Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2020
18

Новости за 02.10.2020

Radiomarsho.com 

Шайх Ушарма кхелхинчу гIопехь

Къилбаседа Кавказан хьалхара имам хилла шайх Ушарма. 1785-1791-чу шерашкахь халкъаш паргIат дохучу гIаттаман коьртехь лаьттина Алдара схьаваьлла нохчо. 1791-чу шеран Анапа гIап южучу деношкахь йийсаре верзийна иза. Екатерина ШолгIачун омрица воьллина Шлиссельбургерчу гIопан набахти чу. Чу серло кхеташ а йоцчу чоьнехь кхаьбна пехийн лазарх кхо шо даьлча валлалц.

Radiomarsho.com 

Кадыров дохковаьлла ша лелийначунна

Гезгамашин-беттан 19-чу дийнахь Кадыров Рамзана махкарчу информацин министраца къамел деш, хьахаделира социалан машанашкахула Нохчийчоьнан куьйгалхо, цо ша ма-аллара, винчу дийнахь мехкаршца сакъоьруш гойту суьрташ. Шен дахарна юкъагIерта цхьаьнненан а яц бакъо, бохура цо – дукха хан яра из оццул халахетта ганза.

Radiomarsho.com 

Вакцинаци ян еза аьлла, махкахошка кхайкхам бина нохчийн муфтийс

Махкарчу Iедалхошца тIаьххьара хиллачу кхеташонехь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа кхайкхамбина, массаьрга а прививкаш йе аьлла. Динан урхаллан инстаграмерчу агIонехь далийна муфтин дешнаш. "Вакцинацех дерг аьлча, медицинан коьртехь болчу наха жоп луш хилча, хIара дан дезаш ду, ца дича зен хир ду бохуш а хилча, шарIо церан жоп схьа а оьций, вайна тIедожош ду. Цундела вакцинаци йе бохуш, кхайкхам бо вай!", - боху Межиевс. Хьалхо дийца даьккхира, Къилбаседа-ХIирийчоьнан пачхьалкхан медицинан академин дешархой декхаребина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Симферополехь нохчочо йиттинарг кхелхина

Симферополехь йиттина хилла меттигера вахархо кхелхина, талламчаша бехктакхаман гIуллах долийна оцу хьокъехь. Оьрсийчоьнан ГIирмерчу Талламан комитетан векало Постнова Ольгас бина и хаам. "Байначу беттан 20-чу буса Маркс Карлан урамерчу кафена гергахь къаьркъа меллачу Симферополан вахархочун а, вевзаш воцучу кхечу стеган а дов иккхинера. Вовшех летачу заманчохь меттигерчу вахархочунна буй тоьхча, галваьлла, лаьттарчу бетонах кхетта, шолгIачу дийнахь веллера иза", - дийцина Постновас. Талламчийн хаамца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь ковидах велла 21 дархо, ун даьлла кхин а 671 стагана

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 21 дархо, вирус къаьстина кхин а 671 вахархочуьнца. Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина исс дархо, Краснодаран кIоштахь пхиъ, Ставрополан махкахь виъ, ГIалмакхойчохь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана велла COVID-19 вирусах 1 674 пациент. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан махкахь- 149 стаг... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Абадиев Идрисан экстремизме къамелех дIахьедар дина ГIалгIайчоьнан прокуроро

"ГIалгIайчоьнан халкъан кхеташонан" гуламехь къаьмнашна юкъахь гамо гIаттон тарлун декъашхоша дийцинчунна тIехь талламбо мехкан прокуратурано. Церан дешнашца экстремизман билгалонаш юй хьожуш, лингвистийн талламбар тIедиллина прокуратурано, яздо "Интерфаксо". "Экстремизмана дуьхьало латторан" низам дохон могуьйтур цахиларх Абадиев Идрисе дIахьедина республикан прокуроро.   ГIалгIайн протестех лаьцна хьалхо Абадиев Идриса дина мукIарло зорбане даьккхинера. Лецначу протестийн жигархойх негативе вистхиллера иза... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Экстремистийн йозанаш даржорна хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна

Терроризм къобалйина цо аьлла, бехкевинчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Плиев Рамзанна колонехь даккха ши шой ах шой хан тоьхна. Талламчашна а, кхелана а къаьстина, 2015-чу шеран Охан-баттера 2016-чу шеран Зазадокху-батте кхаччалц Плиевс терроризм бакъйен тексташ а, экстремистийн могIаршка кхайкхамаш бен аудиош а зорбане йохуш хилла, яздо "Кавказский узел" агенталло. Ша бехкехиларна къаро йина Плиевс. Экстремистийн материалаш ю аьлла, Федералан тептаре яьхна пхи эзар сов видеоролик а, жайнеш а, брошюраш а, суьрташ а, аудиош а ю.

Radiomarsho.com 

Трамп Дональда хаам бина шена коронавирусан ун даларх

Еарин буса Трамп Дональда хаамбина, шена а, шен хIусамнанна Меланина а коронавирусан ун даьлла аьлла. Тестан жамIаш кара ма кхаьчча, шаьшиъ карантине дахана аьлла яздо Тармпа твиттерехь. "ЦХЬАНИЙ чекхдер ду тхойшиъ цунах", - яздина президенто. Хьалхо къаьстира, Трампан гIоьнчех Хикс Хоуках вирус кхеттта хилар, цул тIаьхьа Трампа а, цуьнан хIусамнанас а тесташ яйтинера. Президенто а, КIайчу цIийно а дуьйцуш дацара, инфекцин билгалонаш Трампца юйла. Президентан харжамаш тIекхача бутт биссина... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *