийтар. Документан авторо дуьйцу, 1-чу а, 2-чу а группийн инвалидаш бисинчу нахана дозанал арахьа дарба дан стенна оьшу. Бесланерчу терактехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Эльджаркиевн гIуллакх толлуш 12-гIа стаг лаьцна шеконашца

Лаьцначу 32 шо долчу Экажеверчу вахархочуьнга хеттарш дина ГIалгIайчуьрчу "Э" Центран куьйгалхо Эльджаркиев а, цуьнан ваша а верца доьзна, хаамбина "Кавказский узел" агенталле церан хьосташа. Маршо Радионо яздира, дахначу оршотдийнахь оцу гIуллакхна тIехула лаьцна хилла Оздоев Алихан 11-гIа вара аьлла. Кхааридийнахь шина баттана иза чохь вуьтуш сацамбина Москварчу кхело, ткъа тахана лаьцна тIелатар динчаьрца хилла ву аьлла, шеконаш кхоллаелла Экажевера вахархо. "Ницкъахошна хетарехь, дуккха а шерашкахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Чернозубовхь нохчий байина аьлла шеконашца кхин а 3 лаьцна

Белгородск кIоштахь дозанхоша дIалаьцна гурахь Ростовн кIоштахь хиллачу инцидентехь герзаш деттарна бехке ву аьлла хеташ кхин а кхо стаг. Меттигерчу Талламан комитето бина цунах лаьцна хаам. Церан информацица, хьалхо кхоъ каравеанера полисхошна, кхин а виъ дуьненаюкъарчу лехамашка веллера. "Кху беттан 16-чохь Белгородскан кIоштарчу Ровеньки олучу меттигехь Украине дехьавала гIертачу заманчохь сацийна хьалхо лаца кхайкхийна хилла кхо стаг", - аьлла ду хаамехь яздина. Талламхоша дийцарехь, кху шеран... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Колледжера ши студент дIадаккхар кхечу бахьанашца ду боху куьйгалло

Нохчийн пачхьалкхан културан а, исбаьхьаллин а колледжан куьйгалло бакъ ца до, шаьш студенташ интернетехь яьржина клип бахьана долуш дIабаьхна бохург. "Чечня Сегодня" агенталле дийцина колледжан директоро Зубайраева Анжеликас хиллачух: "И шиъ доьшучуьра дIадаккхар бакъ ду, амма йиш лекхна аьлла, дIадаьккхина алар нийса дац. Колледжехь леларан низамаш дохийнера цу шиммо. Тхан устав тIехь яздина ду, колледжан территори тIехь съемка ян мегар дац аьлла. Со кхеташ яц, тхо беламе гайта гIерташ, тхан чохь... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *