Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2020
18

Новости за 15.10.2020

Radiomarsho.com 

Кадыровн векал лаьцна, Карабахехь шемахой байъина, Оьрсийчоьнан хьаькамашна санкцеш дуьхьалъяьхна

Стаг вадорна а, нуьцкъала ахчанаш дахарна а, курхаллаш лелорна а бехкевина Кадыровн хилла векал. Азербайджанан агIор эрмалошна дуьхьал тIемаш бина Шемара 50 сов йолах лаьцна салтий вийна Карабахехь. Навальныйн тIехула санкцеш тоьхна Оьрсийчоьнан Iедалхошна

Radiomarsho.com 

Навальныйна тIехула Евроберто санкцеш тоьхна Оьрсийчоьнан хьаькамашна

Оьрсийчоьнан оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш даларца доьзна Евроберто санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнан 6 хьаькамна а, цхьана организацина. Шаьш бина сацам а, санкцийн тептар а Евробертан официалан бюллетенехь зорбане даьккхина. Ву оцу тептарехь ФСБ-н директор Бортников Александр а, президентан администрацин урхалхочун хьалхара гIовс Кириенко Сергей а, президентан администрацин арахьарчу политикан департаментан урхалхо Ярин Андрей а, тIеман министраллан гIовсаш а, президентан Сибирскан федералан гонашкара векал Меняйло Сергей а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Washington Post: Карабахехь Шемара йолах веана 50 сов салтий вийна

Азербайджанан агIор эрмалошна дуьхьал тIемаш беш хилла Шемара веана мел лахара а 50 йолах лаьцна салтий вийна Ломарчу Карабахехь. Washington Post гIирсо бина цунаъ лаьцна хаам, байъинчийн гергарчара дийцарехь, яздо оьрсийн Свобода Радионо. Washington Post газетано чIагIдо, Туркойчухула Шеман къилбаседане дукха хан йоццуш Азербайджанехь вийначу 53 йолахочун декъий кхачор. Буьйцурш бу Туркойчоьно гIо латтон Шемарчу оппозицин тобанаш. ХIора баттахь ши эзар долларшкахь ахча лур ду аьллера царна Карабахерчу тIамехь дакъа лацахь бохуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIаьхьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 25 дархо. Вирус хьакхаелла 740 стагах

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 25 пациент, ун къаьстина кхин а 740 вахархочуьнца. Эпидеми дIаса ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла исс стаг, Ставрополан махкахь ялх, Краснодаран кIоштахь а, ГIалмакхойчохь а виъ-виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а цхьацца къелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах 1 863 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан махкхаь- 163 стаг... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанехь кхеле хIоттийна, кемашанца дIовше хIума тоьхна, нах байина аьлла, хаам баржийнарг

Цхьахйолчу эвлана тIехула кеманашца кхераме молханаш тоьхнера аьлла, харц лоьй а хуушехь, информаци яржийначу Дагестанерчу вахархочунна дуьхьал дов айдина. Талламчийн версица, кху шеран Охан-баттахь социалан машанашкахула аудио хаам баржийна хилла цо, Дагестнерчу Карабудахкентан кIоштарчу Губден юьртана тIехула хьоьвзинчу кеманаша цхьа хIума чухецна дIасаяржийра, оцу бахьанашца адамаш а делира, зIакардаьхний а хIаллакхилира аьлла. Хаамбина Regnum агенталло. Карабудахкентан кIоштан кхеле хьажийна гIуллакх кхин дIа талла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Коронавирус бахьана долуш комендантан сахьт юкъадаьккхина Францехь

Коронавирусан пандемин шолгIачу тулгIенца къийсам латторхьама Францехь комендантан сахьт юкъадоккхуш ду. Пачхьалкхан президенто Макрон Эммануэла дIахьедина, буса исс сахьт даьллачул тIаьхьа Iуьйранна ялх сахьт даллалц бахархошна чуьра арадовла мегар дац аьлла. COVID-19 вирус маса яьржачу Парижех а, кхин а 8 гIаланах а хьакхалуш бу тIеэцна сацам. Ю царлахь Марсель а, Лилль а, Сент-Этьен а, Руан а, Тулуза а, Гренобль а, Монпелье а, билгалдоккху "Би-би-сино". ТIедогIучу шоьтан дийнера схьа лардан дезар ду комендантан сахьт. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровн хилла векал бехкево стаг лачкъорна а, нуьцкъаша ахчанаш дахарна а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинехь хиллачу векалан Цицулаев Рамзанан гIуллакх теллина дели. Прокуратурано бехк хилар тIе а чIагIдина, гIуллакх Никулинан кхеле дIахьажийна. ТАСС агенталле бина и хаам кхелан пресс-гIуллакххоша. "Цицулаев Рамзанан гIуллакх кхеле кхаьчна, иза бехкевеш ву стаг вадорна а, нуьцкъала ахчанаш дахарна а, иштта баккхийчу барамашкахь ахчанашца курхаллаш лелорна а", - аьлла, дIахьедина пресс-гIуллакххоша. Цицулаевс шена дохку бехкаш тIе ца лоцу. Иштта, кхелан векало бахарехть... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *