Гуьржийчоьнан лазамаш. 10 шо хьалха иккхинчу конфликтан лар
Венерчу Операна гергахь гулбелира Гуьржийчохь 10 шо хьалха иккхина тIеман конфликт дагахь лаьтта гуьржий а, цаьрца цхьаьна лелларг-хилларг емалдан арабевлла нах а. Демонстранташлахь бара меттигера бахархой, Австрехь беха украинахой, нохчий, кхечу къаьмнийн векалш. Конфликтна юкъагIоьртинчу Оьрсийчоьно дакъошка яьккхина еха Гуьржийчоь тахана а, иза а, и санна йолу харцонаш а дуьнентIехула лелийта йиш яц, бохура гуламхоша.