"Мемориал": 7 стаг лачкъийна Нохчийчохь. Кхоъ ву къайлахчу набахтехь латтош
Бакъоларъечу "Мемориал" центро дIахьедина Нохчийчуьрчу Чечана юьртара ворхI вахархо низам латто тIебехкинчу Iедалан ницкъаша вадийна хилар. Ши бутт гергга хьалха Соьлжа-ГIаларчу къайлахчу набахте а бигина, Iазап латтийна царна тIехь. Бакъоларъярхошкахь йолчу информацица, виъ дIахецна, ткъа кхоъ хIинца а ву набахтехь. Чечанара Мангал-беттан 29-чу дийнахь лачкъийра Абдулвагапов Мохьмад, Дакаев Мохьмад, Амерханов Iаьрби, Хататаев Ихван. ШолгIачу дийнахь вадийра Идигов Адам а, Алиев Аслан а, Бероев Адам а. Читать дальше...