Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2020

Новости за 08.05.2020

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъанашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейо цомгуш долчу Кисловодскерчу берана молха эца

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дуьххьара кхайкхам хьажийна Оьрсийчоьне дилх телха цамгар йолчу берана оьшучу молханца гIодар доьхуш. Кисловодскерчу кхело ах шо долчу меттигерчу Кешишянц Адина гIодан Iедалхой декхаре биннашехь, цунна оьшу деза молха "Спинраза" эца реза ца хилла Ставропол-мехкан Iедал. Европан кхело, хан яйар беранна кхераме дуйла а кхетош, листа ца даьккхина йоьIан ден-ненан арз, амма декхарейина Оьрсийчоь беранна сихонца молха хилийта. Дилхан атрофи йолуш, халчу хьолехь ю Кешишянц Ада. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

COVID-19: Кавказ; ЖIов-киллеран дареш; Алсус сагIа даьккхина

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 3 стаг, лаьцна вирус кхин а 519 стага. Блогерна Абдурахманов Тумсона тIелеттарг дарешдан волавелла ша лаьцначу Швецерчу полицина. Артиста Алсус Дагестанерчу дарбан хIусамашка сагIийна ахча хьажийна.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а массанхьачул кIезиг ду бахархошна кхочу рицкъ

Къилбаседа Кавказера ши республика, ГIалгIайчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а ю Оьрсийчохь бахархошна кхочу рицкъ уггаре лахара долчу мехкийн могIарахь шолгIачу а, кхоалгIачу а меттехь. Массанхьачул а кIезиг кара рицкъ кхочу бахархой болчу регионийн рейтинг иштта ю: Тыва - 34,7% бахархой буьсу тоъал рицкъ доцуш ГIалгIайчохь - 30,5% ГIебарта-Балкхаройчохь - 24,2% Алтайхь - 24,2% Жуьгтийн автономин махкахь - 23,9%. Оьрсийчуьрчу стистикан Росстат урхаллина тIе а тевжаш, News.ru портало бечу хаамца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шайн бараш къуьйсучу нохчийн а, гIалгIайн а наноша толамаш боху Европан адамийн бакъонашкахула кхелехь

Бераш дуьненчу девллачул тIаьхьа, уьш дехойн лоруш ду Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Цундела, дукха хьолахь, да а, нана а къаьстинчул тIаьхьа доьзал марзхошкахь буьсуш бу, иштта нанна бераш ган бакъо ца яла а тарло. Цу кепарчу ситуацехь тIаьххьара инстанци хилла дIахIуттуш ю Францерчу Страсбургера Европера адамийн бакъонашкахула кхел (ЕСПЧ), бохуш, яздина "Настоящее Время" телеканало. "Дегайовхонца еха" ХIара шиъ къаьстинчул тIаьхьа, хиллачу цIийндас йоI ца гойтучу ГIалгIайчуьрчу Губашева Асетехьа... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маьждигаш схьадиллина Бангладешехь

Стигалкъекъа-беттан 7-чу дийнахь, еарахь, схьаделла магийна ерриг а Бангладешехь ун даржарца доьзна цхьана баттахь эха баттахь къевлина латтийна маьждигаш. Дакка шахьарахь коьрта ларалуш долчу Байтул Мукъаррам маьждигна чубоьлхучара леррина дила деза куьйгаш, ларъян еза дистанци.

Radiomarsho.com 

Артиста Алсус ахча дахьийтина Дагестанерчу могашалла Iалашъечу хьукматашна

Дагестанерчу информацин агенталло бечу хаамца, махкарчу дарбан хIусамашна ахча хьажийна евзаш йолчу Оьрсийчуьрчу эшарлакхархочо Алсус. Деллачу ахчан барам бовзуьйтуш бац. Дагестанерчу дарбан хIусамашна уьнах адамаш ларден духар а, молханаш а оьцур ду Алсус динчу сагIанах. Коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабо бахарехь, 2 372 стаг ву Дагестанехь коронавирус кхетта. Товелла 391 вахархо. Велла уьнах 16. Карантинехь латтош ву Дагестанехь 3 667 стаг.

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь кхо стаг велла коронавирусах, керла дархо ву 519

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгаро дахар хадийна кхаа стеган, ун кхетта кхин а 519-нна. Коронавирусана духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, цхьацца стаг дIаваьлла Дагестанехь, Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь. Краснодар-махкара бу дийнахь-буса шайца уггаре дукха ун хааделларш – 99 стаг. И терахь лахдаларе терра довзуьйту оха хьал: Краснодар-мокх +99 керла (юхьанца дуьйна - 1732 стаг) Дагестан +96 (2468) Къилбаседа ХIирийчоь +94 (1436) ГIебарта-Балкхаройчоь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Блогерна Абдурахманов Тумсона тIелеттарг тоьшаллаш дан волавелла

Нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона тIелатарна Швецин полицино лаьцна кхобу стаг тоьшаллаш дан волавелла талламхошна. Цо чIагIдарехь, иза бехке вац – мелхо а, жIов а карахь, Абдурахманов летта цунна тIе. Оппозиционера-блогера шен YouTube-эфирехь хаийтина талламца долу хьал. Цо бахарехь, Швецин полицино довзийтина хеттамийн протоколан дакъа. Лаьцначо дийцина, шена Абдурахманов а, цунна ша а вевзаш вара дукха хенахь дуьйна, ша Абдурахмановс кхайкхина вахара иза волчу хьошалгIа, ткъа цо шена етта йолийра, аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Товбецан-беттан 1-чу дийнахь туристашна доза доьллур ду Гуьржийчоьно

Арахьарчу туристашна махка бахка некъ боьллур бу Гуьржийчоьно Товбецан-беттан 1-чу дийнахь. И хаам бина Iедалан куьйгалхочо Гахария Георгийс. Оцу дийнахь пачхьалкх дагахь ю машенийн а, кеманийн а некъаш маьршадаха, аьлла премьер-министра. "Оха некъаш доьллур ду, луларчу мехкашца долчу дозанашкахь кхерамзаллин хьал а чIагIдеш, туризман маьIнехь пайдейолчу пачхьалкхашца бертан къамелаш а деш", - аьлла Гахарияс. Министрийн кабинетан куьйгалхочо бахарехь, Тбилисехь а, Руставехь а Стигалкъекъа-беттан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

БуьритIехь кхо парад дIаяьхьна ветеранаш бехачу цIеношна хьалха

Дуьненан шолгIачу тIеман ветеранаш чохь бехачу БуьритIерчу тIекIелдинчу кхаа цIенна хьалха Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъийн Росгвардин дакъоша кегий парадаш хIиттийра пIераскан Iуьйрана. Селезнёв Иван а, Пруссакова Владимир а, Чернов Иван а вехачу цIеношна гергахь оркестро лекхира тIеман заманарчу эшарийн мукъамаш, цул тIаьхьа Росгвардин дакъош, карахь Орсийчоьнан а, Толаман а байракхаш а йолуш, чекхбевлира ветеранийн корашна хьалхахула. Дуьненан шолгIачу тIеман 112 ветеран дийна ву тахана Къилбаседа ХIирийчохь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Коронавирусан ун даржарх лаьцна Iедалан статистиках бахархой хIунда ца теша, дуьйцу Дагестанерчу лоьро

ХIинжа-ГIаларчу таравматологин а, ортопедин а республикан центран декъан куьйгалхо хилла ву Халитов Салим. "Карара Хан" телеканалана дийцира цо ша а, Дагестанера кхиболу дуккха нах а хIунда ца теша коронавирус хьакхаеллачу а, и ун кхетта беллачу а бахархойх лаьцна Iедалша официалан кепара далочу терахьех.


Дилеры в России приняли решение о снижении цен на китайский аналог «Камри»

Отопление в Москве начнут отключать 17 мая

Скучнейший матч, серия пенальти и суперфинал: «Зенит» опять не смог победить, но выбил ЦСКА из Кубка России

Приближение срока завершения действия программы льготной ипотеки с господдержкой до двух раз увеличила на нее спрос



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Захарова пожелала скорейшего выздоровления Фицо и назвала его другом России

Начался прием заявок на конкурс "Добрый спорт" Шахматы представлены в номинации "Сильный ход"

За майские праздники по трассе М12 автомобилисты проехали более миллиона раз

Московский военный округ возглавил Сергей Кузовлев

Музыкальные новости

Патриотическую акцию «Синий платочек» провели в Нижнем Новгороде в день прибытия «Поезда Победы»

Инсайты, стратегии и нетворкинг для профессионалов: 21 июня пройдет ежегодный форум «Спорт и Бизнес»

Центральная Азия под лупой. Эксперты обсудят миграционные проблемы

Пензенская область вошла в число 10 регионов, где «Пятерочка» и Российский Красный Крест запустили пилотный проект «Уголки здоровья»

Новости России

Более 60 тысяч домов в Подмосковье газифицируют в этом году

Современный дом бизнес-класса в Раменском на стадии 45% готовности

Приближение срока завершения действия программы льготной ипотеки с господдержкой до двух раз увеличила на нее спрос

За майские праздники по трассе М12 автомобилисты проехали более миллиона раз

Экология в России и мире

Новая попытка азербайджанских вандалов исламизировать армянское культурное наследие в оккупированном Шуши

Армяне России поддерживают движение «Тавуш во имя Родины»

Семьи со всего Уральского федерального округа приняли участие в конкурсе «Это у нас семейное»

"Глория Джинс" открывает первые магазины Ready! Steady! Go!

Спорт в России и мире

Теннисист Медведев не смог выйти в четвертьфинал турнира серии «Мастерс» в Риме

Свёнтек высказалась об акции протеста экоактивистов, выбежавших на корты Рима

Даниил Медведев одолел 121-ю ракетку мира Меджедовича и вышел в 1/8 финала Рима

Кто транслирует бой Табило против Джоковича на турнире Rome Masters 1000?

Moscow.media

Завершена надвижка моста в Нагатинском затоне

Столичные росгвардейцы задержали мужчин, подозреваемых в хранении наркотиков

Патриотическую акцию «Синий платочек» провели в Нижнем Новгороде в день прибытия «Поезда Победы»

Под зеленым куполом







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *