Гуьржийчуьра экзитполаш: Саакашвилин парти 2-чу меттехь ю цкъачунна
Гуьржийчохь дIадирзина меттигерчу харжамашкахь кхажтасар – харжамийн каппаш дIачIаьгIна 20 сахьт даьлча. Коьртачу харжамийн комиссино официалан жамIаш зорбане дахале, яккхийн телекомпанеш тIаьхьакхиа гIерташ ю харжамийн жамIаш муха ду бохучунна, экзитполийн жамIашца – кхаж тесна арабовлучу харжамхошка хаттарш дина хIоттийна терахьаш, хаам бо "Новости-Грузия" сайто. Свобода Радионо бинчу хаамца, Iедалехьа йолчу "Имеди" телекомпанино бинчу талламца, Iедалехь йолу "Гуьржийн сатийсам" парти хьалхаяьлла йоьдуш ю. Читать дальше...