Макрона "геч дан мегар доцуш ду" аьлла, полицино 1961-чу шарахь Парижехь динарг
Францин президента Макрон Эммануэла геч дан мегар дац аьлла полицино динарг, 60 шо хьалха Парижехь Алжирера схьабеввллачу нехан дуьхьалонан акци къизаллица йохош. И нах баьхкинера Сен-Мишель цIе йолчу тIайна улле, Францин Iедале кхайкхам бан Алжирера тIом сацабе аьлла. Цунах лоаьцна хаам бо Свобода Радионо, "Евроньюс" телеканала тIе а ттевжаш. 1961-чу шарахь хиллачу бохамах лаьцнарг къйладахьна дара иттаннаш шерашкахь. Оцу дийнахь байъинчу нехан терахь билггала хууш дац тахана а. Официалан версица, уьш иттаннашкахь бара. Читать дальше...