"Деккъа дIа чемпион хила лаара". Нурмагомедов Хьабиб юьтуш ву латархочун карьера
Тоьлла ларалучу латархойн UFC юкъараллера дIа а волуш, шен спортан карьера йита воллу ша, элира Абу-Даберчу "Латархойн гIайри" тIехь Америкера Гейджи Дастин а эшорца шоьтан буса кхозлагIа а чемпион ваьллачу Дагестанерчу латархочо Нурмагомедов Хьабиба. Нурмагомедов "кхосаберг" ярца (вовшахтесначу шина кога легаш Iовдарца) тоьлла шолгIачу раундехь. КхозлагIа йоккхуш ю Нурмагомедовс UFC-н чемпионан титул. Цкъа а эцна воцуш, 29-0 ю цуьнан рекорд. Гейджи кхозлагIа эшна, 22-зза тоьлла UFC-хь, хаам... Читать дальше...