Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2020

Новости за 29.01.2020

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (29.01.2020)

Умаровн мекарло, Кадыровн дIахьедар, Асадан толам, Китайн эшам (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Iамеркан 50 эскархо лазийна хилла гIажаройн ракеташа

Кху беттан 8-чохь Иракъерчу Iамеркан базашна тоьхначу тохаршкахь чевнаш йина 50 гергга эскархочунна. Пентагонехь дIахьедарца, буьйцурш бу коьртеш лазийнарш. Урхаллехь билгалдаккхарца, 30 сов тIемало шайн декхарш кхочушдан юхавеана дарбан цIийнера. Дуьххьара дIакхайкхийначу терахьел а лакхара ду хIинца бечу хаамашкахь керла дийцадаьхнарш. NBC News хьостано бахарехь, хьена а, туьтана а йина чов цхьа наггахь тIахьо бен гучуйолуш яц. Iамеркан президентан пурбанца инарла Сулеймани Касем верна дуьхьал... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Нохчийчоь. Юьхь" - Брюсселера гулам

Полшин парламентхойн Фотыга Аннин а, Вондра Александран а, Ичкерин дозанал арахь куп тоьхначу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмадан а инициативаца, Нохчийчохь тIом болийна 20 шо кхачарна лерина Брюсселерчу Европан парламентан гIишлочохь "Нохчийчоь. Юьхь" аьлла, конференци дIаяьхьна шинаридийнахь. Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна йина агресси шайн бIаьргашца гина, я оьрсийн-нохчийн тIеман а, политикан а тематикаца боьзна, гоьбевлла политикаш, яздархой, журналисташ вовшахкхеттера цигахь.

Radiomarsho.com 

Китайхь "коронавирусах" 132 стаг велла

Китайн Къоман могушалла Iалашъяран комиссин хаамашца, керла юкъаяьллачу "коронавирусан" ун даьлла 5 974 стагна, 132 ву велларг. Шеконашца дарбан хIусамашкахь толлуш ву 9 239 вахархо. Иттаннашкахь хаабелла Европан а, Къилба Iамеркан а, Азин а мехкашкахь ун хьакхаделларш. Дуьххьара "коронавирус" хааеллачу Хубэй провинцера 17 гIала дIакъевлина Iедалхоша. 11 миллион вахархо шена чохь веха Китайра Ухань гIала лоруш ю вирус эккхаран эпицентр. "Коронавирусо" лаьцначу провинцера уьдуш бу кхечу пачхьалкхашкара бахархой. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн волонтерийн проектех хьоьвсина полисхой

ГIалгIайчохь дIаяьхьначу протесташкахь дакъалацарна лецначу жигархойн гIуллакхашка хьожуш йолчу "Неотложка" цIе йолчу волонтерийн проектан декъашхочух Аушева Асинатах талламамаш бина полисхоша, яздо "МБХ медиа" хьостано. Жигархочо бахарехь, нохчашна а, гIалгIашна а юкъахь цабезам гIатторна бехке йина иза, марехь хIунда яц бохуш, хеттарш а деш. Волонтерийн проекто "экстремисташна ахчанаш латтадо" аьлла ницкъахоша. Экстремистийн юкъаралла вовшахтоьхна аьлла, бехкебен гIалгIайн оппозиционераш бу буьйцурш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

«Коронавирусах» нохчашна хетарг

Китайхь "коронавирусан" ун даржаран бахьанаш хIу хета шуна аьлла, Соьлжа-ГIалин урамашкахула чекхвелира Маршо Радион корреспондент. Бахархошна хетарг кеп-кепара нисделлехь а, дегайовхо ю церан - мехкан Iедалхоша ун шайна тIе кхочуьйтур дац аьлла.

Radiomarsho.com 

"ШайтIанаша" яздийриг тергал ма де аьлла Кадыровс

Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан коллегехь дакъалаьцначу Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана юха а дIахьедина, "эладитанаш даржориг- лоьмар 1 йолу мостагI ву" аьлла. "Муьлш бу царна и эладитанаш даржош гIо дийраш? Нохчий. Вешан регионехь кхерамзаллех а, къепех а жоп дала дезарш вай ду. И хабарш а, эладитанаш а даржош болу нах гучубаха беза", - аьлла, тIедожийна Кадыровс чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошна. Нах байна шайн аьлла, гIовгIа гIатточу наха "шайн наркоманашна тIехь терго латто еза" аьлла, хьехна куьйгалхочо.

Radiomarsho.com 

Министро мекарло йина аьлла, тешна бу бакъонашларъярхой

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна фотоколлаж йина аьлла, махкара кегийрхой дIалецар бакъ ца дина республикан зорбан министро Умаров Джамбулата. Амма "синтем байа гIерта иттех-ткъех бунтхо низамашкахь хьекъале валор" зене хир дац цо аларо тIечIагIдо, бахархой билггал лецна хилар аьлла, тешна бу "Мемориалан" кхеташонан декъашхо Орлов Олег а, "Къилбаседа Кавказан ассамблейн" президент Кутаев Руслан а, "Къизаллашна дуьхьалояран Комитетан" куьйгалхо Каляпин Игор а. "Кавказский узел" агенталло... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Депутат Саралиев: Нохчийчохь лардеш ду низамаш а, адамийн бакъонаш а

Шинаридийнахь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) кхеташонехь Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх динчу дIахьедаран хьокъехь кхачо йоллуш талламаш бийр бу шаьш аьлла, Нохчийчоьнан цIарах Думехь депутат волчу Саралиев Шамсаила. Цо бахарехь, кхеташонехь цхьана декъехь дийцина Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонашца лаьттачу хьолах. "Дукха леринчу тергонца оха толлур ду дуьйцу гIуллакхаш, Заздоккху-баттахь жоп а лур ду", - аьлла, шен телеграм-каналехь яздина Саралиевс. Депутато билгалдаьккхина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Идлибера йоккха гIала дIалаьцна Асадан эскарша

Оьрсийчоьнан авиацино гIо а деш, Шеман президентан эскарша шинаридийнахь Идлиб провинцера Маарат-эн-Нууман олу йоккха гIала дIалаьцна. Бозуш боцчу тергамчийн хаамашна тIе а тевжаш, яздо цунах лаьцна информацин агенталлаша. Шемарчу хаамийн гIирсаша а цхьана яздо, гIала схьаяккхарх а, ишта кхин а цхьа могIа ярташ караерзорах а. Идлиб провинцехь яккхий лоручех шолгIа гIала ю Маарат-эн-Нууман. Евфрат хин малхбузехь Шемарчу герзах йоьттинчу оппозицино контрол латтон тIаьххьара территори яра иза. Кху... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *