Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2020
18

Новости за 29.10.2020

Radiomarsho.com 

Ниццехь тIелатар дина: дийна кхо адам

Францин хаамийн гIирсаша яздарехь, Ниццехь уьрсаца динчу тIелатарехь дийна кхо адам - ши зуда а, цхьа стаг а. Iедалан векалша тIечIагIбина боцчу цхьаболчу хаамашца, тIелатар динарг ву МагIрибан мехкашкара схьабевллачу нахах.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь лецнарш дIахецар тIедожош хIоттийна пикет юкъахъяьккхина Москварчу полицино

Бакъо йоцуш Нохчийчохь лечкъийна бигина, бертаза латтон нах дIахецар тIедожош цхьаммо хIоттийна пикет юкъахъяьккхина Москварчу полисхоша. Тахана, ГIадужу-беттан 29-чохь акци дIаяхьа сацам хиллера 28 шо долчу Москварчу яхархочун Омарова Лианин.   Лубянкерчу къайлахчу сервисийн гIишлона герга йоьдуш хиллера иза, амма дуьхьалваьллачу полисхочо карара плакат схьадаьккхинера цуьнгара. "Кадыровн Нохчийчоь - Оьрсийчоьнан полигон ю" аьлла, тIеяздина хиллера цунна. Кавказ.Реалиин корреспонденте Омаровас хаамбарца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Саратова: "Шу европхой ду, я бусалбанаш ду?"

Францехь школан хьехархо Пати Самюэл Нохчийчуьрчу вахархочо вийча, пачхьалкхан президенто Макрон Эмануэла динчу дIахьедарна комментари йитинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIехIуттуш, йистхилла адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхо Саратова Хеда. "ХIинца тIекхаьчна, хIора а мила ву хуу зама. Шен амалехь, диллина, шога Кадыровс дош хазийна, шегарчу даржал а, шен дахарал а деза дерг Iалашдеш", - боху Саратовас. Бакъоларъярхо цецъюьйлу махкал а арахьара блогерш тапъаьлла Iарна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 21 пациент, ун къаьстина 886 стагаца

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 21 пациент, ун къаьстина 886 стагаца. Эпидемица къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина ковидах 6 стаг, Ставрополан махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а велла кхоккха, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а шишша, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а, Нохчийчохь а цхьацца дархо велла. Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг ву 2 135 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нийса ала дешхьалхе (префикс)

Нисло, вай нохчийн дешан префикс (дешхьалхе) йохош, нийса ца олуш. Ларло оцу гIалатех, хуьлда уьш, масала, "хьа-", "схьа-", "чу-" я "тIе-".

Radiomarsho.com 

Ниццехь тIелатар дина: вийна кхоъ

Ниццехь уьрсаца тIелетта вевзаш воцу стаг. Францин хаамийн гIирсаша яздарехь, вийна кхо стаг. Цхьаннан корта баьккхина, яздо Reuters агенталло. КуьйгакIел нисвеллачу масех стагана чевнаш йина. ТIелеттарг лаца аьтто баьлла полицин. Цкъачунна хоуьйтуш дац, мила ву зуламхо. ГIалин мэро динарг терроран тохар ду аьлла. Антитерроран прокуратурано шен тергоне эцна дина зулам талла Iалашонца. Парижехь хьехархо Пати Самюэль вийна масех де даьллачул тIаьхьа хилла ду Ниццехь дина тIелатар. 47 шо долу историн а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шина шарахь балха а ца оьхуш алапа оьцуш хилла полисхочо. Цуьнан хьаькам жоьпе озийна

Полицин полковникна дуьхьал гIуллакх долийна Адыгейхь: ши шо сов хан хилла цуьнан белхахо балха ца лелаш, амма шен-шен хенахь алапа оьцуш волу. Мехкан Талламан урхалло хаамбарца, 2018-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь балха эцна хилла вуьйцу полисхо. ХIетахь дуьйна кху шеран Марсхьокху-батте кхаччалц балхахь гучуволуш ца хилла, йа цуьнан цIахь сацар балхаца доьзна а ца хилла. Делахь а, хIора баттахь алапа яздеш хилла цунна- дерриг а цо эцнарг ду 900 эзар сом. Хьалхо хьарамлонаш лелорца бехктакхаман гIуллакх даьккхина хиллера цунна дуьхьал. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIехьа-Мартанарчу кхийсаршкахь хилла ОМОН-н эскархо лаьцна

Герзаш детташ конфликт хиллачул тIаьхьа лаьцна, стаг верна бехке ву аьлла ОМОН-н тIемало Марзабеков Шамхан. "Коммерсанто" бо и хаам шайн хьосташна тIетевжина. Билгалдаккхарехь, кху беттан 27-чохь ТIехьа-Мартанан кIоштахь СОБР-н эскархошца хиллачу кхийсаршкахь лазийначу Марзабеков Шемалан ваша ву Марзабеков Шамхан. Талламчаша сацийна ницкъахо, амма цкъачунна къаьстина дац меллалц латтор волуш ву. Талламан урхалла йоцург а, гIуллакх талла тIеозийна Къилбаседа Кавказан гонашкарчу къоман гвардин комисси а... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *