Тахана, ГIадужу-беттан 27-чохь 30 шо кхечи, Нохчийчохь дIабаьхьначу харжамашкахь Дудаев ЖовхIара толам баьккхина. Нурадиловн цIарахчу нохчийн театрехь дIаяьхьира хьалхарчу президентан инаугураци. Харжамашкахь дакъалецира хIетахь 458 144 харжамхочо. Официалехула бинчу хаамца, Дудаевгахьа кхаьжнаш тесира оцу дийнахь 412 671 вахархочо.
Харжамашкахь хилира цхьа могIа пачхьалкхашкара тергамчаш (Гуьржийчоь, Латви, Эстони), ишта Iедалшца йозуш йоцчу организацийн векалш а. Цара цхьабоса дIахьедира, харжамашкахь къепе йохийна яц аьлла. Читать дальше...