Берлинехь Хангошвили верца доьзна лаьцна шолгIа стаг ФСБ-ра волчух тера ду
Берлинехь нохчо Хангошвили Зеламха верца доьзна дIахьочу талламехь вуьйцу Оьрсийчуьра шолгIа вахархо ФСБ-ца (Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисца) зIенехь хила тарло. Цо динчу дарешна тIе а тевжаш, талламчийн аьтто баьлла ФСБ-ца юкъарло долу кхин а массех стаг вовза. Царах лаххара а кхоъ ву дозанал арахьа нах байъарца доьзна шеконехь. Оцу хьокъехь ша бина таллам бовзийтина Британерчу Bellingcat тобано а, Германерчу Der Spiegel журнало а, Оьрсийчуьрчу The Insider портало а. Стохка, Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь вийра Хангошвили. Читать дальше...