Саакашвили лаьцна Гуьржийчохь, дIехьедина премьер-министра Гарибашвилис
ПIераскана сарахь гуьржийн премьер-министра Гарибашвили Ираклийс дIахьедина леррина хиллачу брифингехь Гуьржийчььнан кхоалгIа президент Саакашвили Михаил Гуьржийчохь дIалаьцна МВД-но а, Пачхьалкхан кхерамазаллин сервиса цхьаьна дIаяьхьначу операцехь аьлла. Гарибашвилис дийцарехь, гуьржийн лерринчу сервисаша тидамехь латтош вара Украинера Гуьржийчу вогIуш экс-президента бе=ш болу некъ. Саакашвили Батумехь ву аьлла хаамаш баьржира пIераскана Iуьйранна. Иза иштта хилар тIечIагIдина экс-президент дIалацарца. Читать дальше...